10.03.20г.
4 класс
Нохчийн литература
Тема : 1. Зайнутдинов. «К1ентан дуьхьа»
1алашо: 1. Зайнутдинов. «К1ентан дуьхьа» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а ,кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор; Даймахко лайна бала берашка д1акхачор; Даймахках дозалла кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьадуьйцу «Синтем боцу денош» дийцаран 3г1а дакъа
2.1алашо йовзийтар.
Бераш , вай тахана д1адоьшур ду «К1ентан дуьхьа» ц1е йолу дийцаран 1-ра дакъа.
4.Керла дийцар довзийтар.
А) Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 1-ра дакъа.
Б) Чулацамах къамел дар.
5.Сада1аран миноташ.
6.Бераша д1адоьшу дийцар.
7.Къастош ешар.
-Муха лоьхура Сайхана к1ант? Д1аеша и меттиг.
-К1антана вевзий Сайхан? Д1аеша.
-Стенна сагатдо Сайхана?
-Ша лазорах х1ун дагадог1у Сайханна?
8.Жам1 дар.
Муьлхачу турпалхочун ц1е евзи шуна?
-Цо х1ун дина?
Ц1ахь: Шера д1адеша«К1ентан дуьхьа» ц1е йолу дийцар
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.