03.03.20г.
Нохчийн литература
4 класс
Тема : Хь Саракаев. «Синтем боцу денош»( 1-ра дакъа)
1алашо: Хь Саракаевн «Синтем боцу денош» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а ,кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор; Даймахко лайна бала берашка д1акхачор; Даймахках дозалла кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьадуьйцу шаьш яздина дийцаршязде «Сунна дукхавеза турпалхо»
2.1алашо йовзийтар.
Бераш , вай тахана долор ду керла дакъа.Д1аеша цуьнан ц1е.
-Сийлахь –доккхачу зеран муьрехь.
-вай кху декъа т1ехь д1адоьшур ду Сийлахь Боккхачу Даймехкан т1амах лаьцна дийцарш.
3.Хьехархочун дош.
-И т1ом д1абола белла 22 июнехь 1941 шарахь,Т1ом хир бац аьлла хилла барт болуш, немцой паччахьо Гиттлера тешнабехкаца д1аболийра т1ом. Амма войн пачхьалкхера массо а къам цхьаъ санна дуьхьал г1евттира немцошна. Чог1 луьра , ирча барии и т1ом. Фашисташа къа ца хеташ х1аллакбора бераш , зударий, баккхийнах, дархой.Х1ора денахь бомбанаш еттара маьрша бахархошна т1е. Цул совнаха шаьш тоьллачу меттигашкара адамаш схь а лоьцуш д1абуьгура. Уьш «концлагершка» кхочура, цигахь 1азапехь латтабора, йуург , мериг ца гуш , чуьра СА д1адаллалац бацабора нах.
Амма массо а халкъ цхьаттерра латар бахьана долуш вайн Даймохк туьйлира,.Фашисташ эшийна аракхийсира Массо а шаьш схьалецначу нехан махкашкара а.
-Вайн махкана т1елеттарг кхин мохк къам дара, цундела рлу цунах Даймехкан т1ом. И чакхбаьлла 1945 шарахь 9 майхь.
4.Керла дийцар довзийтар.
А) Хьехархочо д1адоьшу дийцар.
Б)Чулацамах къамел дар.
-Муха хиира берашна т1ом болабеллийла?
-Муха яра адамийн яххьаш?
-Муха дара берийн дахар т1ом боллале хьалха?
-т1ом болабелча хир дуй церан иштта дахар?
-Шуна х1ун хаьа цу т1амах лаьцна?
5.Сада1аран миноташ.
6.Бераша д1адоьшу дийцар.
7.Дагахь ешар.
8.Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хии шуна урокехь? Х1ун дара шуна халахеттарг?
Ц1ахь: дийцаран хьалхара дакъа схьадийца кечам бе.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.