Тема: Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.
Оценка 4.6

Тема: Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.

Оценка 4.6
doc
02.05.2021
Тема: Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.
16-й урок Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар..doc

                                               Урок № 16                                                                                                                            

               

                 Класс – 7

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема: Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.

         1алашо: хьалха урокехь дийцаре дина берийн ловзарш, дагардарш

                          карладахар;  берашна ламаз 1аморах, школе даха кечдарах

                          лаьцна довзийтар; Далла 1амал еш, ийман, ислам долуш, къоман

                          г1иллакхехь оьзда т1аьхье кхиор.

         Урокан г1ирс: «Ламаз 1амор»

                                 «Элчано элира»

 

         Урокан некъ

 

  I.Догдаийтаран мур

 

Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,

Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.

Халкъана, махкана лелахь пебетташ,

Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.

 

                     II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Хьан дуьйцур дара аш, муха ловзу галл-г1ожмех?

- Муха ловзуш хилла г1улгех?

- Коьлаках ловзар хьанна девза шуна?

- Кхин х1ун берийн ловзарш девза шуна?

- Дийца цу ловзарийн бакъонех, оьздангаллех лаций.

 

III.   Керла тема. Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.

                                      План:

1.     Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

2.     Ламаз дар – оьзда хиларан билгало.

3.     «Ц1еналла – ах дин».

4.     Адам къинойх ц1андийриг – ламаз.

5.     Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам.

6.     Бераш школе даха кечдар.

 

          Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам бу; цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин а бух бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латтаво, цуьнан дог-ойла ц1анйо, иза къинойх ларво. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна. Делан Элчас аьлла: «Шуна хьалхахула охьадог1уш хи хилча, цу чохь дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш хир ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз  а».

                           

                            Дешнаш т1ехь болх:

 

Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам бу; цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин а бух бу.

 

IV. Урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар.

 

- Ламазах лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?

- «Ц1еналла – ах дин ду» - бохучух муха кхета шу?

- Ламазо адам къинойх ц1андарх лаьцна хьан дуьйцур дара аш?

- Х1ун кечам бо бераша а, дай-наноша а школе дахарна?

- Цу хьокъехь берийн, дай-нанойн декхарх лаьцна х1ун хаьа шуна?

 

          V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

        VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

         VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш

 

 

 


Урок № 16

Урок № 16

Шуна хьалхахула охьадог1уш хи хилча, цу чохь дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш хир ярий? –

Шуна хьалхахула охьадог1уш хи хилча, цу чохь дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш хир ярий? –
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2021