Тема: Борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.
Оценка 4.6

Тема: Борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.

Оценка 4.6
doc
22.02.2020
Тема: Борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.
5-й урок борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.doc

                                                                 Урок № 5                                                                                                                                             

                 Класс – 6

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема: Борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.

         1алашо:   берашна нохчийн х1усамехь ж1аьлин, цициган меттигах

                            лаьцна  дийцинарг карладаккхар;  борз а, цунах лаьцна халкъан

                            дийцарш  довзийтар; барзах лаьцна кицанаш, аларш,

                           туьйранаш довзийтар;  садолчу 1аламе болу безам

                            т1еч1аг1бар; къинхетаме, оьзда,

                           г1иллакхе къона т1ехье кхиор.

         Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                            «Исбаьхьа шовда»

                                            «Халкъан тидамаш, аларш, кицанаш»

 

Урокан некъ

 

I.                  Догдаийтаран мур

 

Барзах лаьцна туьйра довзийтар

 

         II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Муьлха меттиг ю нохчийн х1усамехь ж1аьлин?

- Муха дола до вай цуьнан?

- Муьлха меттиг д1алоцу вайн х1усамашкахь цициго?

- Дала х1ун декхарш т1едехкина вайна цу хьокъехь?

- Хьенан ц1ахь ду ж1аьла, цициг?

- Цицигах, ж1аьлех лаьцна дийцарш, кицанаш хьан дуьйцур дара аш?

 

II Керла тема: Борз а, цунах лаьцна халкъан дийцарш а.   (аг1о 155)

     - Борз – коьрта экха а, вайн къоман коьрта маь1не хьаьрк а хилар доьзна ду цуьнан амалшца: гуттар а, юхахьажар доцуш, мостаг1ех лата кийча хилар; нагахь шен ницкъ эшахь, къаръелла буха ца сацар; дукха хьолахь, арданге ца хьоьжуш, шен хьашташ ша кхочушдар; ткъа уггаре коьртаниг – цунна маршо езар.

         ( 155 аг1онна т1ера барзах лаьцна долчу дийцаран чулацам бовзийтар)

                            Кицанаш, аларш:

- Барзана дуьхьал борз хилий вала, цхьогална дуьхьал – цхьогал хуьлий.

- Борз когаша кхобу.

- Барзах кхоьручо – жа ца леладо.

- Барзана дарц деза.

- Берзалой яцахьара жа1уй а хир бацара.

- Барзо а накъостаца мостаг1алла ца леладо.

- Берзан г1улг юккъехула даьккхича, шина стеган барт эг1а.

- Берзан пха багийча, хьан х1ума лачкъийна стаг, и пха санна, хеба.

 

                          Дешнаш т1ехь болх:

 

Экха, амалш, арданг, жа1уй, берзан г1улг.

 

  III 1амийнарг т1еч1аг1дар

 

- Муьлха амалш ю вайна борз коьрта экха, къоман коьрта маь1не хьаьрк хилар довзуьйтуш?

- Муьлха ю берзан коьрта амал?

- Муьлха кицанаш, аларш девза шуна барзах лаьцна?

- Муьлха барзах лаьцна тешамаш хаьа шуна?

- Дуьне дохарх лаьцна дийцаран чулацам бовзийтар  (аг1о 156)

 

V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

VII.  Ц1ахь бан болх: дийцарш, кицанаш, аларш.

 

 

 

 

Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/

Директор школы:               ________/А.Р.Хусиев/

 


Урок № 5

Урок № 5

Берзан г1улг юккъехула даьккхича, шина стеган барт эг1а

Берзан г1улг юккъехула даьккхича, шина стеган барт эг1а
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
22.02.2020