Урок № 15
Класс – 9
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Чоьи, говр кечъяран г1ирсаш баран ламасташ.
1алашо: хьалха урокехь герзаш даран говзаллех лаьцна 1амийнарг
т1еч1аг1дар; чоьи, говр кечъяран г1ирсаш баран ламасташ
довзийтар; хьаналчу къинхьегамца, оьздангаллица къоман
г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор;
вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна
бовзийтар.
Урокан г1ирс: «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
«Нохчийн фольклор», газетан вырезкаш.
Урокан некъ.
I.Догдаийтаран мур
Иман долчохь барт хир бу,
Ткъа барт болчохь ирс а ду.
Хьайн сакхташ д1адахалахь,
Къахьегарца хьанала.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Герзаш даран говзаллех лаьцна х1ун дуьцур дара аш?
- Муха хилла герзаш дар хьалха заманахь?
- Муха лакхаяьлла герзаш даран говзалла тахана?
- Стенна оьшу герзаш?
- Х1ун олу вай герзаш карахь долчу нахах?
- Муха лелон мегар дац герзаш?
III . Керла тема: Чоьи, говр кечъяран г1ирсаш баран ламасташ.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Чоьэш кечдаран г1ирсаш баран ламасташ.
3. Говр кечъяран г1ирсаш баран ламасташ.
4. Говр хьалхаяларх къовсадаларш долуш кечъяр.
5. Дийцарш, кицанаш.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Хьанна гина чоа?
- Муьлхачу басахь хуьлу и?
- Стенах деш ду чоа?
- Муха кечйо говр?
- Х1ун г1ирсаш лелабо къовсадаларшна говр кечъеш?
- Хьенан ц1ахь ю говраш?
- Х1ун пайда оьцу аш говрех?
- Маца а, муха а кечйо аш говраш?
IV. Урокан жам1 дар
- Стенах лаьцна дийцира вай?
- Керла х1ун девзи шуна?
- Дика дакъалаьцнарш билгалбахар.
Ц1ахь: дийцарш, аларш, кицанаш.
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: 1амийнарг схьадийца; дийцарш, кицанаш,
аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.