Литературное чтение
Тема: «Диканиг» Гайсултанов 1.(2-г1а дакъа)
1алашо:1. Гайсултановн дахар, кхолларалла, цуьнан дийцар «Диканиг» довзийтар; нохчийн баккхийра яздархой бовзийтар, нийса а , кхеташ а дийцаран текст еша 1амор,: нохчийн литературе безам кхоллар.
Г1ирс: Яздархочун сурт.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьадуьйцу «Диканиг» дийцар
2.1алашо йовзийтар.
-Вайна тахана д1адоьшур ду «Диканиг» дийцаран 2-г1а дакъа.
3.Керла дийцар довзийтар.
Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 2- дакъа.
Чулацамах къамел дар.
-Локъмаш ян елирий к1антана?Лампина х1ун хилира? Х1ун бахьна дара милта ягарна?
-Муха хиира к1антана ц1ера г1уллакхаш дан дезаш хилар?
-Маца кхийтира Диканиг ша нийсачу новкъахь ца хиларна?
-Х1ун 1еми к1антана Лабзера?
-Аш дой ц1ахь г1уллакхаш?
5.Сада1аран миноташ.
6.Дийцар д1адоьшу бераша.
7Коьртачу маь1нех кхетор.
-Х1унда ца хиира Дикачунна г1аллакх дан?Цунна х1ун аьлла хеташ хилла?(боьршачу стеган г1уллакх дац)
-Нийса дуй иза? Стено гойту иза?(шо висча к1ентан шена дан х1ума ца хиларехь)
-Х1ун ойланаш хуьлу Дикачун ша д1авижча?
-Х1ун ду дийцаран коьрта маь1на?(Боьрша стаг т1ахаьлла…….)
8.Схьадийца кечам бар.
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийцар дийшира вай? Х1ун дара шуна хазделларг? Стенна дац шу реза?
Ц1ахь: дийцар «Диканиг» схьадийца кечам бар.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.