Урок № 2
Класс – 11
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Доьзалан корта – да. Дехой – ц1ийнан нах.
1алашо: берашна нохчийн доьзалан д1ах1оттамах лаьцна дийцинарг т1е
а ч1аг1деш, доьзалан корта да хиларх, дехой – ц1ийнан нах
хиларх лаьцна дийцаре дар;
къоман г1иллакхехь къона т1ехье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Халкъан кицанаш, аларш, дийцарш»
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Лаахь шайна адам довза,
Цуьнан г1иллакхашка хьовса.
Мах хадабай хетарехь,
Галл ма довла дахарехь
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- «Доьзал» - бохучу дешан маь1на хьан дийр дара аш?
- «Доьзал – иза шина аг1ор жоьпалла ду» - бохучух муха кхета шу?
- Бер дуьненчу даьлча, цунна ц1е тилларх лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?
- Доьзалехь ден-ненан берашца юкъаметтиг муха хила еза?
- Нохчийн доьзалан д1ах1оттам муха куьцехь хила тарло?
- «Доьзалан корта – да» - маь1на де цу дешнийн.
- Маса стаг ву шун доьзалехь?
III Керла тема: Доьзалан корта – да. Дехой – ц1ийнан нах.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Доьзалан корта – да.
3. Дехой – ц1ийнан нах.
4. Ден доьзалца йолу юкъаметтиг.
5. Дас бер кхетош-кхиорехь деш долу 1уналла, беш болу болх.
6. Дехойн – ненахойн бакъонаш.
7. Дех лаьцна аларш, кицанаш:
- Доьзал болчун хьал и боцчунна ца девза.
- Дас дуьра х1ума яахь, к1ант хьагло.
- Доьзал – ирсан дог1а.
- Дас-нанас ца 1амийна бер дахаро 1амадо.
- Да, нана – берана, бераш – шайна.
- Дедайн дош – хьекъалан шовда.
- Ден мехалла ша да хилча хаьа.
- Да дика хиларх, дика хилац к1ант.
- Да веллехь – цуьнан доттаг1 ма вицве.
- Дас к1антана тохахь – цо иза кхетаво; нанас йо1ана тохахь – цо иза талхайо.
Дешнаш т1ехь болх:
Дуьра – туьха совдаьлла;
IV 1амийнарг т1еч1аг1дар
- «Доьзалан корта – да» - бохучу дешнийн маь1на хьан дийр дара аш?
- Шуна хетарехь, х1унда бу дехой ц1ийнан нах?
- Ден доьзалца йолу юкъаметтигах лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?
- Хьаьнгахула хуьлу дукхахьолахь дас бер кхетош-кхиорехь беш болу болх?
- Дех лаьцна кхин х1ун кицанаш хаьа шуна?
V Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII Ц1ахь бан болх: кицанаш, дийцарш, аларш.
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.