Урок № 10
Класс – 8
Тема: «Элий», «лай».
1алашо: берашца тезетах лаьцна дийцинарг т1еч1аг1дар; «элий», «лай»
бохучу кхетамийн маь1на довзийтар; элашна юкъа бог1урш
муьлш бу, лай муьлш бу довзийтар; царна юкъара башхалла
йовзийтар; къоман
г1иллакхехь оьзда, къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,
Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.
Халкъана, махкана лелахь пебетташ,
Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур.
- Хьан дуьйцур дара аш тезетах лаьцна?
- До1а дар муха хуьлу? Хьан дан деза и?
- Муха хуьлу кадам бар 15 шо кхачанза болчана а, къаьчначарна а?
- Муха хила деза тезета воьдучу стеган барзахь?
III. Керла тема: «Элий», «лай».
Адамаш тайп – тайпана ду. Цхьаболчара шайн дог1машна, бахамна эшам а беш, т1ехдаьхна лелош хилла г1иллакхаш, вукхара – атта. Цуьнга хьаьжжина, х1оранна а оьздангалле а, синкхетаме а хьаьжжина, адамаш шина декъе декъалуш хилла нохчашна гарехь - нах а, лай а. И нах (божарий) кхаа декъе бекъало, шайн синкхетаме, хьекъале хьаьжжина: к1ант, стаг, къонах. Юкъараллин синкхетам лакхара болу лай а бекъало кхаа декъе; 1уьт1а, харданг ,божа. К1ант – иза юкъараллехь тарвала хьекъао дерг; стаг – низаман хьекъал дерг, ткъа къонах – к1орга хьекъал дерг лору цо. 1уьт1а – духарца а, леларца а бен воцуш, нахана х1уъу хетча а, бала а боцуш, шен дег1ан хьашташ кхочушдеш вехарг ву.
Харданг – мелхо а дахарца къаста г1ерташ а, маттана шера а хуьлу, ткъа цуьнан коьрта билгало – сутаралла. Божа цу шинах къастариг – иза гуттар а шен доцу хьекъал, шен доцу хьал ду моттийта г1ертар ду.
Дешнаш т1ехь болх:
К1ант – иза юкъараллехь тарвала хьекъао дерг; стаг – низаман хьекъал
дерг;
Къонах – к1орга хьекъал дерг лору цо.
1уьт1а – духарца а, леларца а бен воцуш, нахана х1уъу хетча а, бала а
боцуш, шен дег1ан хьашташ кхочушдеш вехарг ву.
Харданг – мелхо а дахарца къаста г1ерташ а, маттана шера а хуьлу,
ткъа цуьнан коьрта билгало – сутаралла.
Божа цу шинах къастариг – иза гуттар а шен доцу хьекъал, шен доцу
хьал ду моттийта г1ертар ду.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Оьздангалле, синкхетаме хьаьжжина масса декъе декъало адамаш?
- Муьлш бог1у нахана юкъа?
- Х1ораннах а лаций юкъара кхетам ло.
- Лай маса декъе бекъало? -
- 1уьт1а, харданг, божа – х1ун эр дара аш царах лаьцна?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.