Литературное чтение
Тема: Классал арахьара ешар «Нохчийн къоман баккхийра яздархой» декъана.
1алашо: къовсаман кепехь 1амийначу декъах хуушдерг таллар; нохчийн литературе безам кхоллар, цуьнан хазалла йовзийтар, ойлаяр кхиор.
Г1ирс: Яздархойн суьрташ, карточкаш.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
«Лайн бабанаш еш» дийцар схьадийцар.
2.1алашо йовзийтар.
Бераш, вай тахана д1ахьур бу къовсм.Суна хуур ду муьлхачу дешархочо дика 1амийна «Нохчийн къоман баккхийра яздархой» ц1е йолу дакъа .Вай кхаа тобане декъалур ду.Х1ора тобано шайна ц1е харжа еза.
4.Вовза яздархо.
(Хьехархочо д1агойту яздархочун сурт , бераша дуьйцу цо х1ун язйина.
5.Мила ву автор.
«Со хьуна кхин декар дац»
«Лайн бабанаш еш»
«Диканиг»
«Цунна х1унда хаьа дерриге»
«Ло дог1уш»
6.Хаа муьлха дешнаш дисна.
1уьйре.Даккхий чимаш долуш
.Тийна ,пврг1ат дог1у ло.
Ткъа бераш шаьш ца к1адлуш,
… …. ….
Б1аьстенан 1аламо хаздо шу , лаьмнаш,
Гуьйренан салоно тукхдо шу , ламанаш,
Мокхаза суй санна, шух ваьлла волчунна
…. …. …..
Д1р кхура т1ехь 1ош ю н1аьвра,
Цо ен г1овг1а тоьар ю;
Цуьнца къуьсуш , карзахдаьлла
…. … ….
6.Муьлхачу дийцаран яйна к1айдарг?
«И олхазар ца декаш ши к1ира а далале а , даьлча а цу стага дехха дехнера цуьнга ,декахьара бохуш.Дехха хьистира цо и массо тайпа даарш хьалха а детташ, веха вилхира иза цунна».
«Х1окху сарахь ахь мел динчо гойту хьо йорт етташ лелаш хилар.Нанна г1о деш вац хьо.»
«Цо шеен книжки т1ера суьрташ гайтира сунна .Ч1ог1а беламе дара уьш.Сайчух тера 1ад карахь, хьалахьаьвзина маара а болуш к1ант вара цу т1е виллина».
7.Хьан аьлла дешнаш.
«Х1ун дийр ду бохур х1ун ду куьйгаш доцуш ваций вайша?»(Диканиг)
«Х1окху сарахь ахь мел динчо гойту хьо йорт етташ лелаш хилар.Нанна г1о деш вац хьо.»(Лабза)
«Еша хьоьга лур ю ас книжка,1одо тешнабехк бо.(Жалаудди)
«Дада, хьажахьа х1ара зирх!Ма кхуьу сиха д1ахаийта деза х1ара?(Дадаш)
«Шу … тьфу! .. Дела стена доьлу … тьфу! Тьфу !... доьлу, крокодилаш?!»
8.Жам1 дар.
-Кхиамаш бовзийтар.Тоьллачаьрна совг1аташ дар.
Ц1ахь жима дийцар язде «сунна дукхавеза турпалхо»
Литературное чтение
Тема : Хь Саракаев. «Синтем боцу денош»( 2-г1а дакъа)
1алашо: Хь Саракаевн «Синтем боцу денош» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а , кхеташ еша 1амор
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьадуьйцу «Синтем боцу денош» дийцаран 1-ра дакъа
2.1алашо йовзийтар.
Бераш , вай тахана д1адоьшур ду «Синтем боцу денош»дийцаран 2-г1а дакъа
4.Керла дийцар довзийтар.
А) Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 2 г1а дакъа.
Б)Чулацамах къамел дар.
-Х1ун хийцамаш бира т1амо дахарехь?
-Муха кечам бора наха т1амна дуьхьал?
-Туьканашкахь х1ун хьал х1оьттинера?
-Х1унда аьлла цу хенах «Синтем боцу денош»?
5.Сада1аран миноташ.
6 Бераша д1адоьшу дийцар.
7.Къастош ешар.
-Муха хийцамаш бара ц1а чохь? Д1аеша и меттиг.
-Туьканашкахь х1ун хьал х1оьттинера? Д1аеша и меттиг.
8.Жам1 дар.
-Х1ун керланиг хиира шуна урокехь?
Ц1ахь: «Синтем боцу денош» дийцаран 2-г1а дакъа схьадийца кечам бе.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.