Тема: Комаьршалла. Саг1ийна х1ума ялар, комаьршаллин билгало.
Оценка 4.9

Тема: Комаьршалла. Саг1ийна х1ума ялар, комаьршаллин билгало.

Оценка 4.9
doc
02.05.2021
Тема:  Комаьршалла. Саг1ийна х1ума ялар,  комаьршаллин билгало.
11-й урок комаьршалла. саг1ийна х1ума ялар..doc

                                                         Урок № 11                                                                                                                                   

               

                 Класс – 7

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема:  Комаьршалла. Саг1ийна х1ума ялар,  комаьршаллин билгало.

         1алашо: къинхетамах, къизаллах лаьцна берашна дийцинарг

                          т1еч1аг1дар;  комаьршаллах юкъара кхетам балар; саг1ийна

                           х1ума ялар – комаьршаллин  билгало хилар довзийтар; оьзда,

                           комаьрша, къоман г1иллакхехь къона  т1аьхье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                  «Элчано элира…хьадисаш», «Исбаьхьа шовда»

                                  «Халкъан кицанаш, аларш», газетан вырекаш.

 

Урокан некъ

 

 

  I.Догдаийтаран мур

 

Саг1ийна еллачо

Вайн ялташ хьекъор ду.

Ахь буйнахь къуьйлучо

Кера юкъ лазор ю.

Беркатчу куьйгаца,

Комаьрша дог гойтуш,

Ва, баба, схьалолахь,

Тхо хьоьжуш ду хьуна.

 

                     II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Стенах олу къинхетам?

- Муха хила еза адамийн вовшашца йолу юкъаметтиг?

- Муха хмла еза адамийн 1аламца йолу юкъаметтиг?

- Х1ун башхалла ю къинхетамна, къизаллина юкъахь?

- Къинхетамах, къизаллех лаьцна муьлха хьадисаш девза шуна?

 

III.  Керла тема. Комаьршалла. Саг1ийна х1ума ялар,  комаьршаллин билгало.

 

         Комаьршалла – иза стеган къинхетам г1чубаларан кепех цхьаъ ю: шен дерг, буй бина, къайла ца доккхуш, цунах нахана дакъа деш хилар ду. Стеган комаьршалла уггар хьалха шен чохь а, гергарчарна а, т1аккха лулахошна а гучуйолу. Лулахошца мегаш а, цаьрца комаьрша а хилар 1аламат деза лерина вайн дайша. Комаьршаллах лаьцна Сулейманов Ахьмада аьлла: «Цу кхерчарчу ц1арочул а, хьаша вохвеш, йовхо луш, ю вайнехан комаьршалла, ду вайнехан оьзда дош.»

«Нохчийн г1иллакх-оьздангалла» - т1ера Къоьзанан-1ам кхоллабаларх дийцаран чулацам берашна бовзийтар;

«Исбаьхьа шовди» - т1ера  «диттах хьаьрчина саьрмик» дийцаран чулацам бовзийтар.

   

                       Дешнаш т1ехь болх:

 

Комаьршалла – иза стеган къинхетам г1чубаларан кепех цхьаъ ю

 

IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар

 

- Стенах олу комаьршалла?

- «Саг1ийна х1ума ялар-комаьршаллин билгало» - бохучу кхетамийн маь1нех муха кхета 

   шу?

- Уггар хьалха хьанна гучуйолу хьан комаьршалла?

- Муха кхоллабелла бах Къоьзанан 1ам?

- Саг1ийна х1ума яларан дозаллех лаьцна муха дуьйцу шуна тахна хезначу дийцар т1ехь?

- Ц1ахь дуьйций шоьга саг1ийна х1ума яларан мелах, дозаллах лаьцна?

 

       V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

        VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

         VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш

 

 

 


Урок № 1 1

Урок № 1 1

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла» - т1ера

Нохчийн г1иллакх-оьздангалла» - т1ера
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2021