Тема: Оьздангалла кхоллаялар. 2 урок
Оценка 4.7

Тема: Оьздангалла кхоллаялар. 2 урок

Оценка 4.7
doc
15.05.2021
Тема: Оьздангалла кхоллаялар. 2 урок
2-й урок Оьздангалла кхоллаялар.doc

                                                          Урок № 1    

                                                                                                                                          

                 Класс – 10

               Терахь ______

         Тема: Оьздангалла кхоллаялар.

 

         1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо  

                         йовзийтар; царна

                         стеган оьздангаллех кхетам балар; нохчийн къоман г1иллакхаш,

                         оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар; къоман

                         г1иллакхехь къона  т1ехье кхиор.

 

         Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                 «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

 

                                               Урокан некъ

          I Догдаийтаран мур

 

Нене хьожуш, г1о деш цунна,

Хилча олу: «Оьзда к1ант ву».

Иштта олу, воккхачунна,

Дег1 нисдеш, хьо хьалаг1аттахь.

 

 

         II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.

 

- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.

 

         III  Керла тема:  Оьздангалла кхоллаялар.

                                           План:

1.     Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар

2.     Оьздангалла кхоллаялар.

3.     Словарни болх:

   - Оьздангалла – иза кхечу садолчу х1уманийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш, барамаш кепаш ю. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш, «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу 1амалца, гонахарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалд1а х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика г1иллакхаш  Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен дац – бусалба дин, - ислам.  Дин – иза лаьтта т1ехь адамашна муха даха деза 1амош, Дала лаьтта диссийна дахаран-1еран дозанаш, ламасташ ду.

     Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлххачу а кхечу стагана т1ехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.

                                     Дешнаш т1ехь болх:

Оьздангалла –

Г1иллакх –

Дин -

4. Оьздангаллех лаьцна аларш, дийцарш, тидамаш, кицанаш:

- Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

- Оьзда воцу стаг, хьошалг1а веъча, дика кхаба; оьздачунна чохь ерг елча а тоьар ду.

 

         IV  1амийнарг т1еч1аг1дар

- Стенах олу оьздангалла?

- Муха кхоллаелла оьздангалла?

- «Дин» - бохучу дашах муха кхета шу?

- «Г1иллакх – динан ах ду» - дийца цуьнан маь1на.

- Х1ун башхалла ю «оьздангалла», «г1иллакх» - бохучу кхетамашна юкъахь?

- Муса Бексултановн доца дийцарш дешар.

 

         V Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

       VI Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

       VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, оьздангаллех  лаьцна кицанаш, дийцарш.

 

 

 

                    


Урок № 1

Урок № 1

Дин – иза лаьтта т1ехь адамашна муха даха деза 1амош,

Дин – иза лаьтта т1ехь адамашна муха даха деза 1амош,
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.05.2021