Урок № 11
Класс – 11
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Оьздангаллехь заманца хийцалург а, хийцадала йиш йоцург а.
1алашо: берашца керлачу заманах а, оьздангаллах а лаьцна дийцинарг
т1еч1аг1дар; оьздангаллехь заманца хийцалург а, хийцадала
йиш йоцург а довзийтар; вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин
барамш дешархошна
бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
Урокан некъ.
I. Догдаийтаран мур
Зама – и кхо де ду боху: Дерзалур дац иза юха.
Селхана, тахана, кхана. Тахана – хьан карахь дерг ду.
Селхана даьлла д1адахна, Ткъа кхана хаац, хьо хир вуй.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Кху т1аьхьарчу шарахь вайн прессо (телевидени, газеташ) коьртачу декъана
дийцаре деш дерг х1ун ду?
- Муьлхарш ду т1аьхьарчу заманахь гучудевлла вон г1иллакхаш?
- Муьлха г1иллакхаш юкъадаьхча, бег1ийла хир дара аьлла хетта шуна?
- Х1ун вуон г1иллакхаш юкъара д1адаха деза вай?
III. Керла тема: Керла зама а, оьздангалла а.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Оьздангаллехь заманца хийцалург (духар, мотт, юкъаметтигаш, куц-кеп)
3. Оьздангаллехь заманца хийцадала йиш йоцург (оьздангаллин чулацам)
4. Г1иллакхийн хазна.
- Стеган оьздангалла, г1иллакх дуккха а хьелашца кхоллалуш ду.
- Стеган оьздангалла цхьана хазчу дахарх кхоллалуш яц. Оьздангалла стеган сица, дег1аца, олучу дашца, боккхучу когаца массо а ханна шеца хила езаш ю.
- Стаг ша шен мах хадо бакъо йолуш вац. Халкъо хадор бу стеган мах цуьнан г1иллакхашка, г1уллакхашка, хьуьнаршка хьаьжжина.
- Г1иллакхах вохий экханах ма тарлолахь; стогаллах вохий хьайбанах ма тарлолахь.
IV . 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Оьздангаллехь заманца хийцалург х1ун ю?
- Заманца оьздангаллехь хийцаяла йиш йоцург х1ун ю?
- Муха кхоллалуш ю стеган оьздангалла?
- Муха хадабо стеган мах халкъо?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: аг1о 269-275.
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.