Тема: Сий - стеган дикачу г1уллакхийн жам1.
Оценка 4.6

Тема: Сий - стеган дикачу г1уллакхийн жам1.

Оценка 4.6
doc
02.05.2021
Тема: Сий  -  стеган дикачу г1уллакхийн жам1.
15-й урок Сий-стеган дикачу г1уллакхийн жам1.doc

                                                          Урок № 4                                                                                                                                           

               

                 Класс – 7

               Терахь ______

              Хьехархо:

 

         Тема: Сий  -  стеган дикачу г1уллакхийн жам1.

1алашо: «сий» - бохучу дешан маь1на довзийтар т1е а ч1аг1деш; сий –

                стеган  дикачу г1уллакхийн жам1 хилар довзийтар; нохчийн

                къоман г1иллакхаш,  оьздангаллин барамаш дешархошна

                бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона 

                          т1ехье кхиор.

Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                 «Г1иллакхийн хазна  -  ирсан некъаш»

 

 Урокан некъ

 

I.                  Догдаийтаран мур

 

Дикчу нахах лаьцна доцца  дийцар

 

             II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Вайн къоман оьздангаллин мехаллехь угаре а коьртаниг х1ун ду?

- Стенах олу «сий»?

- Стеган сий дайа г1ортар муха лерина нохчаша?

- «Сий – ахчанал а деза ду» - бохучу кицанан маь1на хьан дийр дара аш?

- Даладе де вайн дахарера масалш стеган сий дарх лаьцна долу.

 

III Керла тема: Сий  -  стеган дикачу г1уллакхийн жам1.

 

    - Стага ша кхуллу шен сий. «Со ву х1ара» - бохуш, некха уьн т1е буй беттарх хуьлуш вац дика къонах. Г1иллакхах, оьздангаллех, лела хаарх, комаьршаллах, бакъ хиларх, адамашана дика болх лаарх, дечу г1уллакхах билгалволу дика къонах. Иштта кхоллало  стеган сий.

       Дуьненчохь адамал сийлахь х1ума дац. Дуьне адамийн дуьхьа кхоьллина ду. Адам дуьненчохь мел долчу х1уманан эла ду. Адамашлахь диканаш а хуьлу, вонаш а хуьлу. Дикачун мах хадалур бац; вочун мах бан а бац.

    Вахарехь муьлххачу а стеган аьтто бу, шен хьуьнар, доьналла а гучудаккха а, сийлаллин дарже кхача а.

    Стаг сийлахьчу дарже кхачаво хьуьнарой, хьекъалой, къинхьегамой.

    Стага ша кхоьллинарг ду шен сий. Стага ша хаддийнарг бу цуьнан мах.

    Стаг сийлахьчу даржехь хир вац, нагахь санна сийлахь г1уллакхаш дина иза вацахь.

 

                                  Дешнаш т1ехь болх:

Некха ун, комаьршалла, хьуьнар, дарж

 

I V.  1амийнарг т1еч1аг1дар

- Муха билгалволу дика къонаха?

- Дикачун, вочун сийлаллин мах муха хадор бара аш?

- Муьлхачу г1уллакхаша кхачаво стаг сийлаллин дарже?

- Маца хир вац стаг сийлаллин даржехь?

- «Сий – стеган дикачу г1уллакхин жам1» - бохучу дешнийн маь1нах муха кхета шу?

- Даладе цунах лаьцна вайн дахарера масалш.

 

V.  Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

VI.  Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, кицанаш, аларш.

 

 

 


Урок № 4

Урок № 4

Дешнаш т1ехь болх: Некха ун, комаьршалла, хьуьнар, дарж

Дешнаш т1ехь болх: Некха ун, комаьршалла, хьуьнар, дарж
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
02.05.2021