Урок № 6
Класс – 7
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Собар – иза хиллачух нийса кхета а, сихаллехь сацавала а хаар ду.
1алашо: собар – бохучу кхетаман маь1на т1еч1аг1дар; «собар – иза
хиллачух нийса кхета а, сихаллехь сацавала а хаар ду» - бохург
дийцаре дар;
нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна
бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: : «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,
«Г1иллакхийн хазна - ирсан некъаш»
«Элчано элира…313 хьадис»
Урокан некъ
I.Догдаийтаран мур
Сихалло а са даьккхина,
Собаро баьккхина лам.
Оьг1ахалла сов яьккхина
Сихаллийна ма бе там.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Муха кхета шу «собар» - бохучу кхетаман маь1нех?
- Стенах олу собар?
- Таймин Биболатан собарх лаьцна х1ун эр дара аш?
- Заьндакъарчу Г1еза-Хьаьжин собаран барамах лаьцна хьан дуьйцур дара аш?
- Шайн ваша вийначу вежарийн собар, цара лелийначу г1иллакхах лаьцна х1ун эр дара аш?
- Собарх лаьцна муьлха кицанаш девза шуна?
III. Керла тема: Собар – иза хиллачух нийса кхета а, сихаллехь
сацавала а хаар ду.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Собар – иза хиллачух нийса кхета а, сихаллехь сацавала а хаар ду.
3. Собар ца тоьъначу стагах лаьцна дийцар (31)
4. Хьадисаш: Элчано элира…(д.с.м.)
5. Кицанаш, аларш, дийцарш.
Ирс долуш ву, диканиг т1едеачи Далла хастама беш, вониг т1едеачи, собар а деш, са тухуш волу стаг; цунна Делера даима а ял ю.
- Собаре, майра стаг 1ожалла герга х1оьттича, х1умма а воьхна хир вац.
- Сих ца луш, меллаша, некъ бинарг, г1ел ца луш д1акхочур ву. Сих ца луш кечам бинарг шен 1алашоне кхуьур ву.
- Хьо дикка ч1ог1а оьг1азваханчу хенахь, сих а лой, собар доцуш, х1ума ма делахь, оьг1азваханчу хенахь хьекъал доду хьуна.
- Стагехь собар хилар – иза кхетам болуш хилар ду.
- Собар дан къонахалла йолчу стагехь толам баккха къонахалла а хир ю.
- Оьг1азла эшор – хьалхара толам бу; собар – шолг1а толам бу; ойла еш хьекъалца динарг – кхозлаг1а толам бу. Уьш къонахчун г1иллакхаш ду
Дешнаш т1ехь болх:
Делера ял – мел;
Къонах -
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Хьан кхетамца муьлха ву собаре стаг?
- Собар ца тоьъначу стага динчу зенах лаьцна х1ун эр дара аш дийцарх пайда а оьцуш?
- Муьлха кицанаш, аларш хаьа шуна собарх лаьцна?
- Заьндакъарчу Г1еза-Хьаьжас динчу собарх лаьцна хьан дуьйцур дара аш?
- Дийцийша цхьадолу къонахчун г1иллакхаш – хьалхара, шолг1а…толамах лаьцна.
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: собарх лаьцна дийцарш, кицанаш, аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.