Урок № 16
Класс – 9
Тема: Стага ша шеха жоп дала дезар.
1алашо: хьалха урокехь чоьи, говр кечъяран г1ирсаш баран ламастех
лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар; стага ша шеха жоп дала
дезар, диканехь а, вуонехь а дакъалаца дезар довзийтар;
хьаналчу къинхьегамца, оьздангаллица къоман г1иллакхехь
къона т1аьхье кхиор; вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин
барамаш дешархошна бовзийтар.
Урокан г1ирс: «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
«Нохчийн фольклор», газетан вырезкаш.
«Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
Урокан некъ.
I.Догдаийтаран мур
Ирс ду-кха къастадахь вон-дика вовошех,
Дуьненан хьийзарехь кура ца волуш,
Гора я1, дахар вайн, доца ду, доца,
Д1адоьду, сихаллехь, вай вовшех дохуш.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Хьанна гина чоа?
- Муьлхачу басахь хуьлу и?
- Стенах деш ду чоа?
- Муха кечйо говр?
- Х1ун г1ирсаш лелабо къовсадаларшна говр кечъеш?
- Хьенан ц1ахь ю говраш?
- Х1ун пайда оьцу аш говрех?
- Маца а, муха а кечйо аш говраш?
III. Керла тема: Стага ша шеха жоп дала дезар.
Беран пхийтта шо кхаьчча, и баккхийчеран дарже волу, воккхачун доллу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку. Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а: пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а, лелочух а жоп дала деза Далла хьалха. Пхийтта шо кхаччалц дай – наний дара шайн доьзалхочух Далла хьалха жоп дала дезаш, цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоьпалле верг. Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а, цунна Далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иштта саг1а доккхучохь гулбеллачу 1еламнаха, юкъараллехь сий-ларам болчу баккхийчара, довзуьйту пхийтта шо кхаьчначунна т1едужу декхарш.
Дешнаш т1ехь болх:
Юкъ йоьхку –
Жоьпалла –
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Стеган 15 шо кхачар билгалдаккхар муха хилла хьалха заманахь нохчийн
х1усамашкахь?
- Стеган 15 шо кхачарца бералла д1аерзарх лаьцна х1ун эр дара аш?
- Стагана диканехь а, вуонехь а дакъалацар маца дуьйна т1едужу, муха
лело а деза и?
- Х1ун 1алашо ю дас, нанас и билгалдаккхарца кхочушъеш?
- Хьан, муха а 1амо веза жима стаг диканехь, вуонехь а дакъа лаца?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: дийцарш, кицанаш, аларш, тидамаш
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.