Тема: Стеган дахар а, оьздангаллин мах а.

  • doc
  • 15.05.2021
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 2-й урок стеган дахар а, оьздангаллин мах а.doc

                                                             Урок № 2   

                                                                                                                                          

                 Класс – 10

               Терахь ______

              Хьехархо:

                        

          Тема: Стеган дахар а, оьздангаллин мах а.

1алашо: берашца нохчийн доьзалан д1ах1оттамах лаьцна т1е а

               ч1аг1деш; стеган дахар а, оьздангаллин мах а бовзийтар;

               нохчийн къоман г1иллакхаш,

               оздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар; къоман

              г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор а.

Урокан г1ирс: « Нохчийн г1иллакх-оьздангалла».

                                   «Элчано элира-313 хьадис».

 

                                                        Урокан некъ

I.                  Догдаийтаран мур

  

 Лаахь шайна адам довза,

Цуьнан г1иллакхашка хьовса.

Мах хадабай хетарехь,

Галл ма довла дахарехь

 

   II.  Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур

 

- Стенах олу оьздангалла?

- Муха кхоллаелла оьздангалла?

- «Дин» - бохучу дашах муха кхета шу?

- «Г1иллакх – динан ах ду» - дийца цуьнан маь1на.

- Х1ун башхалла ю «оьздангалла», «г1иллакх» - бохучу кхетамашна юкъахь?

- Муса Бексултановн доца дийцарш дешар.

 

III Керла тема: Стеган дахар а, оьздангаллин мах а.

                                               План.

1 Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.

2  Г1иллакхашка хьаьжжина стеган мах хадор.

3 Оьздангаллин бехкамаша стаг ч1аг1вина латтор.

4 Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь д1айоьду и дика ц1е хилар.

5 Оьздангалла халкъ шех лаьттачу х1ора стеган шен-шен хуьлу.

6 Г1иллакхаш довзийтарх ца тоьа, уьш лелош ца хилча.

7 Нохчийн къомана шен дахаран маь1на г1иллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.

8 Кицанаш, хьадисаш:

         - Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац.

         - Г1иллакхо лех эла вина, г1иллакх ца хиларо элах лай вина.

     - Оьзда волчу стагаца дов хилар г1оле ю, осалчу стагаца гергарло хуьлучул.

     - Оьзда воцу стаг, хьошалг1а веъча, дика кхаба; оьздачунна чохь ерг елча а тоьар  

        ду.

 

                                          Дешнаш т1ехь болх:

Дарж –

Осала стаг –

Оьздангаллин бехкамаш -

 

 IV 1амийнарг т1еч1аг1дар

- Муха хадабо халкъалахь стеган мах?

- Нахалахь д1айоьду дика ц1е муха кхоллалуш хилла?

- Цхьана стеган дахаре, г1иллакхе хьаьжжина, дерриге къомана ц1е тиллар нийса дуй?

- Мичара д1айолало стеган оьздангалла?

- Х1ун бахьана хилла стаг шегара цхьа ледарло яларх ларваларан?

- Муьлхачу стагана т1ехь бу оьздангаллин бехкамаш?

    

       V Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

       VI Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

       VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, стеган дахарх  лаьцна кицанаш, дийцарш.