Урок № 13
Класс – 6
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Вайн заманан дезденош.
1алашо: хьун а, хьуьнан дахарх а лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар; вайн
заманан дезденош дийцаре дар;
нохчийн къоман г1иллакхаш, оьздангаллин
барамаш дешархошна бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона
т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Халкъан дийцарш, кицанаш»
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Стиглахь малх хьоьжу,
Вайн Делан ни1мат ду.
Охане нох хьоьжу.
Горв, стерчий кийча ду.
Саг1ийна еллачо
Вайн ялташ хьекъор ду.
Ахь буйнахь къуьйлучо
Кера юкъ лазор ю.
Беркатчу куьйгаца,
Комаьрша дог гойтуш,
Ва, баба, схьалолахь,
Тхо хьоьжуш ду хьуна.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Х1унда къайладоккхуш хилла хьуьнха воьдучу стага диг?
- Муха охьатухуш хилла стага дитт?
- Муьлхачу дитташца лелош хилла ч1ог1а лерамаш?
- Дийца, х1инца муха лерам бо вайнаха хьуьнан.
III. Керла тема: Вайн заманан дезденош.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Марха лоцу а, досту а денош.
3. Г1урбанан денош.
4. Зударийн деза де.
5. Нанойн дезденош.
6. Нохчийн меттан де.
7. Хьалхара, т1аьхьара горгали.
8. Аларш, дийцарш, кицанаш.
Дешнаш т1ехь болх:
Горгали - звонок.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Муьлха вайн заманан дезденош девза шуна?
- Муха даздо вай марха досту а, лоцу а денош?
- Маца дуьйна даздан долийна вай нохчийн меттан де?
- Дешаран шо д1адолалуш х1ун дезде хуьлу вайн?
- Ткъа дешаран шо чекхдолуш?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: кицанаш, аларш, хьадисаш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.