Урок № 13
Класс – 8
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Нохчийн къоман духарш.
1алашо: хьалха заманахь нохчаша кечбеш хилла кхачанах лаьцна
довзуьйтуш, дезчу дийнан кхачанех а, х1ора дийнан кхачанех а
лаьцна дийцаре динарг
т1еч1аг1дар; нохчийн къоман духарех лаьцна дийцаре дар;
нохчийн къоме болу безам т1еч1аг1бар; цуьнан оьзда
г1иллакхаш диц а ца
деш, къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
«Духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха»- кица дийцаре дар.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур.
- Муьлха нохчийн къоман хьалхалера кхачанаш бевза шуна?
- Керла шо долалуш х1ун кхачанаш кечбеш хилла нохчаша?
- Муьлхарш бу дезчу денна кечбен кхачанаш?
- Денна кечбен кхачанех лаьцна х1ун эр дара аш?
- Хьешана муха кхача кечбо вай?
III . Керла тема: Нохчийн къоман духарш.
Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. Духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла. Духар уггар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лелон куй масех тайпана хилла: холхозан куй – диканехь вуонехь туьллуш берг, кхакханан болх беш, я кертахь вог1-воьдуш лелош ; б1ег1иган куй - аьхка мангал хьокхуш, я кхитайпа болх беш.
Шен лаамехь, дехар деш, стага коьртара куй баккхар – иза шен бехкана къера хилар ду оцу дехарна, цхьа аьтто белахь, жоп дала дезар а ду. Ткъа, зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.
Дешнаш т1ехь болх:
Унахц1еналла –
Къера хилар –
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Х1ун дуьйцур дара аш нохчийн къоман духарех лаьцна?
- Боьршачу стеган духар муха хилла хьалха заманахь?
- Зудчо коьртара дехарш деш йовлакх д1адаккхарх лаьцна х1ун эр дара аш?
- Муха хила еза стеган шен дег1аца, духарца йолу юкъаметтигаш.
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, дийцарш, аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.