урок

  • Работа в классе
  • Рабочие тетради
  • Разработки уроков
  • docx
  • 26.03.2018
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Цхьа а шеко йоцуш, массо а къам Дала кхоьллина ду. Царах х1ораннан шен-шен истори а хуьлу. Амма и истори йинарш, къоман хилларг д1а ца долуьйтуш латтийнарш, иза кху дийне кхачийнарш, цхьаьннан а шеко йоцуш, массо хенахьа х1ора заманан тешаме г1аролаш хилла лаьттина болу турпалхой бу.
Иконка файла материала Документ Microsoft Office Word (8).docx
Урокан ц1е: «Майра к1ант Сулима» туьйра. Къиза Содий, майра к1ант Сулимий. Церан васташ а, амалш а. 1алашо: Хьаналчу къинхьегаман маь1на гайтар а, хьоладайн писалла а, ямартло а гайтар. Адамийн деган дикаллий,оьздангаллий, къинхетаме хиларий къастор. Г1иллакх-оьздангалла кхиор. Урок д1аяхьар. 1.Ойла т1еерзор. 2. Ц1ахь бина болх таллар. А) Кицанаш, х1етал-металш дешар. - Стенах олу кица? Стенах лаьцна хуьлу кицанаш? Х1етал- металш? Б) Шайна хазахета кицанаш дийцар. 3. Б. Саидовх лаьцна дешар - Муха хилла кхоламан некъ? - Стенах лаьцна яздо цо? - Муьлха произведенеш арахецна цо? 4. «Майра к1ант Сулима» дешар - Стенах лаьцна дара туьйра? 5. Дешнаш т1ехь болх Шахьар, сонта 6. Дешархошка туьйранан кийсак дешитар - Муха к1ант хилла Сулима? - Муха болх беш хилла цо? - Муха хилла Сода? - Цаьршинна юкъахь х1ун башхаллаш ю? - Стенга хьажл ойла хилла Содин Сулима? Х1унда?7. Юкъара дешар. 1аеша Содин,Сулимин юкъара къамел долу меттиг. 8. Рефлекси Ц1.б. 1-2 г1а дакъа дешар