Нохчийн мотт - 5 класс.
Тема: Дешнийн маь1наш
1алашо: 1)Дош цхьа маь1на долуш, массех маь1на долуш хилар гайтар;
2)Нийсачу маь1нехь, тардинчу маь1нех а лелар, уьш вовшех къасто хаар.
Урок д1аяхьар:
1.Урокан болх д1ах1оттор.
Предложенеш таллар:
Уьйт1ахь кепа тоьхна докъар дара.
Кепахь кибирчаг яра поппарха йина.
Йо1а дашо куьйгаш дара.
К1ента пхаьрсахь дашо сахьт дара.
Дешнийн маь1наш къастор, таллар.
2. Керла тема йовзийтар.
Хьехархочун довзийтаран къамел:
Х1ора дешан вайн ма- хаъара шеен- шеен маь1на ду. Йохар ю вай гонаха йолчу х1уманийн ц1ераш:парта, къолам, стол, ручка, тетрадь, сурт, г1ант, у, книга, кор, не1, лампа.
Дешархоша х1орана дешан маь1на дуьйцу.
2. 1амийнарг карладаккхар:
1) Дешархоша у т1ехь болх бар - 192-г1а шардар.
2) шина б1ог1амалге декъа х1ара дешнаш- цхьана маь1неш лелаш дерш: массех маь1нехь лелаш дерш а.
Латта, берд, лом, стигал, зезаг, куз, бел, беш, хи, ворда, пондар, бер, ваша, х1орд, хьоза, маара, класс.
3.Дешнашна т1ехь болх:
- Стенах олу аз? Масалш даладо дешархоша, шаьш олучу дешнашна юкъара аьзнаш билгалдохуш.
3)Х1окху дешнийн хийца муьлхха а цхьа аз: ког, берд, урам, ц1а, эса, поп, сара, м1ара, дума, г1аш.
- Мукъа масса элп ду оьрсийн маттахь?
- Нохчийн маттахь сов х1унда нисло уьш?
4) Дешнийн диктант: 1илма, дошам, орам, хьаьрк, т1адам, уьйриг, мукъа, элп, оьпа, аьрзу. - Маь1на билгала даккха.
5.Дозуш долу къамел кхиор: «Даймохк- мерза стом»-4-5 предложени х1оттор.
6.Урокан жам1 дар.
7.Ц1ахь банболх: &38 - бакъонаш. 195 шардар.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.