Дешаран урок
Урокан ц1е: аз а, элп а Я я (Я)
1алашонаш:
1.Аз а , элп а Я довзийтар, элп Я шиъ аз долуш хилар д1акхачор , элп Я юкъадог1у дешнаш деша 1амор .
2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, вовшаша дуьйцачуьнга ладог1а 1амор.Ойлаяр кхиор
3.Болх бан лууш дешархой кхиор..
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Х1етал-металш
Пеша т1ехь со хуьлу,
Юург кеч а йо.
Беха т1ама хуьлу,
Куьг ца дагадо. (Ялг1у)
Хьоьхуш вац, доьшуш вац,
виллина йоза яздеш ву? (Яздархо)
Лекха ю уьш - дитташ дац,
Баьццара а ю - нитташ бац? (Яраш)
Горга ю уьш, к1айн а ю,
Коьртан куьзганаш уьш ду? (Яххьаш)
Пеш а, трактор латайо,
Юкъ я к1ур хуьлий, д1айов? (Ягориг)
3.1алашо йовзийтар.
Стенах тера ду элп?
Д1ахьовсийша, доттаг1ий,
Олхазаршна ц1а асюди.
Ц1а чу хьозан меттана
Я элп т1ома деана.
Довза аз
Бабас боьха лелаш долчу берана х1ун олу? («Ай-яй-яй»)
-Х1ун 1емар ду вайна урокехь?
А) Аз а , элп а Я довзийтар.
-Х1ара х1ун ю ?(Яй)
-Яй дашехь муьлха аз хеза дуьххьара?(й)
- Аз (й) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос бу схеми т1ехь?
-Шолг1а?(А)
-(А) мукъа ду, я мукъаза ду?Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь?
-Кхоалг1а? (Й)
-(Й) мукъа ду, я мукъаза ду?Х1ун бос бу цуьнан?
-Схеме хьовса. Маса аз ду яй дашехь? Элп?
-Х1унда ду кхоъ аз?
-Даладе элп я дашна юьххьехь долу дешнаш?
-Х1ара зорбанан доккха элп Я ду, х1ара зорбанан жима элп я ду.
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо д1агойтуэлп Я , х1ора элпана улло мукъаза элпаш дохкуш д1адоьшуьйту.
ЯЯЯЛЛЛ
ЯЯЯХЬХЬ
ЯЯЯСССС
ЯЯЯХХХ
ЯЯЯЗЗЗ
ЯЯЯННН
-Д1адеша дешдакъош книги т1ера.
В)Дешнаш дешар.
5.Сада1аран миноташ.
Зезаг долу-уш самадели,
Тохадели, меттахдели.
Мохо патарш лестадо,
Г1ийла зезаг техкадо.
Малх схьакхийти, айбели,
Бода лоллуш, серло ели.
Полла г1оттуш, т1емабели,
Т1емашлестош, лакхабели.
(Байташт1ехь дуьйцург кхочушдо бераша: голашт1е хевшина 1а, кортош охьа а дахийтина, б1аьргаш хьекхош, самадовлу, меттахъхьоь, зезаг санна, леста, техка и. д1. кх.)
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А) Дийцар х1оттор
-Х1ара х1ун ю?(КхА)
_Х1ун кхуьу кха т1ехь?(к1а)
-Муьлш баьхкина кха т1е?
-Х1ун ю Яраг1игахь?(Марс)
-Яхигахь?
-И шиъ х1ун деш ду?(к1а хьокхуш)
-Х1ун йо к1анах?
-Кхаллар д1акхийса мегар дуй?
Б)Дийцар дешар.
-Хьан схьадуьйцур дара дийцар?
В)Байт ешар.
Г)Дош караде, схьагулде.
-ОР,Ала,бад, кад, бат,мор, мел, ела.
В) Тобанашкахь болх.
1.Х1етал – металш.
2.дайна элп схьакараде.
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.