Чеченская литература.

  • docx
  • 01.03.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 1. Вайн школа школе воьдуш .docx

                                           Дешаран урок №1

 

Урокан ц1е: Вайн  школа .Школе воьдуш.

1алашо:

Предметни: школа а, цуьнан  чохь дерг, гонахахь дерг довзийтар, школе   

                         воьдуш  некъан  бакъонех кхетор

Метопредметни: шена хетарг схьадийца хаар кхиор,  суьрта т1ехь далийначу

                         1аламан тидам барца,  шен накъосташна шена гуш дерг , хеташ

                         дерг д1адийца хаар кхиор.

Личностни:  шен  накъостех эвала хаар  кхиор, деша лаар кхиор.

 

                                                            Урок д1аяхьар.

1.Маршаллла  хаттар.

-Бераш, шу маьрша дог1ийла! Шун  тахана деза де ду, шу школе  деша даьхкина.Со шун хьехархо ю. Сан ц1е …..ю.

2.Мативационни дакъа.

-Шун стоьлаш  т1ехь  хаза книгаш ю. Царех  1аматаш олу. Цара шуна г1о дийр ду  еша 1амо, язъян.Цу т1ехь ду тайп- тайпана  суьрташ, ловзарш. Схьаеллий хьовса вай цуьнга? 1аматан аг1онаш д1атухуш хьовсал шайна  цу т1ехь х1ун  го.

-Хьан эр дара  книгех   шена  хетарг.

3. 1алашо  йовзийтар.

-Схьаелла  4-5 аг1о.

-Бераш , вай тахана стенах  лаьцна дуьйцур  ду хьан эр дара  аш? Х1ун  го  шуна суьрта  т1ехь?

( Шайна хетарг олу)

-Вай тахана  дуьйцур ду  школах лаьцна, школехь  муха лела веза, школана гонах долчух лаьцна.Цул  совнаха  шуна хуур ду  школе вог1уш новкъахь  х1ун  кхерамаш бу, царех муха  ларвала.

4.Керла тема хьехар.

А) Суьртах лаьцна къамел дар.Сурт « Вайн школа»

-Муьлш бу суьрта т1ехь гуш? ( бераш)

-Бераш  стенга даьхкина? ( школе)

Цаьргахь карахь х1ун ю? ( зезагаш)

-Уьш цара хьанна лур ду?

-Берашна т1ера духарш муха ду? (ц1ена)

-Боьха х1уманаш   йоьхна  школе ван мегий? Аша муха х1уманаш  йохьур ю школе?

-Бераш школа  чу  муха г1уш  бу , бевдда , я меллаша маьхьарий ца хьоькхуш?

-Бераш меллаша маьхьарий ца хьоькхуш  чу г1уш бу

-Шу муха  дог1ур  ду школа чу?

-Школа чу вог1уш  маьхьарий хьоькхуш ведда ван мегий? Х1унда?  (ца мега. Цхьаберш   доьшуш  хир бу , царна  новкъа хир ю г1овг1а)

5.Физ миноташ. Маьлхан  серло

Маьлхан серло яржале-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Г1енаш лахка,човхаде-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ.

 

Йиша,ваша г1аттаде-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ

Физзарядка йолае-

Цхьаъ,шиъ,кхоъ.

 

    Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

                                                                     Цхьаъ,шиъ,кхоъ.

Меттахвала,кхоссало-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Г1аж схьалаца,кхозало-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Куьйгаш айба,волало-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ,

Ницкъ бохьур бу боларо-

Цхьаъ –шиъ-кхоъ.

6.Керла  тема кхин д1аяхьар.

а) Сурт «Школе воьдуш»

-Бераш, школе дог1уш  цхьанне тайпана   шу лардала оьшуш х1ума ду  я дац ?

-Муьлш  бу  суьрта т1ехь ?( бераш, зударий)

-Уьш х1ун деш бу? (некъана дехьа бовлуш?

-Лерина ховса , муха бу уьш  дехьа бовлу  некъ? ( к1айн сизаш долуш)

-Сизаш  доцучу новкъана  дехьа вала мегар дуй? Х1унда? ( машенаш чехка

  хуьлу)

-Шу  муьлхачу меттехь сехьадовлу?

-Кхин  х1ун ю суьрта т1ехь? ( машен)

_ И х1ун деш ю? ( сецна 1аш)

-И х1унда  сецна?

-Кхин  х1ун ю  суьрта  т1ехь?( светофор)

-Цуьнан  маца б1аьрг бу? Муьлханиг  бу леттарг?

-Шуна хьанна хаьа, муьлха  серло летча мега некъана дехьавала?

7.Рефлекси

-Бераш , вайн  школах лаьцна х1ун эр дара аша?

-Школехь муха лела веза  хьан дуьйцур дара ?

-Хьан дуьйцур дара некъан бакъонех  лаьцна?