Дешаран урок
Урокан ц1е: дагардар. Дагардан 1ема.
1алашонаш:
Предметни: ненан маттахь дагардан 1амор, т1етохар кхиор, цу хаамех пайдаэца 1амор.
Метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан 1алашонах кхетар кхиор, церан мах хадо хаар
· Познавательни: термин «терахь» довзийтар, нохчийн маттахь дагардан хаар, т1етоха д1адаккха хаар.
· Коммуникативни:шеен даделларг доваза ца даделлар лазамедоцуш т1еэца хаар.
Личностни: жимчохь дуьйна шеен нийсархошца нийсо лело лууш дешархо кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.маршалла хаттар.
2.Мативационни дакъа.
-Бераш, вайнца хьошалха таса еана Дашо-Бика.Иза шун хенара йо1 ю.Цунна дика хаьа массо х1ума.Иза хелха йолу, цо эшар локху, цунна еша хаьа .язъян хаьа.Шуна лаьий цуьнца доттаг1алла таса?
-Дика ду. Цуьнца доттаг1алла таса лаьачо дика болх бан беза урокехь иза реза хилийта.
3.1алашо йовзийтар
-Вай ташана 1амор ду дагардан, т1етоха.
4.Керла тема хьехар.
Аг1о. 20.
-маса бу кхор? (цхьаъ)
-маса ю баклажан? (шиъ)
_Хьорматаш? (кхоъ)
--1ежаш?(биъ)
-наьрсаш?(пхиъ)
-Ж1онкаш?помидораш?редискаш?шапталаш?Баьллаш?
_нийса боху.аса доттаг1алла лелор ду……
-Х1инца дийца суна.
-х1ун ю цхьаъ?
-Кхор.
-Ялх?(ж1онк)
-Шиъ,кхоъ, диъ, пхиъ?
-Х1инца со хьожур ю шуна сада1а хаьий.
5.Сада1аран миноташ.
6.Аг1о 21.
-Маса 1аж бу цхьана аг1ор? (цхьаъ)
-вуха аг1ор? (цхьаъ)
-Шина 1ожана юккъехь долу хьаьрк т1етуху хьаьрк ду.Вай доьшур ду: цхьана 1ожана т1етоха цхьа 1аж, хуьлу…..
-Д1адешал шолг1ачу суьрта т1ехь дерг.
-Цхьана кхорана т1етоха важа кхор, хуьлу…. Кхор
-Д1адеша кхоалг1ачу суьрта т1ехь дерг.
-Шина шаптална т1етоха ши шаптал, хуьлу…. Шаптал.
-шена т1етохар ца нислочо ягаръе шина аг1ора йолу х1уманаш.
-Д1адеша доьалг1ачу суьрта т1ехь дерг?
-кхаа ж1онкана т1етоха цхьа ж1онк, хуьлу…. Ж1онк.
-Кхаа лимон т1етоха шиъ лимон, хуьлу … лимон.
-Аса шоьца массарца а лелор ду доттаг1алла.Шуна массарна а дика хаьа.
7.Ловзвр «Маса стом??
-Х1инца вай ловзур ду.Соьгахь тускар ду .Цу чохь тайп –тайпана х1умнаш ю.Аша схьаоьцу сурт, масала, кху т1ехь шиъ 1аж бу.ала деза сан шиъ 1аж бу.
8.Рефлекси.
Урок чекхйоккху г1оьналлин дешнашца:
Суна хии…..
Со кхийти….
-Суна хазахийти……
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.