Карточка Шардар 246 Д1аеша текст. Ц1е тилла цунна. Со левира цо. Ша т1ам бойна ду моттуьйтуш, шен к1орнеш йолчуьра со генаваьккха х1илла динера цо.
Текст т1ера х1ун до? х1ун дина? х1ун дира? х1ун дора? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш схьаязде. Х1ун билгалдо цара? Х1унда далийна уьш текстехь? Талла болх Шардар 246
Олхазарийн х1илла Х1ун дина? Т1емадаьлла. Х1ун дира? Биллира, д1ахьаьдира, левира, къахийтира, т1еведира, генаделира, охьахиира.
|
Карточка Д1аеша. Дийца, муьлха хаттарш х1итто мегар дара билгалдаьхначу дешнашна.
Д1асахьийза лайн чимаш Полларчел а атта. Д1ауьду, к1ант левеш, Уьш кхочу лаьтта. Т1ера схьаязъе . Х1ун до бохучу хаттарна жоп луш долу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.
|
Карточка Д1аеша. Т1ера схьаязъе . Х1ун до бохучу хаттарна жоп луш долу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. К1анта латта охку. Йо1а хи туху. Раисас йоза яздо. Мовладис книжка йоьшу.
|
Карточка Х1окху хаттаршна жоьпаш язде.
Трактористо х1ун до?_______________________. Дешархочо х1ун до?_________________________. Бераша х1ун дина?__________________________. 1ай пхьагало х1ун до?_______________________. Билгалонна дешнаш: чо хуьйцу, левзина, книжка йоьшу, латта оху. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.
|
Карточка Хьан х1ун до? бохучу хаттарна жоьпаш язде. Хьехархочо, таллархочо, бераша, дешархоша. Билгалонна дешнаш: толлу, доьшу, хьоьху, яздо. Хьан? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел цхьа сиз хьакха, х1ун до? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха.
Нагахь санна хаттар хьан х1ун дина? аьлла хилча, муха эр дара толлу, хьоьху, доьшу, яздо боху дешнаш? |
Карточка Д1аеша. Т1адамийн метта х1ун до? бохучу хаттарна жоп лун дешнаш язде. (Стен?) малхо (х1ун до?)…. . (Х1ун?) мох (х1ун до?)…. . (Х1ун?) хиш (х1ун до?)…. . (Х1ун?) олхазарш (х1ун до?)…. . Билгалонна дешнаш: хьоькху, вохво, схьадог1у, охьадог1у. Кеп: Малхо (х1ун до?) вохво. |
Карточка Д1аеша. Т1адамийн метта х1уманийн дар гойтуш долу дешнаш а дохкуш, д1аязъе предложенеш. Со тахана хьалххе…. . Нанас етт …. . Цо суна шура … . Ас шура … . Шура хьена яра. Билгалонна дешнаш: елира, мелира, г1аьттира, уьйзира. Х1ун дира? бохучу хаттарна жоп лучу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. |
Карточка Д1аеша. Ц1е тилла дийцарна. Х1аваэхь хьийза чимаш. Аренашний, хьаннашний, даккъашний т1е баьржира к1айн куз. Лецира г1ура. Хина бира ч1ог1а ша. Куллах а тебна, набйо стешхачу пхьагало. 1уьргахь 1уьллу хьарса цхьогал. Хари чохь б1араш кегдо тарсало. Сира борз бен яц хьуьнахула кхерсташ. Ижу лоьху мецачу акхароша. Дийца билгалдаьхначу элпийн нийсаяздарх лаций. Т1ера схьаязде дийцаран хьалхара дакъа. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. |
Карточка Д1аеша. Т1ера схьаязъе. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. Х1ора 1уьйранна ас юьхь юьлу. Хьалха сабанца куьйгаш дуьлу. Т1аккха гата хьокху. цергаш ц1анйо. Муьлхачу хаттарна жоп ло х1уманийн дар билгалдечу дешнаша? |
Карточка Маь1ница дог1уш долу х1уманийн дар билгалден дешнаш а дохкуш, схьаязъе. Олхазар хаза … . Говр … . Бераш лайн межаргех … . К1анта дечиг … . Арахь мох … . Б1аьста хиш … . Билгалонна дешнаш: даьржа, хьоькху, йоду, дека, ловзу, даьккхира. |
Карточка Д1аеша. Нанас бедарш юьтту. Цициго дехкий лоьцу. Парти т1ехь книга 1уьллу. Атто шура ло. Бераш школе доьлху. Салмана дечиг доккху. Юсупо говр южу. Т1ера схьаязъе. Муьлхачу хаттаршна жоп ло билгалдаьхначу дешнаша? Дийцал, цара х1ун билгалйо. Х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. |
Карточка Д1аеша. Т1ера схьаязъе. Х1уманаш билгалъечу дешнашна к1ел цхьа сиз хьакха, х1уманийн дар билгалдечу дешнашна к1ел шиъ сиз хьакха. К1ант вижна 1уьллу. Етт беже боьду. Белхало балха воьду. Олхазарш бешахь дека. Арахь ло диллина. Иза сиха дешар ду. Б1аьста хаза хуьлу. Стиглахь аьрзу хьийза. |
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.