Конспект открытого урока по чеченскому язык: «Аз а. элп а Уь».

  • docx
  • 23.04.2024
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала dokument_microsoft_74__y__office_word.docx

Дешаран урок

Урокан ц1е: Аз а, элп а ы (ы)

1алашонаш:

1.Аз а,элп  ыдовзийтар, элп  ы  мукъа    элп хилар  хаийтар, элп Ы юкъадог1у дешнаш деша 1амор,кегийра дийцарш деша  1амор.

2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, вовшаша дуьйцачуьнга ладог1а 1амор.

3.Даймехкан хаза меттигаш йовзийтар,Даймахках дозалла кхиор.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.1алашо йовзийтар.

-Бераш вайна тахана девзар ду аз а, элп  а  Ы .

3.Керла тема хьехар.

А)Аз а ,элп а ы   довзийтар.

-Х1ара х1ун ю ?(вышка,лыжанаш)

-Муьлха элп ду шуну ца девзаш?

-Х1ара элп Ы ду.Алалл ыыыы.

-Аз (Ы) мукъа ду, я мукъаза ду?

-Элп ы доккха хуьлуш дац, х1унда аьлча Ы элп хьалха яздеш дош дан дац.Сирникашца дилла элп ы.

Б)Дешнаш дешар.

-Муьлхачу дешнашкахь ду элп Ы?

4.Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

А)Дийцар х1оттор.

-Х1ара х1ун ю?(Маьждиг)

-Муьлха маьждиг ду иза?

-Муха ду и маьждиг?

-Х1ун ю гонах?Муха ду чохь?

-Мичахь ду и маьждиг?

-Хьо хиллий цигахь ?Дийца хьайна  хаьарг.

Б)Дийцар дешар.

-Муьлханиг ю вайн  республикан коьрта г1ала?

-Иза муха ю?

-Муьлха къаьмнаш деха соьлжа г1алахь?

-Х1ун ю Соьлжа -Г1алахь?

-Х1ун г1ала  юСоьлжа_Г1ала?

В)Байт «Даймохк» ешар.

-Стенах лаьцна дуьйцу  байт т1ехь?Х1ун боху автора байт т1ехь?

_Д1адеша кица.Муха кхета хьо цунах?

7.Рефлекси.

-Муьлха элп девзи шуна?Х1ун керланиг хии шуна Ы элпах лаьцна?