Дешаран урок (25)
Урокан ц1е: Аз а,элп а Вв (В)
1алашонаш:
1.Аз а, элп а Вв довзийтар, мукъаза хилар хаийтар, В элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор, предложенеш еша 1амор.
2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар к х иор.Ойлаяр , тидам бар кхиор.. Хьехархочо т1едиллинарг кхочушдан лаам кхиор, шеен наъосташка ладог1а, уьш хаза 1амор.
3.Нохчийн мате безам , могушаллина пайде долу х1ума лело 1амор.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
Стенах тера ду элп?
Куьзганаш ас «холчу х1иттий»:
Стоьл т1ехь arlop ирах1иттий,
Ший а ма1а ас д1аяьккхи,
В - элп царах хили т!аккха.
Фонетически зарядка
Чохь йисина хьалаяла г1ертачу машено х1ун до? («Вв-в-в»).
3.1алашо йовзийтар
Хаал муьлха дош ду?
Цхьа дешархо класса чуьра ара а волуьйтий, хьехархочо аз В юкъахь долу дош олу. Дешархоша, и дош юкъа а далош, предложенеш х1иттадой. (Масала: Напас туьканара эцна вота еара
суна. Сонехь 1уьллура, ловза к1орда а йина, бераша охьакхоьссина вота. Вота етташ санна, хьалхара ши ког бетташ яра пхьагал. Ловзоргашна юкъара вота къевсина ши к!ант вовшех тийсалуш вара).
Дешархочо ша класса чоьхьа ваьлча, дехар до берашка, шайн предложенеш еша олий. Леррина ла а дугтий, массо предло-
женехь нислуш долу дош а карадой, и схьаолу дешархочо..
-Х1ун 1амор ду в ай урокехь?
-Книги т1е хьовсуш план х1оттор ю вай белхан.
1.Аз а, элп а В девзар ду
2Дешдакъош доьшур ду.
3.дешнаш доьшур ду
4.предложенеш йоьшур ю.
4.Керла тема хьехар.
А)Аз а, элп а Вв довзийтар
-Х1ара х1ун ю?( вота)
--Муьлха аз хезаВВВота дашна хьалха?(в )
-Алал,ВВВ-аз (н) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан?
-Маса дакъа ду вота дешан дешан?
-Х1ара х1ун ю? (говр )
-Мича меттехь хеза аз (в)?
-Маса дешдакъа ду говр дашехь?
-Х1ара х1ун ю? (ков)
-Мича меттехь хеза аз(в)?
-Х1ара зорбанан доккха элп В ду, х1ара зорбанан жима элп в ду.И шиъ цхьатера ду , я тайп- тайпана? Стенах тера ду элп н?
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо элп В д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Т1аккха (В) олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.
ВВВААА
ВВВООО
ВВВУУУ
ВВВИИИ
Хьехархочо мукъа элпаш д1ах1иттадо. Царна улло х1оранна элп В х1оттош д1адоьшуьйту.
АААВВВ
ОООВВВ
УУУВВВ
ИИИВВВ
Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А) Предложенеш ешар.Аг1о 54.
Б) Схеманаш басе ерзор.
-Х1ара х1ун ю) (Вилспет)
-Маса аз ду цу дашехь? (В,И,Л,С,П,Е,Т)
-Маса элп ?
-Муьлханиг ду хьалхара ?(В)
-(В) мукъа ду , я мукъаза?
--Схемина т1ехь х1ун бос хуьлу мукъазчу озан? (Сийна)
-Шолг1а? (И)
-(И) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(Л) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(Л) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(С) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(П) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(Э) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
-(Т) мукъаза ду, я мукъа ду?
-схеми т1ехь х1ун бос хила беза?
Б)Дешнаш дешар.
В)Дийцар х1оттор.
-Мила ву суьрта т1ехь гуш?(Ваха, Валид,Авалу)
-Уьш х1ун деш бу? (Дог1маш дагадойтуш)
-Х1ара х1ун ю? (Х1орд)
-Х1орда чохь мила ву гуш?(Ахьмад,Хьасан)
-И шиъ х1ун деш ву?(Луьйчуш ву)
-Хьанна хаьаь шуна могушаллина пайде дуй лийчар, дог1маш дагадайтар?
-Воккханиуг уллохь воцуш вала мегий хи чу?
-Шу даханий х1урда т1е?Мила вара шоьца?
-Схьадийца шайна суьрта т1ехь гуш дерг.
Г)Предложенеш ешар.
1.Массара цхьана ешар.
2.Ша-ша ешар.
-Д1аеша хьалхара хьалхара предложени.Маса дашах лаьтта хьалхара предложении?Муьлханиг ду хьалхара дош?
Д)Тобанашкахь болх.
1-ра тоба: дешнашкахь элпаш хийца.Дийца х1ун хийцаделла.
2-г1а тоба: дешна юкъахь дош караде.
Нах, хан, лан, ан, елха
8.Рефлекси.
-Дагаяийта вайн план. Х1ун кхочушдадели вайна?
-Х1ун диси ца далуш?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.