78-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза зевне аз (Ж), элп Жж».
1алашо: мукъаза зевне аз (Ж) довзийтар, элп Жж довзийтар. Элп Жж дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза зевне аз (Ж) девзар ду берашна, элп Жж девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Жж юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
· Познавательни: берашна 1емар ду элп Жж юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Дешнашкахь элп а хуьйцуш керла дешнаш кхолла а хуур ду берашна. Бер алсамдер ду дешнаш довзар, ойлаяр , бидаме хилар
3. Личностни: берийн безам кхоллалур бу 1алма довза лаам, цуьнан доладан ойла а кхоллалур ю.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар: «Х1етал-металш».
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Дийнахь - эла, буьйсанна — лай. (Ж1аьла)
Ша дечкан ю, амма корта аьчкан. (Ж1ов).
Хьоза а дац, йиш а цалокху,
Амма цхьаъ вог1уш велахь, хаам бо.(Ж1аьла)
-Х1ун ю уьш? (Ж1аьла ,ж1ов).
-Муьлха аз хеза Ж1АЬЛА,Ж1ОВ дешнашна юьххьехь? (Ж).
-Кхин муьлхачу дешнашна юьххьехь хеза аз (Ж)?
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
3.1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 105-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Ас дийр ду….
-Вайна тахана девзар ду аз а , элп а Жж . Шуна евзар ю Жж элпан башхаллаш . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь деша. Шуна девзар ду керла дешнаш.
4. Мукъаза зевне аз (Ж) довзийтар . Элп Жж довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь элп Жж довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Ж1ов).
-Маса дешдакъа ду Ж1ОВ дешан? (Цхьаъ ду)
-Ала ЖЖ1ОВ . Муьлха аз хеза Ж1ОВ дешан юьххьехь? (Аз (Ж) хеза)
-Ала ЖЖЖ . Аз (Ж) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду)
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Ж) ца лакхало)
-Аз (Ж) зевне ду я къора ду? ( Аз (Ж) къора ду)
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз (Ж) билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Х1ара х1ун ю? (Жижиг)
-Маса дешдакъа ду ЖИЖИГ дешан? (Шиъ ду)
-Мича меттехь хеза аз (Ж) ЖИЖИГ дашехь? (Дешан юккъехь)
-Х1ара х1ун ю ? (БОЖ ).
-Маса дешдакъа БОЖ дешан? (Цхьаъ ду)
-БОЖ дешан мича меттехь хеза аз (Ж)? (Чаккхенгахь)
· Элп Жж довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп Ж ду , х1ара зорбанан жима элп ж ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза зевне аз (Ж). Элп ж.
· Жж элпах лаьцна байт 1амор.
Ж1ов
п1елгах кхетта
Жема веа чу.
Жимачух къахетта
Жоврет йоьлхуш ю.
-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Ж)?
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Жж элпаца дешдакъош кхоллар.
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Ж, аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-ЖЖЖ.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (Ж) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ЖЖЖАА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-ЖЖЖ.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (Ж) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ЖЖОО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-ЖЖУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ЖЖИИ.
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ЖЖЕЕ
· Жж элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ЖЖАА ЖЖУУ ЖЖЕЕ
ЖЖОО ЖЖИИ ЖЖОЬ
(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду ЖА1У дешан? (Шиъ ду).
-Муьханиг ду хьалхара дешдакъа? (ЖА).
-Шолг1аниг?(1У).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ЖАМ1АТ бохучу дешах?
Маса дешдакъа ду ЖАЛИЛ дешан? (Шиъ)
-Муьханиг ду хьалхара дешдакъа? (ЖА)
-Шолг1аниг? (ЛИЛ ду)
-Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца? (Маржан, Жалил, Межед)
-Х1унда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца? (Уьш адамийн ц1ераш ю. Адамийн ц1ераш даккхийчу элпашца язйо).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду Ж1АЬЛА дешан? (Шиъ ду).
-Муьханиг ду хьалхара дешдакъа? (Ж1АЬ).
-Шолг1аниг?(ЛА).
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ХАТ1 дешах ?
· Абатан 105-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дешнаш деша.
7. Сада1аран миноташ.
Накхармозий
Хьехархочо хотту: «Бераш, зезагашна а, варени т1ехула а хьийза накхармозий гиний шуна? Цара царна т1ера дургал схьагулдо, юха цунах моз доккху. Акхаройх уггаре а дукха моз дезарг муьлхарниг ду? Нийса боху. Ча ю. Накхармозий чохь долчу яьшки т1е йоьду иза, амма вукхара т1е ца юьту «ж - ж»деш (бераша т1аьхьара олу). Ча яьшки чуьра моз даккха г1ерта, амма вукхара ца ло шаыы къа а хьоьгуш даьккхина моз. Дагардарца берашна юкъара ча хоржу:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ, ча хир ю хьо!
Ча юьстах а йолий д1ах1утту.
Накхармозий ненан дешнаш (хьехархочун):
- Накхармозий т1емадевлла
Даха моз лахьо.
Чано кхуза схьаеъна халла
Дерриг моз д1ахьо.
Накхармозийн дешнаш (берийн):
- XIapa моз ду тхан кхача.
Яхийта ахь ц1ехьа, ча!
Ж-ж-ж-ж-ж!
Куьйгаш лестош, багахь «ж-ж-ж» деш бераш класса чухула уьду. Юха шайн ц1а чу доьлху (чоьнан соне). Ча цига йоьду,цара «т1емаш» лестошча эккхайо, цунах д1ауьду Ча уьш схьалаца г1ерта.
8.Барта къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Мила ву жа1у? (Жалил жа1у ву).
-И стенга вахана? (Иза лома вахана).
-Х1унда вахана и лома? (Цо уьстаг1ий дажадо).
-Муха дажадо Жалила уьстаг1ий ? (Уьстаг1ий Жалила дика дажадо).
-Шу дуй уьстаг1ий ? Муха 1алашдо аша уьш? Х1ун пайда бохьу цара? Дийца.
-Х1ун кхиамаш бехи вай?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
9. Дийцар дешар.
· Меллаша массара цхьана ешар.
· Хезаш ешар.
· З1енаца ешар.
-Х1ун боху хьалхарчу предложенехь? Схьадийца.
-Уьш жа1уша муха дажадо? (Уьш жа1уша дика дажадо).
-Д1аеша т1аьххьара предложени. Х1ун боху цу т1ехь.
-Х1у яра аша ешнарш? (Предложенеш).
-Текст ю ала мегар ду царех? (Ду).
-Стенах лаьцна ю уьш? (Уьстаг1ех).
-Х1ун ц1е туьллур яра аша цунна?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп Жж , дахка цунна дог1у сурташ.
Йилла схема Жа дешан.
10. Жам1 дар.
Муьлха элп девзира шуна? (Элп Жж)
-Элп Жж мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза )
-Зевне ду я къора ду? (Зевне ду)
11. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
79-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза зевне аз (Ж), элп Жж».
1алашо: мукъаза зевне аз (Ж) , элп ЖЖ кхин д1а довзийтар. Элп Жж дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза зевне аз (Ж) кхин д1а девзар ду берашна, элп Жж девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Жж юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду. Берашна 1емар ду, хьехархочун т1едилларца, къастош еша.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга ладог1а, кхета.
Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар, ойлаяр. Берийн алсамдер ду дешнаш довзар.
3. Личностни:берийн лаам хир бу 1алам довза , цуьнан доладан.
Урок д1аяхьар.
1. Маршалла хаттар
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар: «Дог1у дош ала!»
-Бераш, аса йоьшу кегийра байташ. Аша со сецча т1етоха цхьа дош.
Хьуна хаа дац-кха хала,
Х1усам ларъеш, лета –(Ж1аьла).
1емаш ву со тилла тхов,
Хьостамна т1е етташ....(Ж1ов).
Ас хьуьнхара беа хьонка;
И бан ваха ю сан конка..
Эрна ца дай хьуьнха вахар,
-Яй чохь кхехкаш ма бу ....(Жахар).
Екашерг яц аьчкан бирг1а,
Тата деш ерг ю сан..(Жирг1а)
-Муьлха дешнаш эли аша? (Жирг1а,жахар,ж1ов).
-Х1ун ду церан юкъара? (Юьххьехь ду аз (Ж)).
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Ж) йозанехь?
3 . 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла абатан 106-г1а аг1о. Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План х1отта е шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Ас дийр ду….
-Вайна кхин д1а а тахана девзар ду аз а , элп а Жж . Шуна евзар ю Жж элпан башхаллаш . Шуна хуур ду иза дешан юьххьехь деша. Жима дицйцар а х1оттор ду суьртан г1оьнца.
4. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера ешар.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешна. Маса дешдакъа ду БАЖА дешан? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара ? (БА).
-Шолг1аниг?(ЖА).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Х1ун ю НАЖ ? (Наж- диттан тайпа ду).
-Х1ун ю Ч1ОБ ? (Олхазар ду).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ХАРЖ бохучу дашах? (Доьхкина ахча).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Маса дешдакъа ду БЕЖА1У дешан? (Кхоъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара ? (БЕ).
-Шолг1аниг?(ЖА)
-Кхоалг1аниг? (1У).
Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпаца ?Х1унда яздина уьш даккхийчу элпашца?
· Абатан 106 -г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
7. Сада1аран миноташ.
8. Барта къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Мила ву суьрта т1ехь? Ц1е тилла цунна.
-Мила ву Жалил? (Жалил бежа1у ву).
-И стенга вахана ? (И бажа бажо вахана).
-Муха 1алашдо цо бежнаш? (Цо бежнаш дика 1алашдо).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Аса дийцар х1отти.
8. Предложенеш еша 1амор.
· Массара цхьана ешар.
· Шайн дагахь ешар.
· Дагахь 1амор байт.
-Д1аеша хьалхара предложени . Х1ун боху цу т1ехь?
-Мила ву Жалил? Д1адеша жоп.
-Муха бажабо цо бажа? Д1адеша жоп.
-Х1ун до Маржана? Д1адеша жоп.
-Х1ун до бежнаша? (Д1адеша жоп).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар деша.
8. Жам1 дар.
-Чакхъяккха сан ойла:
Аз (Ж) ца лакхало , цундела иза ду ….(мукъаза).
Аз (Ж) олуш логан пхенаш тохало , иза ду … (зевне)
Аз (Ж) билгалдо элпаца …(Ж)
9. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.