Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
16.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
98.урок. лев толстой.docx

98-г1а урок

Урокан  ц1е: «Лев Толстой. Дийцарш: «Доттаг1алла», «Вайн Даймохк».

1алашо: берашна оьрсийн яздархо Лев Николаевич Толстой вовзийтар. Дийцарш : «Доттаг1алла», «Вайн Даймохк» довзийтар. Нийса а , шера а еша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни:берашна вевзар ву оьрсийн   г1араваьлла яздархоЛев Толстой, девзар ду цуьнах лаьцна дийцар : «Доттаг1алла», Даймахках лаьцна дийцар  : «Вайн Даймохк».1емар ду  шера а ,кхеташ а дийцаран тексташ еша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар душ ай кийча план а йолуш , дешаран кхиамаш баха кийча хилар.1емар ду интернет чохь, яучабникаш т1ехь , баккхийчаьрга хеттарца оьшу г1ирс гулбан , цунах пайдаэца. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета.

·        Познавательни: берашна вевзар ву яздархо. Хуур ду  яздархо мила ву.Хуур ду ешначу юкъара коьрта долу х1ума  довза и схьаэца.Берашна хуур ду  ешарца  яздархочун дог-ойла билгалъяккха.

3. Личностни:Берийн дозалла кхоллалур ду шайн къомах, яздархойх. Берашна луур ду оьрсийн яздархой бовза , беза. Доттаг1лла а лелор ду оьрсийн берашца.

Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар

 -Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Кагделла дош нисдар.

-Бераш , аса д1аяздина дош кагделла. И дара  угаре  дика дош, со шуна цунах лаьцна дийца дагахь яра. Х1инца  и х1ун дош дара сунна дисделла. Хьанна хуур дара и дош нисдан?

ЛА ДОТ Г1АЛ ТА

-Х1ун дош дара иза? (Доттаг1алла).

-Х1ун ю доттаг1алла? (Берийн жоьпаш).

-Хьенан  бу шу доттаг1ий? Аша  х1ун г1уллакхаш до цхьана? Дийца шайн доттаг1ех лаьцна.

-Доттаг1алла хила мегий кхечу къаьмнийн  берашца? (Берийн жоьпаш).

-Бераш, аша  хьан кхочушбина аса ц1ахь бела болх? Дийца, х1ун кхиамаш баха дагахь душ у тахана.

Суна вевзар ву яздархо…

Суна евзар ю цуьнан байт…

Суна 1емар ду…

-Бераш , вайна тахана  вевзар ву нохчийн  сийлахь яздархо Саь1ид бадуев. Вай  йоьшур ю цо берашна  лерина  язйина  байт : «Вайн беш».

3. Лев Толстойн дахар кхолларалла довзийтар.

·        Хьехархочун дош.

      Лев Николаевич Толстой оьрсийн г1араваьлла  яздархо ву. Иза вина Ясни Полянехь шайн махка т1ехь  28 августехь 1828  -чу шарахь. Цуьнан  шиш о адоцуш и жимов олуш байлахь бисина церан доьзал.

  Ша воккха хилча Л.Толстой деша тасавелла  тайп-тайпанчу  дешаран меттигашка, амма  чакхъ ца яьккхина цхьа а.Амма Лев Толстой ч1ог1а къинхетаме ,адам дукхадезаш хила. Цо шеен ц1ахь къечу нехан берашна школа йиллина хила

   Иза  веана  цхьана заман чохь Нохчийчу. Цунна ч1ог1а хазахетта  нохчин г1иллакхаш, амалаш, дийцарш .эшарш. Цо уьш д1а а яздеш хила. Толстойс  доттагалла лелош хила  нохчашца.

-Тахана  вайна бевзар  бу и нохчий.

·        Абатан 132-г1а  аг1он т1ера д1а боьшу  яздархочух лаьцна мог1анаш.

-Бераш, дадеша 132-г1а  аг1он т1ера  «Доттаг1алла» ц1е йолу дийцар.

-Мила ву Лев Толстой?

-Х1ун язйина цо?

-Цунна х1ун хазахеташ хилла?

-Х1ун язйина цо оьрсийн элпашца?

-Хьаьнца гергарло тесира цо?

-Хьенан хьаша вара Лев Николаевич?

-Х1ун елира Садос цунна?

-Х1ун елира Толстойс Садона?

-Муха леладора цара доттаг1алла?

-Муха адам хилла Л.Толстой? Шуна х1ун хаьара цунах лаьцна?

·        Бераша д1адоьшу дийцар : «Доттаг1алла».

4. Сада1аран миноташ.

Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:

Т1араштухуш, т1араштухуш

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.

Цхьаъ - схьаверза,

Шиъ - д1аверза.

Кхоъ -охьата1а,

Диъ - хьалата1а.

Т1араш тухуш, т1араш тухуш,

Тонна т1аьххье дуьйлало.

Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,

Когаш тохий, кхоссало.

5. Дийцар : «Вайн Даймохк» довзийтар.

·        Хьехархочо д1адоьшу дийцар.

-Муьлханиг бу вайн Даймохк?

-Х1ун ю вайн Даймахкахь?

-Муха ду вайн латта?

-Х1ун кхиайо бахархоша?

-Х1ун йолу лаьттан бухара хьала?

-Кхин х1ун ю вайн махкахь?

-Муха хийцамаш бу вайн махкахь?

·        Бераша  д1айоьшу : «Нана-мохк»  ц1е йолу байт.

Массара  цхьана дешдакъошца д1адеша дийцар.

Дешнашца д1адеша дийцар.

·        Барта къамел кхиор.

-Х1ун ю суьрта т1ехь гуш? (1алам ду).

-Мичара 1алам ду иза? (Нохчийчуьра).

-Х1ун ю лекха гуш? (лекха гуш ду лаьмнаш).

-Муха ду церан баххьаш? (Церан баххьаш к1ай ду).

-Муха ю аренаш? (Баьццрар аренаш ю. Бацалахь лепа зезагаш).

-Муха ю хьаннаш? (Лекха а ,хаза а ю вайн хьаннаш).

-Х1ун акхарой хуьлу вайн махкахь? (Вайн махкахь хуьлу :пхьагалш, черчий , берзалой).

-Муха ю вайн ярташ,г1аланаш? (Хаза а , яккхий ю вайн ярташ,г1аланаш).

-Муха хетта шуна вайн Нохчийчоь? (Нохчийчоь уггаре хаза мохк бу).

6. Жам1 дар.

-Муьлха яздархо вевзира шуна?

-Муьлха  дийцарш дийшира  аша?

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

Бераш, ц1ахь билгалбаккха шаьш кхана бен болу  болх.


 

Урокан ц1е: «Лев Толстой. Дийцарш: «Доттаг1алла», «Вайн

Урокан ц1е: «Лев Толстой. Дийцарш: «Доттаг1алла», «Вайн

Дешаре шовкъ кхоллар. ·

Дешаре шовкъ кхоллар. ·

Иза веана цхьана заман чохь

Иза веана цхьана заман чохь

Хьехархочо д1адоьшу дийцар. -Муьлханиг бу вайн

Хьехархочо д1адоьшу дийцар. -Муьлханиг бу вайн

Рефлекси. -Х1ун кхиамаш бехи аша?

Рефлекси. -Х1ун кхиамаш бехи аша?
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
16.04.2024