Конспект урока по чеченскому языку.
Оценка 4.6

Конспект урока по чеченскому языку.

Оценка 4.6
docx
20.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку.
84. урок. элп юь..docx

84-г1а урок

Урокан  ц1е: «Мукъа   элп Юьюь ,  аьзнаш  (Й), (УЬ)».

1алашо:мукъа   элп Юьюь  довзийтар ,цо шиъ  аз билгалдар  д1акхачор (Й), (УЬ). Элп Юьюь    дешан юьххьехь,  юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна  девзар ду мукъа  элп Юьюь, цо билгалдеш долу аьзнаш (Й), (УЬ)  девзар ду.  1емар ду элп  Юьюь  дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь  деша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду  учебника  т1ехь  ялийначу   материалах   пайда а оьцуш  , шайн белхан план  х1отто. Планан рог1алла а  ларъеш  шайн болх  д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета. Берашна  1емар  ду  шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а  хатта.

·        Познавательни: берашна хуур ду  мукъа элпаш  шалха хилар. Берашна хуур ду Юьюь элпо шиъ аз билгалдаран башхаллаш (дешан юьххьехь, мукъачу элпана  т1ехьа нисделча ). Берашна  хуур ду  дийцаран  церан  тидам барца  , цуьнан  чулацамах дерг ала. Берийн алсамдер ду дешнаш  довзар.Берийн кхуьур  ду тидаме хилар , ойлаяр.

3. Личностни: берийн шорлур бу  дийнан  рожах  лаьцна болу хаамаш. Берашна  1емар ду  дийцинчунна  юкъара пайдениг шайн  амалехь кхио, вониг д1ататта.

Урок  д1аяхьар.

1    .Маршалла  хаттар.

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар

-Муьлха элп ду  совнаха? (Хьехархочо  уьн т1е х1иттадо карточкаш.

АЬ, ОЬ, УЬ, УЬ, ЮЬ

-Х1ун  ду   цу  элпийн  цхьатера? (Уьш шалха элпаш ду)

-Муьлханиг ду  совнаха? (Элп Юь).

-Х1унда ? (Дисина  элпаш   вай  1амийна, элп Юьюь ца  1амийна).

-Х1ун  1амор ду   вай тахана? (Берийн жоьпаш).

-Муьлхачу элпах тера  ду   элп Юьюь? (Юю элпах).

-Х1ун хаьа  шуна  Юю элпах? (Берийн жоьпаш).

-Изза  билгалонаш хир юй Юьюь элпан? Х1ун хаьа  шуна Юь элпах лаьцна?

-Вайна тахана  девзар ду элп Юьюь,  аьзнаш (Й,УЬ), 1емар ду  элп   Юь юь юкъадог1у   дешнаш деша.

3 . 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  абатан   112-г1а  аг1о.  Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План  х1отта е  шайн  белхан.

Суна  девзар ду…

Суна  1емар  ду…

Суна хуур ду…

Ас  дийр ду….

-Вайна  тахана  девзар ду  мукъа  элп Юьюь, цо билгалдеш долу ши аз (Й),(Уь). Шуна хуур ду  иза дешан  юьххьехь , юккъехь,  чаккъенгахь  деша. Вай  1амор ду дийцар деша , суьртан  г1оьнца жима  дийцар  х1отто.

4. Мукъа  элп Юьюь ,  аьзнаш  (Й), (Уь) довзийтар.

·         Суьрташца болх бар. Дешан  юьххьехь  Юю элпо билгалдо ши аз (Й), (Уь)  довзийтар.

-Х1ун  ю х1ара? (Юьхк ю).

-Алал ЙЙУЬУЬХК . Муьлха  аз хеза  дешан  юьххьехь? (Аз (Й)).

-Алал  ЙЙЙ. Аз  (Й)  мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза  ду).

-Аз (Й)  зевне  ду  я къора ду? (Зевне).

-   Алал ЙУЬУЬХК . Муьлханиг ду  шолг1а  аз?(Аз (УЬ) ду).

-Аз (УЬ) мукъа ду   я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Азнаш (Й), (УЬ)  билгалдо Юьюь элпаца  дешан юьххьехь хилча.

- ЙУЬХК дашехь  муьлханиг ду кхоалг1а  аз? (Х)

- ЙУЬХК дашехь  муьлханиг ду доьалг1а   аз? (К).

 -Маса  аз ду  ЮЬХК   дашехь? (Диъ ду).

-Маса  элп ду ? (Уьн т1е  д1аяздой  дагардойту  элпаш). (Кхоъ ду).

-Х1унда  ду ЮЬХК дашехь  диъ аз , кхоъ элп? (Берийн жоьпаш).

-ЮЬХК   дашехь диъ  аз , кхоъ элп ду. Юь элпо  шиъ  аз билгалдо дешна юьххьехь, мукъачу элпашна т1ехьа   хилча).

·         Элп  Юьюь довзийтар.

-Х1ара зорбанан  доккха  элп  Юь  ду , х1ара  зорбанан жима элп юь   ду. И ши элп цхьатера ду  я  тайп-тайпана  ду?

-Тидам бе  элпийн. Маса хьаьрках  пайдаэцна  элп  Юьюь   яздеш? (Шина)

-Муьлханаш  ю  уьш? (Ю,ь).

-Элп  Юьюь  шалха элп ду  , х1унда  аьлча  и  яздеш  пайдаоьцу  шина хьаьрках.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Суна девзи мукъа     аз (Юь).  Мукъа  элп   Юьюь.

·        Юьюь  элпах лаьцна байт 1амор.

Юьхк новкъахь 1иллахь

Юьстах ахь йилла.

-Муьлхачу дешнашкахь ду  элп (Юь)?

-Муьлха  аьзнаш билгалдо Юь элпо дашна юьххьехь нисделча? (Й,Уь).

5. Дешнаш дешар.

·         Уьн т1ера  д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша  хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ЮХЬК1АМ бохучу дашах?

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера  дешнаш. Маса  дешдакъа  ду   Къилба   дешан ? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (КЪИЛ).

-Шолг1аниг?  (БА).

-Х1ун  кхиамаш бехи аша?

·        Суна  1еми  дешнаш  деша.

·        Кхоллараллин болх.

-Массара  язде зорбанан доккха а , жима а элп Юьюь . Дилла цунна дог1у  сурт.

7. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла, хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

8. Барта  къамел кхиор.

·        Дийцар  х1оттор.

-Мила  ву  суьрта т1ехь? Ц1е тилла  цунна.

-Юсупах лаьцна х1ун эр дара аша? Юсупа дийнан раж лелайой?Дийца  цунах лаций.

-Х1ун до Юсупа хьала ма г1еттина? (Юсупа  юьхь юьлу).

-Х1ун до Юсупа  зарядка йинчул т1аьхьа? (Юсупа  х1ума юу).

-Муха к1ант ву  Юсуп? Аша лелайой дийнан  раж?

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Суна 1еми дийцар х1отто.

9.  «Юсуп»  дийцар  дешар.

·        Массара цхьана  ешар.

·        Шайн  дагахь ешар.

·        З1енаца ешар.

-Х1унда тиллина дийцарна  ц1е  Юсуп? (Юсупах лаьцна  ду дийцар).

-Маца хьалаг1отту Юсуп?Д1адеша жоп.

-Хьан  д1атабо цуьнан мотт? Д1адеша жоп.

-Стенца юьлу  юьхь? Д1адеша жоп.

-Муха воьду школе? Д1адеша жоп.

-Муха доьшу Юсупа? Д1адеша жоп.

-Х1ун боху  Юсупах лаьцна? Д1адеша жоп.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Тхуна 1еми дийцар  деша.

10. Жам1 дар.

Чакхъяккха  сан ойла:

-Элп Юь юь мукъа ду. 

Юьюь элпо  шиъ аз билгалдо дешнаш юьххьехь, уьш ду ….

Царех цхьаъ ду  мукъаза . И ду  аз …(Й).

Шолг1аниг  ду мукъа  аз.  И ду…(УЬ).

11.  Рефлекси.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша?

 

 

 

 

 

 


 

Урокан ц1е: «Мукъа элп Юьюь , аьзнаш (Й), (УЬ)»

Урокан ц1е: «Мукъа элп Юьюь , аьзнаш (Й), (УЬ)»

Диканца дукха ехийла! 2

Диканца дукха ехийла! 2

Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь

Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь

Юьстах ахь йилла. -Муьлхачу дешнашкахь ду элп (Юь)? -Муьлха аьзнаш билгалдо

Юьстах ахь йилла. -Муьлхачу дешнашкахь ду элп (Юь)? -Муьлха аьзнаш билгалдо

Дийцар х1оттор. - Мила ву суьрта т1ехь?

Дийцар х1оттор. - Мила ву суьрта т1ехь?

Царех цхьаъ ду мукъаза . И ду аз …(Й)

Царех цхьаъ ду мукъаза . И ду аз …(Й)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
20.04.2024