Статья: Я - учитель начальных классов.
Оценка 4.9

Статья: Я - учитель начальных классов.

Оценка 4.9
docx
20.04.2024
Статья: Я - учитель начальных классов.
70-71.урокаш. элп уь.docx

70-г1а урок

Урокан  ц1е: «Мукъа   аз (Уь), элп   Уьуь».

1алашо:мукъа   аз (Уь), элп Уьуь  довзийтар. Элп Уьуь дешан юьххьехь,  юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна  девзар ду мукъа  деха , доца а  аз (Уь), мукъа элп Уьуь.  1емар ду элп  Уьуь  дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь  деша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду  учебника  т1ехь  ялийначу   материалах   пайда а оьцуш  , шайн белхан план  х1отто. Планан рог1алла а  ларъеш  шайн болх  д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета. Берашна  1емар  ду  шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а  хатта.

·        Познавательни: берашна хуур ду  мукъа элпаш  шалха хилар. Дешнашкахь элп  а  хуьйцуш керла дешнаш  кхолла а хуур  ду  берашна. Берашна  хуур ду  дийцаран  церан  тидам барца  , цуьнан  чулацамах дерг ала. Берийн алсамдер ду дешнаш  довзар.

3. Личностни: берийн безам 1аламе  безам кхоллалур бу. 1алам довза , цуьнан  доладан лаам хир бу.

Урок  д1аяхьар.

1    .Маршалла  хаттар.

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Ловзар: «Х1етал металш».

Х1етал-метал хаьийла хьуна:

 

Хьуьнчохь а, арахь а кетар лелош? (Уьстаг1).

 

TIapгIa къажбеш а, к1ади деш а яц,амма адамна т1е бедар юху? (Уьстаг1).

 

Х1ои чуьра схьайолушшехь хи чу йоьдург? (Уьнт1епхьидан к1орни)

Шена т1ехь т1улган ц1а лелош ерг? (Уьнт1епхьид)

-Х1ун ю уьш? (Уьстаг1, уьнт1епхьид).

-Х1ун ду церан  юкъара? (Юьххьехь хеза аз (Уь)).

-Кхин  муьлхачу дешнашна юьххьехь хеза  аз (Уь)? (Уьйриг, уьшал).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Уь)  йозанехь? (Уь элпаца).

-Х1ун 1амор ду  вай тахана?

3. 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  абатан   95-г1а  аг1о.  Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План  х1отта е  шайн  белхан.

Суна  девзар ду…

Суна  1емар  ду…

Суна хуур ду…

Ас  дийр ду….

-Вайна  тахана  девзар ду  мукъа  аз а  , элп  а Оьоь  . Шуна хуур ду  иза дешан  юьххьехь , юккъехь,  чаккъенгахь  деша. Вай  1амор ду дийцар деша , суьртан  г1оьнца жима  дийцар  х1отто.

4. Мукъа  аз (Оь),  элп Оьоь  довзийтар.

·        Суьрташца болх бар. Дешан  юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз   (Оь)    довза  1амор.

-Д1аелла  абатан   96-г1а  аг1о.  Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План  х1отта е  шайн  белхан.

Суна  девзар ду…

Суна  1емар  ду…

Суна хуур ду…

Ас  дийр ду….

-Вайна  тахана  девзар ду  мукъа  аз а  , элп  а Уьуь  . Шуна хуур ду  иза дешан  юьххьехь , юккъехь,  чаккъенгахь  деша. Вай  1амор ду дийцар деша , суьртан  г1оьнца жима  дийцар  х1отто.

4. Мукъа  аз (Уь),  элп Уьуь  довзийтар.

·        Суьрташца болх бар. Дешан  юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь аз   (Уь)    довза  1амор.

-Х1ара х1ун ю? (Уьстаг1).

-Ала   УЬУЬСТАГ1    . Муьлха аз  хеза  УЬСТАГ1   дешан  юьххьехь?  (Аз (Уь)  хеза).

-Ала  УЬУЬ   . Аз (Уь)  мукъа  ду  я  мукъаза  ду? (Мукъа ду).

-Х1унда  ду  и мукъаза? (Аз (Уь) ц  лакхало).

 -Тидам бе схемин . Х1ун  бос  бу  аз ( Уь) билгалдечу еък1овн? (Ц1ен).

-Маса дешдакъа ду   УЬСТАГ1  дешан? (Шиъ  ду).

-Муьлханиг  ду хьалхара  дешдакъа ? (УЬС).

-Шолг1аниг? (ТАГ1).

-Х1ара  х1ун ю? (Куьзганаш).

-Маса дешдакъа ду   КУЬЗГАНАШ      дешан? (Кхоъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (КУЬЗ).

-Шолг1аниг? (ГА).

-Кхоалг1аниг? (НАШ).

-Мича  меттехь хеза  аз (Уь)    КУЬЗГАНАШ дашехь? (Дешан  юккъехь).

·        Элп  Уьуь  довзийтар.

-Х1ара зорбанан  доккха  элп  Уь  ду , х1ара  зорбанан жима элп уь  ду. И ши элп цхьатера ду  я  тайп-тайпана  ду?

-Тидам бе  элпийн. Маса хьаьрках  пайдаэцна  элп  Уь  яздеш? (Шина)

-Муьлханаш  ю  уьш? (У , ь).

-Элп Уьуь  цхьалха ду  я шалха ду?

-Элп  Уьуь  шалха элп ду  , х1унда  аьлча  и  яздеш  пайдаоьцу  шина хьаьрках.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Суна девзи мукъа     аз (Уь).  Мукъа  элп  Уьуь.

·        Уьуь  элпах лаьцна байт 1амор.

 

У ьстаг1ий ду  арахь лелаш,

 - Уьш дажош ву жима Леча.

-Муьлхачу дешнашкахь хеза  аз (Уь)?

5. Дешнаш дешар.

·         Уьн т1ера  д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша  хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Маса  деш дакъа  ду  БУЬРТИГ     дешан ? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (БУЬР).

-Шолг1аниг?  (ТИГ).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера  дешнаш. Х1ун ю куьрк? (Хьаьжк1аш  чохь  йоттуш  йолу поппарах  йина  пеш).

Маса  деш дакъа  ду  ТУЬКА    дешан ? (Шиъ ду).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ТУЬ).

-Шолг1аниг?  (КА).

-Х1ун  кхиамаш бехи аша?

·        Суна  1еми  дешнаш  деша.

·        Кхоллараллин болх.

-Массара  язде зорбанан доккха а , жима а элп Уьуь . Дилла цунна дог1у  сурт.

7. Сада1аран миноташ.

Бераш:

- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,

Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,

Мичахь лелаш хьо яра,

Ловза ма ца еара?

Уьнт1епхьид:

- Х1орда чохь со лелара,

К1орнеш хи чу сайн яьхна:

Нека дан уьш 1амийра,

Куьйгаш, когаш детташ,

Хи чохь даим сетташ:

Аркъал, бертал, пел доьрзуш,

Нека дора хих ца 1ебаш.

Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, aгlop доьрзуш.

8. Барта  къамел кхиор.

·        Дийцар  х1оттор.

-Стенгахь  еха  пхьагал? (Пхьагал  еха хьуьнхахь).

-Иза  хун  деш ю? (Иза  тебна  1аш ю).

-Х1ун  ю цунна  тебаш? (Цунна теба  цхьогал).

-Х1унда теба  цхьогал  пхьагална? (Цхьогална  пхьагал яа лаьа).

-Пхьагал муха йоду? (Пхьагал  чехка йоду).

-Иза  лацалур  юй цхьогална? (Цхьогална  иза  лацалур  яц).

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

·        Суна 1еми дийцар х1отто.

9. Дийцар  дешар.

·        Массара цхьана  ешар.

·        Шайн  дагахь ешар.

·        З1енаца ешар.

-Х1ун  яра хьуьнхахь  едда  йоьдуш?

-Х1ун гира  цунна?

 -Хун  дира  пхьагало?

-Стенна  тосаелира пхьагал?

-Хун  дира  цхьогало?

-Х1ун  яра  аша  ешнарг? (Предложенеш).

-Стенах лаьцна  яра  уьш? (Цхьогалах , пхьагалах).

-Текст ю ала  мегар дуй   иза? (Ду).

-Х1унда? (Предложенеш  маь1ница  йозаелла ю).

-Х1ун ц1е  туьллур яра аша  цунна? (Пхьагаллий, цхьогаллий).

·        Тхуна 1еми предложенеш  еша.

·        Кицанийн  маь1наш таллар.

-Д1адеша  хьалхара  кица. Муха кхета шу  цунах?

10. Жам1 дар.

-Муьлха  аз девзира шуна? (Аз  (Уь) )

-Аз (Уь)  мукъа ду  я  мукъаза  ду? (Мукъа)

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Уь) ? (Уьуь элпаца)

11.  Рефлекси.

-Х1ун  кхиамаш  бехи аша?

71-г1а урок

Урокан  ц1е: «Мукъа   аз (Уь), элп   Уьуь».

1алашо: мукъа   аз (Уь), элп Уьуь  кхин д1а а  довзийтар. Элп Уьуь дешан юьххьехь,  юккъехь, чаккхенгахь деша 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: берашна  кхин д1а а  девзар ду мукъа  деха , доца а  аз (Уь), мукъа элп Уьуь.  1емар ду элп  Уьуь  дешан юьххьехь , юккъехь , чаккхенгахь  деша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна  1емар ду  учебника  т1ехь  ялийначу   материалах   пайда а оьцуш  , шайн белхан план  х1отто. Планан рог1алла а  ларъеш  шайн болх  д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур  ду  шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду  кхачамбацарш  ган   уьш  д1адаха.

·        Коммуникативни:  берашна  1емар ду  хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду  вовшашца къамеле  бовла, ладог1а. Берашна 1емар ду  шайна хеттарг д1аала, шайн накъоста дуьйцучунга  ладог1а, кхета. Берашна  1емар  ду  шайна оьшург вовшашка а , хьехархочуьнга а  хатта.

·        Познавательни: берашна хуур ду  мукъа элпаш  шалха хилар. Дешнашкахь элп  а  хуьйцуш керла дешнаш  кхолла а хуур  ду  берашна. Берашна  хуур ду  дийцаран  церан  тидам барца  , цуьнан  чулацамах дерг ала.  Берийн алсамдер ду дешнаш  довзар.

3. Личностни: берийн безам 1аламе  безам кхоллалур бу. 1алам довза , цуьнан  доладан лаам хир бу.

 

Урок  д1аяхьар.

1    Маршалла  хаттар.

-Де дика хуьлда шун, бераш!

-Диканца дукха  ехийла! 

2. Дешаре  шовкъ  кхоллар.

·        Шарадаш

 

Массарна а со девзаш ду:

Урчакх т1ехь со хьовзадой,

Юха, луьстуш, авгол бой,

Т1ерг1ан пасаташ а йой,

Берийн кога уьш юху.

 

Вай йийцинчу х1уманна

Хьалха Г ахь диллахь,

Диттах яьлларг сох хир ю. (Уьйриг - гуьйриг)

 

Адамаш вовшех детташ, барт беш

Даим лелаш со ма ю,

Нагахь хьалха Н ахь диллахь,

Говран г1ирс а хир ма бу(Уьйр - нуьйр)

-Х1ун ю уьш?(Уьйриг –гуьйриг, уьйр-нуьйр).

-Муьлхачу дешнашна юьххьехь хеза  аз  (Уь)? Юккъехь? Х1ун 1амор ду  вай  тахана?

3 . 1алашо йовзийтар.

-Д1аелла  абатан   97-г1а  аг1о.  Аг1он т1ехь балийначу г1ирсан тидам бе. План  х1отта е  шайн  белхан.

Суна  девзар ду…

Суна  1емар  ду…

Суна хуур ду…

Ас  дийр ду….

-Вайна  тахана кхин д1а а  девзар ду  мукъа  аз а  , элп  а Уьуь  . Шуна хуур ду  иза дешан  юьххьехь , юккъехь,  чаккъенгахь  деша. Вай  1амор ду дийцар деша , суьртан  г1оьнца жима  дийцар  х1отто.

5. Дешнаш дешар.

·         Уьн т1ера  д1адоьшу дешнаш.

-Д1адеша  хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш. Муьлха дош ду доккхачу элпаца яздина? (Куьйра).

-Х1унда  яздина  иза доккхачу  элпаца? (Иза  адамийн ц1е ю. Адамийн  ц1ераш  даккхийчу  элпашца  яздо).

-Х1унда  яздина  КУЬЙРА дош  жимачу  элпаца? (Иза олхазар ду).

-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера  дешнаш.  Х1ун ю ТУЬЙРА  ?

-Маса  дешдакъа  ду  ТУЬЙРА  дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (ТУЬЙ).

-Шолг1аниг? (РА).

-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера  дешнаш. Х1ун  ю буьйра? (Х1оанна  чохь  долу  можа дакъа).

Маса  дешдакъа   ду  БУЬЙРА  дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (БУЬЙ).

-Шолг1аниг?  (РА).

-Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера  дешнаш. Маса  дешдакъа   ду  Г1АЛГ1А     дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара? (Г1АЛ).

-Шолг1аниг?  (Г1А).

-Х1ун  кхиамаш бехи аша?

·        Суна  1еми  дешнаш  деша.

7. Сада1аран миноташ.

8. Барта  къамел кхиор.

·        Дийцар  х1оттор.

-Х1ун ю суьрта т1ехь  гуш? (Хьелий).

-Уьш  стенга  дигна? (Уьш лома дигна).

-Х1ун  ю ломахь? (Ломахь ю сийна буц, ц1ена  шовда).

-Хьан  1алашдо хьелий? (Хьелий 1алашдо 1уьно).

-Цо  муха  1алашдо хьелий? (Цо хьелий  дика 1алашдо).

-Шун юьрахь  дуй  хьелий? Хьан  1алашдо шун  хьелий?

-Х1ун кхиамаш бехи аша ?

·        Аса  дийцар х1отти.

8.  «Хьелий» дийцар дешар.

·        Массара цхьана  ешар.

·        Шайн  дагахь ешар.

·        З1енаца ешар.

-Хьан 1алашдо хьелий? (Хьавас хьелий 1алашдо).

-Цо х1ун до? (Цо хьелий узу).

-Цара  муха шура ло? (Цара  дуккха а шура ло).

-1у мила ву? (Куьйра  1у  ву).

-Цо  х1ун до? (Цо хьелий  1алашдо).

-Муха хуьлу  уьш? (Даимна  дуьзна  хуьлу  уьш).

-Муха  кхета шу «дилхалахь»  бохучу  дашах?

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·        Тхуна 1еми предложенеш  еша.

9. Жам1 дар.

-Чакхъяккха сан  ойла:

Аз (Уь) ца лакхало , цундела из аду ….(мукъа).

Аз (Уь)  билгалдо элпаца …(Уьуь).

Элп  Уьуь яздеш пайдаэцна  шина хьаьрках , цундела из аду ….(шалха ).

10. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

 


 

Урокан ц1е: «Мукъа аз (Уь), элп

Урокан ц1е: «Мукъа аз (Уь), элп

Хьуьнчохь а , арахь а кетар лелош ? (

Хьуьнчохь а , арахь а кетар лелош ? (

Суна хуур ду… Ас дийр ду…

Суна хуур ду… Ас дийр ду…

Муьлханаш ю уьш? (У , ь)

Муьлханаш ю уьш? (У , ь)

Бераш : - Уьнт 1 епхьид , уьнт 1 епхьид ,

Бераш : - Уьнт 1 епхьид , уьнт 1 епхьид ,

Хун дира цхьогало? -Х1ун яра аша ешнарг? (Предложенеш)

Хун дира цхьогало? -Х1ун яра аша ешнарг? (Предложенеш)

Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца

Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца

Х1ун ю уьш?(Уьйриг –гуьйриг, уьйр-нуьйр)

Х1ун ю уьш?(Уьйриг –гуьйриг, уьйр-нуьйр)

Шолг1аниг? (РА). -Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш

Шолг1аниг? (РА). -Д1адеша боьалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш

Цо х1ун до? (Цо хьелий 1алашдо)

Цо х1ун до? (Цо хьелий 1алашдо)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
20.04.2024