Конспект урока по чеченскому языку «Тема: «Мукъа аьзнаш» 3 класс

  • doc
  • 11.05.2024
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 9. УРОК. МУКЪА АЬЗНАШ.doc

18-г1а урок.

Тема: «Мукъа аьзнаш».

1алашо: мукъа аьзнаш , мукъазчарех къастор кхиор; мукъа аьзнийн коьрта г1уллакх довзийтар (дешдакъа кхоллар); дешдакъойн  кхолладалар , мукха аьзнийн бараме хьаьжжина хилар хаийтар.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: дешархошна 1емар ду дешнашкахь мукха элпаш билгалдаха; хуур ду дешнаш дешдакъошка декъа; хуур ду шайн билгалонаш тидаме а оьцуш дешнаш дешдакъошка декъа; къуьур ю йозанан говзалла.

Метапредметни:

·        Регулятивни: хуур ду хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха, и кхочушъян некъаш , хирс каро;1емар ду шайн белхан план х1отто, цуьнан рог1аллица болх д1абахьа; 1емар ду шайн белхан нийса мах хадо.

·        Коммуникативни: хуур ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а,доцца а жоьпаш дала;уур ду нохчийн меттан  бакъонаш ларъеш, нийса къамел дан.

·         Х1ума довзаран: 1емар ду учебникаца болх бан, оьшу материал каро цунах пайдаэца; кхуьур  ду логически ойлаяр,тидаме хилар.

Личностни: нохчийн мате безам кхоллалур бу дешархойн.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II. Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.

        1.Ц1ера болх таллар.

·        Упражнени № 37, аг1о 20.

-Муьлхачу элпашна буха сизаш хаькхна аша? Муьлха аьзнаш билгалдо цара?

         2. Харжаман диктант.

-Д1адеша дешнаш.

       Амани, Эсила, Олхазар, кхаба, кхаллар, иту, иман, эчиг, орамаш, ч1ара, г1айба, т1ийриг, илли, атйокха, баппа, заза, аьрзу, уьстаг1.

-Схьаязде  шайна юьххьехь мукъа элпаш долу  дешнаш. Мукъа элпашна буха сизаш хьакха. Охьнехьа сиз хьакхарца дешдакъошка декъа.

-Д1адеша шаьш яздина дешнаш. Маса мукъа элп ду х1ора дашехь? Маса дешдакъа ду?

-Муьлха дешнашшкахь ду хьалхара дешдакъа цхьана элпах лаьтташ? (Амани,Эсила, иман,эчиг,иту).

-Муьлха аьзнаш билгалдо оцу элпаша? (Мукъа).

-Муьлхачу озо кхуллу дешдакъа? (Мукъа озо дешдакъа кхуллу).

-Стенах лаьцна дуьйцур ду  вай тахана урокехь?

III. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.

      -Д1аелла учебникан 20,21-г1а аг1онаш.Д1адеша вайна жоп дала яздина хаттар.( Муха къаьста мукъа аз, мукъазчух?).

-Вай бинчу балхах пайда а оьцуш жоп дала хьовса оцу хаттарна?

-Муьлханиг ю вайн урокан коьрта 1алашо? (Мукъа аьзнаш, мукъазчерах къасто хаар).

IV. Керла хаарш а, гIуллакх даран кепаш а кхоллар.

      1. Молха дош таллар Мукъа а, мукъаза а аьзнийн тидам бар.

-Караде молха дашехь мукха аьзнаш. Уьш м муха алало? (Уьш парг1ат алало).

-Караде мукъаза аьзнаш. Ала уьш ша-ша. Стенан тидам би аша? (Уьш олуш багахула арадолучу х1аваана дуьхьало кхоллало).

       2. Бакъо таллар.

-Д1аеша 21-г1а аг1он т1ера бакъо.

-Х1ун башхаллаш ю мукхачу озан аларехь?

-Муьлха г1уллакх леладо мукъачу озо? (Дешдакъа кхуллу).

-Стенах хаьа дашехь масса дешдакъа ду? (Дашехь мукъа аьзнаш долччул дешдакъош ду).

       3. Мукъа а, мукъаза а элпийн тидам бар.

·        Упражнени № 38, аг1о 21.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза  упражнени?

(Дешархоша шаьш кхочушйо упражнени).

       4. Мукъачу аьзнаша дешдакъа кхолларан тидам бар.

·        Упражнени № 39, аг1о 21.

-Д1аеша байт. Мила  ву цуьнан автор? (1.Демеев).

-Х1ун ю цу т1ехь юьйцург? (Нохчийн мотт).

-Х1ун дан дагахь ву к1ант? (Нохчийн мотт дика 1амо).

-Муха к1ант ву иза? Шуна лаьий нохчийн мотт дика 1амо?

-Маса дешдакъа ду х1ора дашехь? Муха хуур ду иза? (Дашехь масса мукъа элп ду хьажа веза. Мукъа элпаш долччул дешдакъош хуьлу).

-Д1аязъе упражнени.

V. Сада1аран миноташ.

                                             

VI. Пайдаэцар — хаарш а, шардалар а кхоллар.

1.     Логически ойлаяр кхиор.

·        Упражнени № 40, аг1о 21.

-Д1адеша дешнаш. Царна юьххьера элпаш хуттуш дош кхолла. (Алфавит).

-Х1ун ю алфавит? (Алфавит – иза моссо а элп ду).

-Стенна оьшу алфавит? (Ал фавитан рог1аллехь язйо журнал т1е берийн фамилеш. Библиотекехь книгаш ю алфавитан рог1аллехь нисйина. Дошам т1ера дешнаш ду алфавитан рог1аллехь нисдина).

-Д1аязъе упражнени . Т1едиллар кхочушде.

·        Упражнени № 43, аг1о 22.

-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени?

-Урам дашна хьалха т1е тоха элп ч1. Муьлха дош хили? (Ч1урам)

 -Г1а дашах муьлха дош хир дара? (Г1а т1етуху з,хуьлу г1аз).

-Ага дашна муьлха элп т1етухур дара вай? (Ага –хьалха б тоьхча хуьлу  бага).

-Пхьар дашна мича метте  т1етухар дара элп с? (Пхьар дашна т1етуху т1ехьа с,хуьлу пхьарс).

(Иштта хутту дешнаш г1ала+т, ц1+ов, а+га, къола+м, г1ан+т, л+ор, э+са,г1у+м).

-Д1аязде дешнаш.

        2. Дешархошка шайга болх байтар.

·        Упражнени № 41, аг1о 22.

VII. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

VIII.Урокан жам1.

-Х1ун башхаллаш ю мукъачу аьзнийн?

-Муьлхачу аьзнаша кхуллу дешдакъа?

-Муха хуур ду дашехь маса дешдакъа ду?

IX. Ц1ахь бан болх балар.

1.     Упражнени № 42, аг1о 22.

2.     Бакъо, 41-г1а аг1она т1ера.