Конспект урока по русскому языку.
Оценка 4.9

Конспект урока по русскому языку.

Оценка 4.9
doc
22.05.2024
Конспект урока по русскому языку.
Диктант.doc

14-г1а урок.

Тема: «Г1алаташ т1ехь болх бар. 1амийнарг т1еч1аг1дар».

1алашо: изложении язъеш даьхна г1алаташ нисдар; предложенех лаьцна болу хаамаш карлабахар, шорбар; дешнийн нийсаяздаран таллам бар; г1алаташ нисдаран болх кхиор; орфографически кхетам кхиор.

Юкъара дешаран ардам (УУД):

Предметни: 1емар ду шайн г1алаташ тидаме эца, уьш нисдан; предложенех болу хаамаш карлабохур бу.

Метапредметни

·        Регулятивни: 1емар ду шайн кхиамийн бахьнаш довза, царех пайдаэца, кхачамбацарш ган , уьш д1ататта.

·        Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, вовшашца къамел дан.

·         Х1ума довзаран:1емар ду шайн белхан шаьш таллам бан; кхачамбацарш нисдан.

Личностни: нохчийн матте  безам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

I.Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.

II.Ц1ера болх таллар.

·       Упражнени № 60 , аг1о 29.

-Д1адеша чехкааларш. Х1унда аьлла царех чехкааларш? (Уьш чехка ала лерина ду. Ч1ехкаларш 1аморо мотт шарбо).

-Муьлхачу элпашна хьаькхна аша ц1ен къолам? Сийна?

-Муьлханаш ду мукъа? Мукъаза?

-Муьлха аьзнаш билгалдо нохчийн маттахь шалхачу элпашца?

III. Изложенин анализ яр.

(Изложенийн кхиамаш , кхачамбацарш довзийтар. Йоьшуьйту тоьлла изложенеш. Тидаме оьцу ледара нисъелла изложенеш).

1.     Чекстан чулацам нийса схьацабаларехь девлла г1алаташ нисдар.

(Хьехархочо д1айоьшу чулацам кхоччуш , я гал схьабелла изложенеш. Дешархоша барта нисдо г1алаташ, йоьшу дийцаран оьшуш йолу к1айдарг ).

2.     Предложенеш х1итторехь девлла г1алаташ тидаме эцар.

(Нийса йоцу, юьззина йоцу предложенеш хьехархочо хьалххе уьн т1е д1аязйо. Дешархоша массара цхьаьна нисйо предложенеш).

3.     Нийса дешнаш ца карорехь даьхна г1алаташ тидаме эцар.

(Дешархоша д1адоьшу хьехархочо тулг1енийн сиз хьакхарца билгалдаьхна дешнаш,хуьйцу и дешнаш маь1ница дог1учу дешнашца (дукха хьолахь автора яздинчу дешнашца хийцар нисло).

4.     Орфографически г1алаташ тидаме эцар.

(Тидамбо деха я доца мукъа аьзнаш [и] , [уь] нийса яздаран бакъошан,дешан чаккхенгахь –н яздаран бакъонаш и. кх. д1.)

IV. Сада1аран миноташ.

V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

     1. Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнийн тидам бар.

·        Упражнени № 58, аг1о 28.

-Д1адеша билгалдина дешнаш. Х1ун ду церан юкъара? (Цаьрца ду шалха элпаш).

-Муьлха аьзнаш билгалдо цара?

-Д1аязде дешнаш. Т1едиллар кхочушде.

    2. Харжаман диктант.

  -Д1аеша стихотворени.

              Борз

Чуьраяьлла хьийза борз,

- Ас бер, — боху, - шух и х1оз!

-Массо хьуьнан ох1лане:

Зуьне, пхьиде, бух1ане,

Д1аме, луне, тарсале,

Ц1ока хазчу цхьогале,

Бецан сенчу парг1атехь

Децаш долчу зингате,

Цкъа а цхьанна хьовзаме

 Ца хиллачу хьозане,

Хенак1уьре, чхьаьвриге,

Яьт1ча санна х1инца ге,

Хьийза иза, чуьраюьйлу,

Доцца аьлча, девне юьйлу,

Амма гучудаьлча лом,

Сеци эццахь берзаи т1ом.

(С. Гацаев).

-Муха бу цуьнан чулацам ? (Беламе).

-Х1унда? (Дера борз чураяьлла хьийса , амма шел майраниг гучуяьлча д1асоцу).

VI. Рефлекси.

VII. Урокан жам1.

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?

VIII. Ц1ахь бан болх балар

        1. Д1аязде пхиъ мукъа шалха элпаш юкъахь долу дош, пхиъ мукъаза шалха элпаш юкъахь долу дош.


Тема : «Г1алаташ т1ехь болх бар

Тема : «Г1алаташ т1ехь болх бар

Хьехархочо д1айоьшу чулацам кхоччуш , я гал схьабелла изложенеш

Хьехархочо д1айоьшу чулацам кхоччуш , я гал схьабелла изложенеш

С. Гацаев). -Муха бу цуьнан чулацам ? (Беламе)

С. Гацаев). -Муха бу цуьнан чулацам ? (Беламе)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
22.05.2024