Нохчийн литература- 5 класс
Тема: М. Бексултанов «Ца кхетта хестор»
1алашо: М. Бексултанов биографии йовзийтар, дийцаран
ма1на довзийтар. Кхетош – кхиоран болх бар.
Коьрта васташ къастор, церан дог- ойла йовзийтар
«Ца кхетта хестор»; нийса а ,шера а текст еша 1амор.
1алам дардан а, 1алашдан а дезаш хилар.
Билгалбаьхна кхиамаш :
Берашна 1емар ду цхьана эшарехь ч1ога а, меллаша а, з1енаца а чулацам беша, бийца
Берашна хуур ду чулацамах кхета, шайна хеттарг ала.
Берашна хуур ду текста юкъара цхьацца аларш талла.
Берашна хуур ду 1алам дардан а, 1алашдан а дезаш хилар.
Урок д1аяхьар.
1 . Ц1ера болх таллар.
Хаттаршна жоп далар, чулацам т1ехь болх бар
2. Мотт шарбар.
- Чулацам т1ера схьабийца хаар (дешархоша ц1ахь чулацам буьйцу)
Хатаршна жоп далар
- Х1ун лаьара к1антана дедеца лома ваха?
- Деркас муха хьостура к1ант?
- Муха вахара и шиъ лома?
- Х1ун гира к1антана ломахь?
- Акхарой муха гира к1антана?
- Туьйхири к1анта топ акхарой дийнатана?
3. Дийцаран керла аг1онаш йовзийтар.
а) Дешархоша д1айоьшу
Чулацамах къамел дар.
Хаттаршца болх бар
4. Кхетам – кхиоран болх бар.
- Х1ун боху автаро чулацам т1ехь?
- 1алам муха 1алаш дан деза вай?
- 1аламах х1ун пайда оьцу наха?
Коьрта хаттар – Дедас ша хьаьстича кхин а ч1ог1а стена вилхира к1ант?
- Х1ун бахана долуш тиллина автаро дийцаран ц1е «Ца кхетта хестор»
5. Рефлекси.
-Муьлха кхиамаш бехи аша тахана? Муьлхачарех даккхий дуь шу?
6. Жам1 дар.
-Муьлха дийцар т1ехь болх бина тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун дара цу дийцарехь коьртаниг? (дешархоша доьшу дакъа)
Шайн дахарехь хилла х1ума дийца.
7. Ц1ахь бан болх балар.
«Ца кхетта хестор»- еша, чулацам коьрта 1алашо йийца хаар.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.