Асламбек Гайтукаев
Нохчийн литература. Къовсам
Викторина по чеченской литературе (25 вопросов и ответов)
Дешархойн литературе безам кхиорехь г1о хиларе догдохуш, вай
кечдина цаьрца д1абахьа тарлучу къовсамна хеттарш.
1. Мила ву кху могIанийн автор?
"Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур йац,
Ненан сий ца дечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт цахаар –
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар –
Маьттаза вахар ду…" – ?
2. Муьлхачу илли йукъара ду хIара дешнаш:
"Лакхахь лам ва боьлхуш, арахь Терк ва дистина,
Цу Терко тийсинчу гIайре тIе йурт йилла ма вуьйлира
ЦIонтаройн ва Дада…" – ?
3. Мила ву кху дешнийн автор:
"Со аьшнаш вечара ца лайра духарш:
Хьесаца кечдина сан Iаьржа верта,
Доьхкарца йукъ къовлуш ас чоа духар,
Дин буха ас оьзча, цо тоьхна берг а…"?
4. Вийца кху могIанийн автор, йаккха уьш йукъахь долчу байтан цIе:
"Замано дерриг а дойу,
Замано дерриг а кхуллу,
Стаг воцург лораза войу,
Къонаха шен маравуллу…"
5. «Шуьнехь дош» цIе йолчу А.Сулеймановн илли йукъахь ду хIара могIанаш:
"Ламанца дин лелац
Ца хилча ленаш,
Уьш кхачаделлачохь
Соцуш бу дин.
Иштта бу къонахий,
ХIар дуьне латтош,
Къонахий дIабевлча –
Духур ду и..."
Хьанна лерина йаздина поэта и илли?
6. «Бераллехь со хьоьха
Къаьстинчу хенахь,
Суо жима бер долуш
Ас ма-биттара,
Карий хьо ас дагахь
Латтийнчу суьртахь,
Сих-сиха гIенаха
Суна ма-гарра…»
– иштта могIанаш ду девзаш долчу вайн цхьана илли тIехь. Оцу дешнийн автор а, и
дешнаш иллин мукъаме а даьхна, дIаолуш волу иллиалархо а вайн махкахь
бевзаш нах бу. Муьлш бу уьш?
7. Хьан аьлла, Шуьйта йуьйцуш:
"Хьан Орга даима
Сан даг чохь дека,
Хьан маьлхан зIаьнарш а
БIаьргаш чохь лепа,
Хьан мохехь суо хета
Даима къона,
Сан Шуьйта, сел дукха
Йеза хьо суна!" – ?
8. Кхиаран тIегIанаш а, дешархошлахь бовзар а тайп-тайпана долуш, «Юсупов»
фамили лелош пхиъ, «Мамакаев», «Сулейманов», «Абдулаев» фамилешца кхоккха,
«Айдамиров», «Айсханов», «Ахмадов», «Саидов» фамилеш йолуш шишша (мел лахара а)
йаздархой бу нохчийн. Муьлш бу уьш?
9. I.Шахбулатовс мукъам баьккхинчу «Гуьйре» цIе йолчу илли тIехь ду хIара
могIанаш:
"Гуьйре, гуьйре, мокха гуьйре!
ТаьIIина тIекхечи хьо.
Шийла суьйре, тийна суьйре,
Ойлане ахь ваьккхи со…"
Вевзий хьуна оцу дешнийн автор? Мила ву иза? Цо иштта йаздина хIара могIанаш а:
"Генахь а йоццушехь, даима сайца
Хуьлийла лаьа хьо, куьг куьйгах тоьхна,
Халонах, ирсах а чам боккхуш хьоьца,
ДIаваха некъ хоьржу ас массо ханна…"
10. «…Сискал йиссал хила йеза, йиссал йоцург сискал йац…» – шен цхьана байта
тIехь аьлла нохчийн поэт мила ву?
11. Мила ву нохчийн маттахь дуьххьарлера «Нохчийн поэзин антологи» хIоттийнарг?
(Иза арайаьлла 2003-чу шарахь).
12. Мила ву кху дешнийн автор:
«…Нагахь со къорвала доьгIнехь,
БIаьрса дан, нагахь, сан доьгIнехь,
Кхолламе, дехар ду иштта:
Селла а иркечу кху бIешарахь,
Гомер санна хилийта бIаьрзе,
Бетховен санна, со къорвалийта!»
13. Йевзий хьуна лахахь долу мог1анаш шена чулоцучу байтан цIе, мила ву цу
дешнийн автор (мерз-пондарца мукъам а балош, цу дешнаш тIехь илли аьлла
В.Дагаевс):
«БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,
Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,
Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна
Там хилла маьлхан де го суна тахна…»
14. Шуьйра бевзаш болу поэташ МамакаевгIар Мохьмад а, Iарби а санна шуьйра
вевзаш вацахь а, дика поэт ву цаьршиннан йоллу фамили йолуш. Мила ву иза? Дуй
цуьнан Мохьмадца йа Iаьрбица гергарло?
15. Хаьий хьуна, хьан йаздина:
«Назманчас назманаш олуш –
Пайхамар, асхьабаш базбеш,
Нохчийн мотт, синхаам болу
ТIемашка хьо матто хазбой,
Мотт цIармат буьйцучух къехкаш,
Лийр бар-кха къонахий тахна,
ШоллагIа лийр бар-кха къехкаш,
Дог лоцуш, берд эккхаш санна…»?
16. Хьенан ду иштта дешнаш:
«Аса боху: делхийтийша
Дашо догIа кхечанхьа,
Со сайн махкахь аш витийша,
ТIулгаш делхарх, билларх ша…»?
Муьлхачу йуьртахь, маца вина иза?
17. Нохчийн ши йаздархо ву, фамили а, цIе а А элпаца йолалуш. Муьлш бу уьш?
(«Нохчийн поэзин антологина» йукъа йахана йу цаьршиннан цхьайолу байташ).
18. Цо йазйина, йаздархочун Ибрагимов Лоьмин дешнашца аьлча, «поэма бохучу
дешан чулацамна нохчийн поэзехь дуьххьара жоп делла поэма». Мила ву иза?
19. Мила ву кху дешнийн автор:
«Герз лелхаш ма гойла.
Мохк багош ма гойла.
Ма гойла бер доьлхуш,
Ненах а хьоьгуш.
Герз лелха лууриг –
Герзаша цоьстийла!
Мохк баго лууриг –
Цу цIергахь вогийла!»
20. Жанр тайп-тайпана йолуш, цIе цхьатерра йолуш, кхо говзар йазйина оцу
нохчийн йаздархочо. Мила ву иза? Йийца оцу кхаа а говзаран цIе.
21. Нохчийн литературехь дуьххьара роман йазйинарг мила ву? Муха йу оцу романан
цIе?
22. «Муьлхха а художник: поэт, йаздархо, композитор йа суртдуьллург – кхаа
тIегIан тIехь нисло. Хьалхара меттиг шен ойланийл лакхарчун йу, шолгIачу
меттехь – цаьрца (ойланашца) нийсса верг, кхозлагIчохь – оцу ойланийл
лахарверг. Вайн махкахь тIаьххьарниш дуккха а бу. Ткъа Мохьмад? Мохьмадан
меттиг хьалхара йу шен дахарехь, вахарехь а, ша йитинчу ойланийл – поэзил».
Мила ву кху дешнийн автор? Хьанах лаьцна дуьйцуш ву иза?
23. Муьлхачу йуьртахь вина нохчийн йаздархойх баккхийчарах волу Арсанов
СаьIид-Бей?
24. «Мамакаев Мохьмад вайн поэзехь дуьххьара «со, ас» аьлла, йаздан волавелларг
ву. Цуьнан йерриге а стихотворенеш шен кхолламах, шен синхаамех йу. ХIетте а,
шех дуьйцуш, заманан васт кхоьллина цо. Поэтан турпалхо – шен заманан стаг ву,
ша вехачу мехкан а, шен къоман а векал…»
Мила ву вевзаш волчу йаздархочух лаьцна иштта аьлларг?
25. 1922-чу шарахь вина масех йаздархо ву нохчийн. Бевзаш йаздархой а бу уьш.
Муьлш бу уьш?
Викторинин хаттаршна жоьпаш (Ответы на
вопросы викторины)
1. Саидов Билал.
2. "Дади-Йурт йаккхаран илли".
3. Мамакаев Мохьмад.
4. Сулаев Мохьмад, «Зама».
5. Дагаев Валидана.
6. Айдамиров Абузар, Дагаев Валид.
7. Окуев Шима.
8. ЮсуповгIар – Iазим, Iазиз, Iусман, Руслан, Iилман; МамакаевгIар – Мохьмад,
Iарби, Эдуард; СулеймановгIар – Ахьмад, Зайнап, Юсуп; АбдулаевгIар – Леча,
Дзияуддин, Мохьмад; АйдамировгIар – Абузар, Машар; АйсхановгIар – Шамсуддин,
Салман; АхмадовгIар – Муса, Iумар; СаидовгIар – Билал, Сайд-Селим.
9. Айсханов Салман.
10. Яралиев Юсуп.
11. Ибрагимов Лоьма.
12. Шайхиев Iалвади.
13. «Даймохк», Мамакаев Iарби.
14. Мамакаев Эдуард – Мамакаев Iаьрбин кIант.
15. Кибиев Мусбек.
16. Рашидов Шаид. Гуьмсан кIоштан Энгель-Йуьртахь, 1940-чу шарахь.
17. Айдамиров Абузар, Ахматукаев Адам.
18. Мамакаев Мохьмад.
19. Анзорова Балкан.
20. Бадуев СаьIид, «ПетIамат».
21. Арсанов СаьIид-Бей, «Маца девза доттагIалла».
22. Бексултанов Муса. Мамакаев Мохьмадах лаьцна.
23. Жимачу АтагIахь.
24. Минкаилов Эльбруса.
25. Сулейманов Ахьмад, Джамалханов Зайнди, Муталибов Зайнди, Эдилов Хасмохьмад,
Дадуев Абу.
Скачано с www.znanio.ru
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.