Нохчийн мотт Сочинени: «Аьхке ю т1ейог1уш» 2 класс

  • docx
  • 22.02.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала УРОК 8 СОЧИНЕНИ б1аьсте .docx

 

 

 

Нохчийн мотт

Сочинени: «Аьхке ю т1ейог1уш»

1алашо: суьрта т1ехь  гушдерг йозанца  билгалдан 1амор;  суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна  дийца  1амор.1аламе безам кхоллар

 Урок  д1аяхьар.

1.     Маршалла  хаттар.

2.     1алашо йовзийтар.

-Бераш  вай тахана  язйийр ю сочинении «Аьхке ю т1ейог1уш»

3. Керла  тема д1аяхьар.

а)Суьртах лаьцна  къамел дар.

Хьехархочо  д1агойт  178 аг1он т1ера  сурт «Аьхке»

-Шеран  муьлха зама ю  суьрта т1ехь гойтуш ерг? (Аьхке)

-Муха ду 1алам? (1алам тайп-тайпана  беснаш эцна ду)

-Муха хетта шуна аьхке т1ееача? (Аьхке т1ееача  берашна ч1ог1а хазахета)

-Х1унда?  (Аьхка каникулаш юьйлало)

-Суьрте  а хьовсуш дийца  муха д1ахьо бераша каникулаш? (Каникулаш  ч1ог1а хаза  д1ахьо оха)

-Х1ун ю школан? (Школан беш ю)

-Х1ун  ю бешахь? (Бешахь  бу стоьмаш:  1ежаш, кхораш)

-Х1ун до аша царна? (Оха уьш чуберзабо)

-Муха хеташуна бешахь болх беш? (Бешахь ч1ог1а самукъане хуьлу)

-Стенга оьху шу  мокъачу  хенахь? (Мокъачу  хенахь тхо хуьнах оьху)

-Х1ун ю хьуьнхахь? (Хьуьнхахь ду  ц1азамий)

-Х1ун до аша  царна? (Оха  ц1азамий  лахьадо, 1аламан тидам бо)

-Шун юртана уллохь муьлха хи ду? (Тхан юртана уллохь Гумс ду)

-Х1ун ю  цу  чохь? (Цу  чохь ч1ерий ду)

-Аша  лоьций  ч1ерий? (Оха ч1ерий лоьцу)

-Кхин х1ун до аша? (Тхо буьрканах ловзу)

-Шуна х1ун  аьлла хетта:  пайденна дуй аьхка  сада1ар? (Аьхка  иштта  сда1ар пайде ду. Ц1енчу х1аваэхь  г1уллакх дар , ловзар могашаллина  пайдехь ду)

аь)Сочиненин  кийча план таллар

1Аьхкенан 1алам.

2.Берийн  сада1ар.

3.Могашаллина  пайда гар.

-Маца дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ)

-Х1унда ? (Планан  кхоъ дакъа ду)

-Муха долор  ду  х1ора дакъа? (Ц1ечу  мог1анчура)

-Х1ун яздийр ду  хьалхарчу декъе? Х1ун эр дара  аьхкенан 1аламах лаьцна? (Т1екхечи хаза  аьхке.  Стиглахь лепа  дашо малх. Х1аваъ кхоччуш дохделла. Денош дахделла , буьйсанаш яцъелла)

-Х1ун эр дара  берийн сада1арх? Маца  юьйлало аьхкенан каникулаш? Муха хетта шуна ? (Аьхка   юьйлало  канийкулаш. Оха  уьш  ч1ог1а  хаза  д1ахьо)

-Х1ун эр дара  аша берийн сада1арх лаьцна? Дийца   стоьмийн бешах лаций. (Тхан  школан  беш ю. Бешахь кхуьу  1ежаш. Оха  уьш   схьабоху. Ч1ог1а  самукхане хуьлу бешахь)

-Кхин х1ун эр дара  аьхка сада1арх? (Тхо сих-сиха хуьнах оьху. Оха  хьуьнхахь  ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо. Тхан  юртана уллохь  жима татол ду . Оха  цу  чура  ч1ерий лоьцу. Тхо буьрканах ловзу)

-Могшаллина пайде дуй  иштт сада1ар? (Могушаллина  ч1ог1а   пайдехь ду  иштта  сада1ар)

б) Дешнаш таллар.

Т1екхечира, лепа, дохделла, дацделла, юйлало , д1ахьо,лоьцу

-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду  уьш?

4. Сада1аран миноташ.

5. Сочинени язъяр.

(Бераша  кхочушбо болх)

6. Жам1 дар.

7.Ц1ахь бан болх балар.

Шардар №