Олимпиадные задания по чеченскому языку, 8 класс

  • docx
  • 26.04.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала 8 кл.чеченский язык.docx

8-г1а класс олимпиада, нохчийн мотт

1. Ц1ердош – иза

: х1уманан билгало гойту къамелан дакъа

: х1ума билгалъеш долу къамелан дакъа ду

: дар я хилар гойтуш долу къамелан дакъа ду

: масалла я рог1алла гойту къамелан дакъа ду

 

2. Ц1ердашо гойту

: мухалла

: масалла

: х1ума

: рог1алла

3. Билгалдош – иза

: г1уллакхан къамелан дакъа ду

: ша лела къамелан дакъа ду

: коьрта къамелан дакъа ду

: коьртаза къамелан дакъа ду

 

4. Билгалзачу кепан хандош ду

: вахара

: дийцинехь

: вага

: хьаьгна

 

5. Хандешан карарчу хено гойту

: г1уллакх къамел дечу хенахь хилла хилар

: г1уллакх х1инца а дина цахилар

: г1уллакх дийр хилар

: г1уллакх дан дезар

 

6. Хандешнийн хенаш хуьлу

: (2)

: (3)

: (4)

: (8)

 

 

7. Куцдашо гойту

: дар я хилар муха, маца, мичахь, х1унда, мел кхочушхуьлу

: дар я хилар

: х1уманан хилам

: даран, хиларан билгало

 

8. Куцдош ду

: хаза суьйре

: хаза къолам

: хаза яздо

: хаза дийцар

 

9. Дешт1аьхье - иза

: ша лела къамелан дакъа ду

: коьрта къамелан дакъа ду

: г1уллакхан къамелан дакъа ду

: билгалдаьлла къамелан дакъа ду

 

10. Дешт1аьхьено гойту

: дешан билгало

: дешан уьйр

: кхечу дешнашца йолу юкъаметтиг

: дешан мухалла

 

11. Дешхьалхе - иза

: дашна т1екхеташ долу дакъа ду

: орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на луш долу лардан дакъа ду

: дешан хийцалуш доцу дакъа ду

: дешан тайп-тайпана форманаш кхуллу дакъа ду

 

12. Г1уллакхан къамелан дакъа ду

: ц1ердош

: куцдош

: айдардош

: дешт1аьхье

13.Предложени олу:

: д1аяздинчу дешнех;

: адамийн кхочуш хилла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех, я оццу маь1ница лелачу ша къаьстинчу дашах;

: йозанехь вовшахкхеттачу дешнех;

: дешнийн цхьаьнакхетарех.

14. Шайн аларан 1алашоне хьаьжжина предложенеш хуьлу:

: дийцаран, хаттаран, аларан;

: дийцаран, 1алашонан, айдаран;

: айдаран, кхайкхаран, хаттаран;

: дийцаран, хаттаран, айдаран.

15. Дог1у хьаьркаш х1иттаде чаккхенгахь (? . , !):

: Алахьа, хьо мила хила (?)

: Хьан муха хилла те сурт(?)

: Ахь мичахь йитина хилла

: Махкана хьо велла юрт (?)

( М. Сулаев)

 

 

16. Муьлхачу предложенешкахь нийса билгалъяьккхина подлежащи а, сказуеми а:

: Гурахь дитташ т1ера г1аш доьлху мажлой охьа.

: Соьлжа – г1алара хьаша веанера тхоьга.

: Асфальтан некъаш дехкина Веданан к1оштахь.

: Ч1ог1а кор тохарца самаваьккхира к1анта да.

 

17.Дешнийн цхьаьнакхетар –иза

: дешнаш уьйрашца вовшахкхетар ду

: ши дош вовшахкхетар ду

: дуккха дешнаш вовшахкхетар ду

: шиннал а сов дешнаш вовшахкхетар ду

 

18.Предложенехь дешнийн вовшашца йолу уьйр къастайо

: хаттаршца

: интонацица

: хьаьркашца

: кхечу билгалонашца

 

19. Дешнийн цхьанакхетарехь дешнаш хуьлу

: цхьатера

: коьрта а, дозуш а

: вовшех къаьсташ

: коьрта а, коьртаза а

 

20.Дешнийн цхьанакхетарехь коьрта дош ду

: хаттарна жоп луш дерг

: вукху дашах дозуш доцург

: шегара хаттар х1оттош дерг

: шакъаьстина леларг

 

21.Дешнийн цхьаьнакхетарехь дозуш долу дош ду

: шегара хаттар х1оттош дерг

: хаттарна жоп луш доцург

: коьртачух дозуш доцург

: коьртачух дозуш дерг

 

 

22. Цхьаьнакхетаран уьйрахь дешнаш цхьаьнакхета

: цхьаъ вукхунах дозуш

: цхьабосса бакъо йолуш

: цхьаъ коьрта долуш, важа коьртаза долуш

: цхьатерра бакъо йолуш

 

 

23. Карарчу уьйрахь дозуш долу дош коьртачух

: къаьсташ хуьлу

: къаьсташ ца хуьлу

: дозуш хуьлу

: цунах дозуш ца хуьлу

 

24. Карара уьйр хуьлу

: цхьанакепара

: шинакепара

: еакепара

: кхаакепара

 

25. Бартбар-иза

: коьрта дош доллучу дожаре, терахье, классе дозуш долу дош х1отторан уьйр ю

: дозуш долу дош маь1ница коьртачу дашца хуттуш йолу уьйр ю

: коьрта дош доллучу терахье дозуш долу дош х1отторан уьйр ю

: коьртачу дашо дозуш долу дош шена оьшшучу дожаре х1отторан уьйр ю

 

26. Бартбаран уьйр йолу дешнийн цхьаьнакхетар ду

: Салмана кховдийра

: сихха схьаийцира

: чехка едира

: жима Адам

 

27. Предложенехь дешнийн вовшашца йолу уьйр къастайо

: хаттаршца

: интонацица

: хьаьркашца

: кхечу билгалонашца

28. Дешнийн цхьанакхетарехь коьрта дош ду

: хаттарна жоп луш дерг

: вукху дашах дозуш доцург

: шегара хаттар х1оттош дерг

: шакъаьстина леларг

 

29. Цхьаьнакхетаран уьйрахь дешнаш цхьаьнакхета

: цхьаъ вукхунах дозуш

: цхьабосса бакъо йолуш

: цхьаъ коьрта долуш, важа коьртаза долуш

: цхьатерра бакъо йолуш

 

30. Урхалла-иза

: коьртачу дашо дозуш долу дош шена оьшшучу кепе х1отторан уьйр ю

: коьртачу дашо дозуш долу дош дожаре х1отторан уьйр ю

: дозуш долу дош маь1ница коьртачу дашна т1етовжаран уьйр ю

: коьрта дош доллучу терахье дозуш долу дош х1отторан уьйр ю