Открытий урок на тему "Дерриг а тIамна"
Оценка 5

Открытий урок на тему "Дерриг а тIамна"

Оценка 5
docx
13.12.2023
Открытий урок на тему "Дерриг а тIамна"
Н.ЛИТ 9 класс.docx

Автор Гагаева Таус Мухаддиевна

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Ӏ. Мамакаев. «Дерриг а тIамна», «Даймехкан тIом болчохь» стихотворенеш.

 Iалашо: Ӏ. Мамакаевн дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар.

Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймахках йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, махке, къоман  гIиллакхашка  безам  кхоллар.

 

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

 

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Вай бийриг Даймехкан

                                   ТIом беца, кIентий!

                                  Даймехкан ирс лардар

                                  Сий деца, кIентий!

                                                                       /Ӏ.Мамакаев/

 

Урок дIайахьар

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок.

- ДIайеша байт. Мила ву цуьнан автор?

- Стенах лаьцна йу и байт? Муьлха тӀом бу хаьий шуна автора буьйцург?

- Даймехкан ирс лардар хӀун лору лирически турпалхочо?

- Сийлахь - боккхачу Даймехкан тӀамах лаьцна шуна х1ун хаьа?

-Хьан эр дара аш, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Дешархошка билгалйоккхуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

Хьехархочун дош

         -Нийса боху. Тахана вай Мамакаев Шамсуддинан Ӏаьрбих лаьцна дуьйцур ду, карлабоккхур бу цуьнан дахаран а, кхоллараллин а некъ. Иштта йийцаре йийр йу цуьнан «Дерриг а тIамна», «Даймехкан тIом болчохь» стихотворенеш.

     Мамакаев Ӏаьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Ноьврехь. Иза гӀараваьлла нохчийн йаздархо а, гочдархо а вара. Мамакаев Ӏаьрби нохчийн литературин бухбиллархойх цхьаъ лору. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна, берийн цIахь кхиира иза. Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» арайелира 1940-чу шарахь. Уггаре гоьйаьллачех цхьаъ йу цуьнан поэма «АслагӀа а, Селихат а». Вайнах цӀера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза йуха а чувоьллира. Т1аккха иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магаданехь хан йоккхуш, цо йазйина цхьа а байт хууш йац. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалх дIакхетархьама. 1957-чу шарахь нохчашна цIа бахка бакъо йелча, Нохчийчу йухавирзира Iаьрби. Даймехкан ойлайо Мамакаев 1аьрбис шен дукхах йолчу произведенешкахь. Даймахке болчу безамах йуьззина йу цуьнан кхолларалла. Даймехкан дуьхьа вехаш ву лирически турпалхо. Стеган мехалла цо махкана, халкъана дечу г1уллакхашца билгалйолуш хилар ч1аг1до поэта. Дукха халонаш лан дийзира цуьнан шен дахаран оьмарехь, делахь а халкъан дуьхьа хьегна къа цкъа а довр дац. Цкъа а йовр йоцуш, мехала лар йу цо нохчийн литературехь йитинарг.

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

Литературин теори: повестан жанр

(Дешархоша повестах лаьцна шаьш кечбина хаамаш бовзуьйту).

 

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

·        Хьехархочун дош.

         1941-чу шеран асаран беттан (июнь)22-чу дийнахь фашистски Германис йамартлонца болийнчу тӀамо йукъахбаьккхира адамийн машаран къинхьегам. Ӏаламат йаккхий халонаш х1иттира Даймахкана хьалха. Дерриге халкъаш гӀевттира мостагӀчунна дуьхьал. Сийлахь-боккха Даймехкан тӀом болчу шерашкахь, массо къаьмнийн литературашна санна, нохчийн литературина хьалха а хӀиттира Даймохк къизачу мостагӀчух ларбарна тӀехьажийна долу сийлахь декхарш. Цхьаболу йаздархой, герз кара а лаьцна, тӀаме хӀиттира, вукхара исбаьхьаллин дашца адамийн дегнашкахь луьра цабезам кхиабора мостагӀчуьнга. Шайн произведенешца цара кхин а алсамбоккхура шен халкъе а, Даймахке а болу цӀена безам, ткъа бӀаьхойн дегнашкахь кхиайора стогалла, майралла, доьналла.  

           ТӀеман йуьххьехь дуьйна йаздархойн коьрта тема хилла дӀахӀоьттира Даймохк мостагӀчух паргӀатбаккхар. Йаздархойн йерриге а произведенеш оцу Ӏалашоне хьажийна йара. Шайн поэтически произведенешкахь дешан говзанчаша Ӏорайохура мостагӀчун йамарт Ӏалашонаш, дерриге адамашка ондда дуьхьало йаре кхойкхура. Оцу кхайкхамца йу тахана вай шуьца йийцаре йан билгалйаьхна йолу Мамакаев Ӏаьрбин «Дерриг а тIамна», «Даймехкан тIом болчохь» стихотворенеш.

 

·        Стихотворенийн чулацам тӀехь болх

(Хьехархочун харжамца цкъа дуьххьара ша йа дика йоьшучу дешархошка йоьшуьйту, цул тӀаьхьа чулацам тӀехь болх бо)

 

Мамакаев Iаьрби «ДЕРРИГГЕ А ТIАМНА»


 Европехь фашизмо                                

Iаьржа ун хецна:

Маса гIала, йарташ йу

Белхаршка йевлла, –

Дийначийн каш хилла

Iазапо лаьцна,

Беллачийн ирс хилла

Цу балех бовла.

Вайн динчу лаьтта тIе

Некъ баккха унна,

Гитлера болийна

Вайца тIом тахна.

Болатан ЦIен Эскар

ТIетаьIна цунна –

Дерриг а дIалур вай

Даймехкан тIамна!

ТIом – тIом бу, вер, чов йар

Дац цигахь хийра,

Хьо хьайха кхаьрдийла

Ма йелахь, доттагI,

Вайн халкъан дика кIентий

Леташ бу майра.

Летачийн гIо делахь

Балхаца гIоддах!

Хьекъаде ховхачу

Арешкахь йалта,

Буьртигах хIоъ хирриг,

МостагIий эго,

Вышканаш, совдаккха

Вайн мехкдаьтта,

Уьттазза совдаккха

МостагIий баго!

Нохчочун, гIалгIачун

Йахь йолу нана,

Хьайн доьзал хазбинчу

Мехкан сий лардан,

Кечвелахь тахна,

Ца йухуш, тIаме воI.

Вай мостагI вохоре

Кхойкхуш йу парти.

Халкъан бакъ къийсинчу

Граждански тIам тIехь

Молхано духар тIе

Йис тоьхна дара,

Стогаллин, сихаллин

Хьехар дай, тIам тIе

ВоI новкъа ваккхалахь

Мехкан сий лардан!

Дог-майра, дика кIентий,

Дарлолаш тахна,

Дистинчу хин йуьхьо,

ГIайрин гIум санна,

Вайн бакъчу дералло

Фашисташ, тоьхна,

Кху лаьттан букъ тIера

ДIабоххург хьаькхна!    1941


 

 

 

 

 

ТIАМНА КА ЙОЛИЙЛА (Даймехкан тIом болчохь)

 

Даймехкан тIом бечохь

Дог майра летачун,

МостагIий кегбечохь

ТIамна ка йолийла!

 

Вайн халкъан кIенташлахь

КIиллолла лечкъочун

Сийсазчу иэхьалахь

Буьйда дегI ма хьелойла!

 

Вай бийриг Даймехкан

ТIом беца, кIентий!

Даймехкан ирс лардар

Сий деца, кIентий!

 

ТIамехь волчу кIентан нана,

ВоIе толам баккхийта,

Эрна хабарш доцуш тахна,

Арахь белхаш кхехкийта!

 

Майрачех майранаш –

Вай кIентий деца,

Даймахка гIоьртинарг

Вай вохор веца.

 

Ц1ен эскар летачохь

Толам бу даим,

Компартис бакъ лардан

Iамадар даим!

 

1941

 

 




V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

·        Ӏ. Мамакаевн «Дерриге а тӀамна» стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Ӏ. Мамакаевн «Дерриге а тӀамна» стихотворени?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- Муха кхета шу хӀокху могӀанех: Дийначийн каш хилла

                                                               Iазапо лаьцна,

                                                               Беллачийн ирс хилла

                                                               Цу балех бовла.

- ХӀун сурт хӀутту вайна дуьхьал и могӀанаш дешча?

- Стенна тӀехь гӀо лацар доьху лирически турпалхочо мостагӀчух летачу бӀаьхошна?

- Нохчочун, гIалгIачун йахь йолчу нене х1ун дехар до цо?

- Вай мостагI вохоре

  Кхойкхуш йу парти - бохучу дешнех муха кхета шу? Йуьйцург хIун парти йу хьанна хаьа?

(Кхузахь дешархошна оцу заманах лаьцна дуьйцуш, шайна ма-хетта дош ала а, Даймохк хесто а йиш йоцуш, вайн йаздархоша лайна хало йовзуьйтуш дIабахьа мегар ду кхетош-кхиоран болх)

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

- ХIун кхайкхам бо поэта халкъе?

- Стихотворенина тиллинчу цIеран маьIна хьан достур дара? Нийса тиллина аьлла хетий шуна и цIе?

·        Ӏ. Мамакаевн «Даймехкан тIом болчохь» стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Ӏ. Мамакаевн «Даймехкан тIом болчохь» стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

- Довзийта шайна уггар хазахетта могӀанаш. Даста церан маьӀна.

·        Дешнаш тӀехь болх

Ӏаьржа ун, Ӏазап, Болатан ЦӀен Эскар, чов, хӀоъ, йис, кӀиллолла

VI. ЖамIдаран хаттарш

- Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Сийлахь – боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь хӀун декхарш хӀиттира литературина хьалха?

- Мила ву Мамакаев Ӏаьрби? ХӀун хии вайна цуьнан дахарх, кхоллараллах лаьцна?

VII. Рефлекси.

Суна хии….

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. ПРОЕКТ. «Сийлахь – боккха Даймехкан тӀом болчу хенахь…» темина реферат кечйан.

2. Ӏ. Мамакаев. «Дерриг а тIамна», «Даймехкан тIом болчохь» стихотворенеш шера йеша.

 

 

 

Нохчийн литература -9  класс

 

            Урокан цIе: Ӏ. Мамакаев «Турпалчу танкистан доьзал» очерк

 

        Iалашо: Ӏ. Мамакаевн дахаран а, кхоллараллин а некъ карлабаккхар;    

монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш,  дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймехкан Iаламан хазаллах йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, махке, къоман  гIиллакхашка  безам  кхоллар.

       Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

 

      Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун  комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

 

    Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

 

Урокана эпиграф: ТIамехь волчу кIентан нана,

                         ВоIе толам баккхийта,

                         Эрна хабарш доцуш тахна,

                         Арахь белхаш кхехкийта!

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок.

ТIамехь волчу кIентан нана,

ВоIе толам баккхийта,

Эрна хабарш доцуш тахна,

Арахь белхаш кхехкийта!

- ДIайеша байт. Мила ву цуьнан автор?

- ХӀун хан йу стихотворени тӀехь йуьйцург?

- Муха кхета шу оцу могӀанех?

- Хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Хьехархочун дош

 - Нийса боху. Тахана вай йуха а Мамакаев Ӏаьрбин кхоллараллах лаьцна дуьйцур ду.     

    Йийцаре йийр йу цуьнан «Турпалчу танкистан доьзал» очерк.

- Очерк хIун йу хьанна хаьа?(дахарера гӀуллакхаш гойтуш,билгалволчу стагах дуьйцуш йолу жима эпически произведени)

 - Хьан эр дара аш, муьлха произведени Iамор йу вай тахана?

 - ХIун йу цуьнан цIе?

 - ХIун болх дIахьур бу вай тахана урокехь?

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

- Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

- Муьлха хан йу стихотворенеш тIехь йуьйцург?

- Сийлахь – боккхачу Даймехкан тӀамах лаьцна баккхийчара дуьйцуш хезний шуна?

- Цу т1амехь дакъалаьцна вайн къоман турпалхой бевзий шуна?

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

- Бераш, Сийлахь – боккхачу Даймехкан тӀеман хенахь дукха йазйина Даймохк ларбаре кхойкхуш, адамийн дегнашкахь мостагIчуьнга луьра цабезам г1аттош йолу произведенеш. 1941 шо чекхдолуш арайелира нохчочун Мазаев Маташан бIаьхаллин хьуьнарш дуьйцуш йазйина «Капитан Маташ Мазаев» цIе йолу книга. Иштта зорбане йелира Мамакаев Iаьрбин «Турпалхочун танкистан доьзал» очерк а, «Чевнаш хиллачу капитане» цIе йолу стихотворени а, иштта дIа кхин а. Ишттачу произведенеша майрачу турпалхойх масал эцаран а, Даймехкан паргIато ларйаран а хьокъехь йен ойла а, лаам а чIагIбора.

    ХIинца вай шуьца Ӏаьрби Мамакаевн «Турпалчу танкистан доьзал» очеркан чулацам тIехь болх дIахьур бу …

(Соьцуш йешаран технологех пайда а оьцуш, дешархошца болх дIахьо)

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

·        Очеркан хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Хьанах лаьцна йу очерк? Мила ву Маташ Мазаев?

- Муха ши стаг ду Хьамзатханний, Балий?

- Шайга баьхкина хьеший муха тIеоьцу Маташан дас-нанас?

- Хьешашца дечу къамелехь тIамехь уггар вон лорург хIун ду ша боху Хьамзатхана?

- Шуна хIун аьлла хета, дозалла дой дас шен кIантах?

-Хьенен дагахь дерг ду боху йаздархочо Мазаевн ден-ненан дешнашца хаалург?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила ву Маташ Мазаев?

- ХIун керланиг хии вайна очерк йешча цуьнан дахарх лаьцна?

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг

(Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Маташ Мазаев – къоман турпалхо» (проект)

2. Ӏ. Мамакаев «Турпалчу танкистан доьзал» очерк шера йеша, хаттаршна жоьпаш дала.

 

Нохчийн литература -9  класс

 

Урокан цIе: М. Мамакаев. «И йоьлхуш йац», «КIиллочунна» стихотворенеш

Iалашо: Мамакаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш карлабахар; монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймахке, къоман гӀиллакхашка безам кхоллар, кӀиллолла дайн Ӏадаташкахь даима йемалйеш хилар довзийтар.

 

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, къастош йешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, байтан анализ йаран кепаш.

 

Урокана эпиграф: Къам, хIусам йа Даймохк мичахь бу хьан?

                                   Йиш-вешин, доттагIчун цIе йаккхал ахь.

                                   Даймохк бац, къам а дац, осала са,

                                  Хьуо дийна хилчхьана тоьинчу хьан!

/М. Мамакаев/

 

Урок дIайахьар

I.                   Урокана кечамбар.

II. Ойла тIейерзор.

- Мила ву лакхахь йалийнчу байтан автор?

- Мохьмад Мамакаевн байтан маьIна хьан дийр дара аш?

- Муьлхачу стеган васт ду поэта йемалдийриг?

- КӀилло стаг муха лоруш хилла вайн дайша?

-Тахана хьанах лаьцна дуьйцур ду вай?

(Дешархошка шайга билгалйоккхуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

·        Хьехархочун дош

Мамакаев Мохьмад вина 1910 шеран  гӀуран беттан 16- чу дийнахь Ачхой-Мартанехь ахархочун доьзалехь. Шен ворхI шо долуш дех-ненах ваьлла, байлахь висна жима Мохьмад. Гергарчу наха а, Iедало а терго йина кIентан. Иза дIаэцна Асланбековски берийн цIийне (хIинца Серноводск), цигахь дешна йуьхьанцарчу школехь . Йуккъера школа чекхйаьккхина Соьлжа-гIалахь. “Со вина де”, “Ненаца дина къамел” поэмаш тIехь дийцина йаздархочо шен бераллех, дешаран шерех лаьцна. Хала хиллехь а, хаза хан йара иза, боху поэта. Цуьнан дуьххьарлера исбаьхьаллин произведени зорбатоьхна 1926-чу шарахь «Серло» газета тIехь. Мохьмад Мамакаевн произведенийн турпалхой шен халкъ а, мохк а безаш, шен сил а деза Даймехкан сий лерина болу бакъ къонахий бу.Ша а хилла иза иштта. Мамакаев Мохьмадан дахаран некъ хедира 1973 шеран мангалан беттан 17-чу дийнахь.

Даймахке ховха безам кхиош йара цуьнан тӀеман хенахь йазйина стихотворенеш. Царах цхьайерш тахана вай шуьца толлур йу.

(Мохьмад Мамакаевн «И йоьлхуш йац», «КIиллочунна» байташ йешар. Текст цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту).

· Мамакаев Мохьмад «И йоьлхуш йац»

Дог Ӏовжош йу цуьнан «И йоьлхуш йац» цӀе йолу жима стихотворени. Говза поэтически васт кхуллуш гайтина цу т1ехь тӀамехь кӀант вийна нана. Шен кӀантах дог лозу цуьнан, холчухӀоьттина иза, амма йоьхна йац. Даймахке деана вон кхин а алсам Ӏаьткъина нанна, бекхаман ойла гӀаттийна цо ненан кийрахь:

Шен кӀентан коша тӀехь лаьтта

ХӀан-хӀа, йац! Йоьлхуш йац и нана:

Катоьхна и борзах хьаьрчи.

ТӀаккха, шен кхолламна кӀел сецна,

И гӀаьтти дог цӀарца догуш,

Йагийнчу хӀусамех бӀаьрг кхетта-

ГӀулч йаьккхи цуо, хьалха йолуш.

ЦӀе йаккха, доттагӀа, нуьцкъалчун:

Безамо гулйина чӀир йу,

Йа ненан сийлахьа безам бу?

 

·        Хаттаршца доьзна къамелдар

– Стенах лаьцна йу хIара стихотворени?

 – ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

 – Муха гайтина автора ненан сурт? Йоьлхуш йуй и?

 – Шена хиллачу бохамал деза х1ун лерина нанас?

Дийца, муха кхета шу хӀокху могӀанех:

Йагийнчу хӀусамех бӀаьрг кхетта-

ГӀулч йаьккхи цуо, хьалха йолуш.

ЦӀе йаккха, доттагӀа, нуьцкъалчун:

Безамо гулйина чӀир йу,

Йа ненан сийлахьа безам бу?

                       – Нийса боху. КӀант вийначу ненан васт хӀоттош, йаздархочо къегина гайтина цуьнан Даймахке болу цӀена безам. ТӀаме боьлхучу кӀенташна наноша тӀедуьллуш хилла майра хилар, Даймахкана оьшучохь, ша ца кхоош, са дӀадала а кийча хилар. Осалалла, кӀиллолла даима эхье лерина вайн къомо.

 

Мамакаев Мохьмад «КIИЛЛОЧУННА»

Ткъа муха дойур ду хьоь аьлла дош?

Хьох дахна наьIалт ас дIакхайкхадер!

Сан дайша осала лерина хьо,

Хьоьга дIавистхилар эхь кхайкхадеш!

 

Къам, хIусам йа Даймохк мичахь бу хьан?

Йиш-вешин, доттагIчун цIе йаккхал ахь.

Даймохк бац, къам а дац, осала са,

Хьуо дийна хилчхьана тоьинчу хьан!

 

Хьайна хьакъ – сан наьIалт дIаэцал ахь,

Ас хьуна кечдина йовссаран каш!

Сов доьша ца кхаьчна ведда вац хьо?

«IовхI», – бохуш, ламанна чугIерта хьо.

 

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз

Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу...

Кхоссалаш, кхоссалаш кIарлагIе бIал!

И хьан барз наьIалтца хьекъабеш бу.

 

– Бераш, Мамакаев Мохьмада шен «КӀиллочунна» цӀе йолчу стихотворени тӀехь дика гайтина стешхалла, тӀамехь шен са дадийна лелар халкъалахь дукха сийсаза лоруш хилар. Ишттаниг, йуха цӀавирзича, тӀе ца оьцу дас а, къомо а, махко а. Халкъан цӀарах боху поэто кӀиллочуьнга:

Къам, хIусам йа Даймохк мичахь бу хьан?

Йиш-вешин, доттагIчун цIе йаккхал ахь.

Даймохк бац, къам а дац, осала са,

Хьуо дийна хилчхьана тоьинчу хьан!

 

– Халчу хенахь Даймахкана йамарт хиллачунна цкъа а геч ца до  

 адамо, мелхо а неӀалт кхайкхош бӀалл кхуссу цунна:

ДIо новкъахь гуш болу и лекха барз

Ас хьуна кхийсинчу бIаьллеха бу...

Кхоссалаш, кхоссалаш кIарлагIе бIал!

И хьан барз наьIалтца хьекъабеш бу.

·        Дешнаш тӀехь болх

Хьакъ -

бӀалл -

йовссар -

кIарлагIа-

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

·        Хаттаршца доьзна къамелдар

 - Муха хийти шуна хӀара байт?

 - Байтан маьӀна хьан достур дара?

- Мила ву боху поэта вайн дайша осала леринарг?

- ХӀун хаьа шуна Сийлахь- боккха Даймехкан тӀамах лаьцна?

- Цу тӀамехь дакъалаьцна вайн къоман муьлха турпалхой бевза 

  шуна?

VII. ЖамIдаран хаттарш.

     – Муьлха произведенеш Iамий вай тахана?

     – ХIун ойла кхоллайели шун уьш йешча?

     – Мамакаев Мохьмадан кхин муьлха произведенеш йевза вайна?

VIII.Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна Iеми…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 IX. Хаарийн мах хадор.

(Шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а билгал а дохуш, дешархоша шаьш хадабо шайн хаарийн мах)

 

X. ЦIахь кхочушдан дезарг

  I. «КIиллочунна» байт дагахь Iамайе.

  2.ПРОЕКТ «Мила ву къонах?» темина сочинени.

 

Нохчийн литература -9  класс

 

 

      Урокан цIе: Сулаев М. «ГӀовтта», «Малх тоьлур бу» .

           Iалашо: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар;  

  поэтически текст талла хаар кхиор; шен махке, Iаламе безам кхоллар.

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух кхета, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, пейзажни лирикин башхаллаш йовза, поэтически текстана анализ йан.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

 

Урок дIайахьар

I.Урокана кечамбар.

II.Ойла тIейерзор.

…Тахана стеган мах

Даймахкехьа тӀам тӀехь

Ша хӀоттийнарг бу!.. /Сулаев М/

 

- ДӀадеша дешнаш. Мила ву церан автор?

- Хьан дийр дара аш оцу дешнийн маьӀна?

- Дийца, хьенан кхолларалла толлур йу вай, стенах лаьцна дуьйцур ду тахана?

(Дешархошка билгалйоккхуьйту урокан цIе а, цуьнан Iалашонаш а, декхарш а).

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

- Стенах лаьцна дийцира вай дӀайаханчу урокехь?

- М.Мамакаевн кхоллараллах лаьцна хӀун хии вайна?

- Муха хийти шуна цуьнан байташ? Стенах лаьцна йу уьш?

-ХӀун ду церан коьрта маьӀна?

(Хьехархочо толлу дешархойн хаарш)

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

          Хьехархочун дош

 – Тахана вай дуьйцур ду Сулаев Мохьмадах а, цуьнан «ГӀовтта», «Малх тоьлур бу» цIе йолчу произведенех а лаьцна.

     Гоьваьлла нохчийн йаздархо а, байтанча а Сулаев Абун Мохьмад вина 1920-чу шеран товбецан беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, йаздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ йазйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма йазйарца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар арайаларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре» … Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

(Цкъа хьалха хьехархочо, цул тIаьхьа дешархоша йоьшу Сулаев Мохьмадан «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма).

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

– Стенах лаьцна йу «Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма?

ХIун суьрташ хIуьттура шун коьртехь поэмин могIанаш доьшучу хенахь?

Вайн къоман муьлхачу турпалхочух лаьцна йу поэма?

                Шу гинчу сохьтехь карахь герз ца нислахь,

                Шен кийрара даьккхина цо дог тухур ду!

                Дуьненнал бомба тIекхетча санна,

                Шу лелхар ду.

 – МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу бIаьхочун лаам а, доьналла а муха гойту поэта хӀокху могӀанашкахь? (нуьцкъала)

        

VI. Поэмин исбаьхьаллин башхаллаш къастор

– «Малх тоьлур бу» поэми тIехь автора говза пайдаоьцу поэтически гIирсах: символаш, дуьхь-дуьхьал хIоттош хIума гайтар, даьржина дустарш, метафораш, стихан интонаци – и берриг исбаьхьаллин гIирсаш цхьана Iалашоне хьовсийна бу, поэмин чулацам хIоранна а даг тIе кхачийтаран Iалашонца пайдаэцна царах.

 

– Белхан тетрадаш тIе схьайазде текстера дустарш а, метафораш а.

VII. Урокан жамI.

– Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

– Оьрсийн меттан литературин урокашкахь Iамийна вай буьйцучу Сийлахь- боккха Даймехкан тӀеман темина йазйина цхьа а стихотворени дагайогIий шуна?

Хьехархочун комментари.

-«Малх тоьлур бу» цIе йолу поэма Сулаев Мохьмада йазйина 1943-чу шарахь. Иза тIеман хенахь нохчийн литературехь йазйинчарах уггар йоккха а, чулацаме а произведени йу. Шуьйра чулацам а, кIорггера идейни маьIна а ду поэмин. Фашистки Германин Iаьржа хьарамло ма-йарра гайтар, даймахкарчу адамийн йоккха патриотизм, дерриг адамаш цхьабарт болуш мостагIчунна ондда дуьхьал довлар, вайн тIемалойн турпалалла, церан йоккха патриотизм, тылехь адамаша боху къинхьегаман толамаш, мостагIчунна тIехь толам баккхийта массанхьа а адамаш вовшахтохар – иштта шуьйра чулацам болу гIуллакхаш къастадо поэми тIехь. МостагI мел чIогIа велахь а цунна тIехь толам боккхург хилар чIагIдо автора.

     Поэта шен поэми тIехь ши идея, ши ницкъ гойту дуьхь-дуьхьал лаьтташ. «Цхьаъ – Серло – СССР коьртехь! Важа – Бода – гитлеризм коьртехь!» Серлой, Бодий поэтан символаш йу. Серло – диканиг, адамашна паргIато йахьарг, машаран идеалах дозуш дерг ду. Бода – вониг, къизаниг, Iазапехь адам латтош дерг, фашизмах дозург ду.

Фашисташ йамарт Iалашонаш йолуш бу, уьш машаречу адамийн мостагIий бу. Поэта говза суртхIоттош боху иза:

                Фашисташ! Можа кучамаш! Iаьржа дегнаш!

                ТIаьххьара, шаьш далале аьлла.

                Шу тохаделла, карзахдевлла,

       Амма оцу адамийн мостагIашна дуьхьал гIевттина «миллионийн дегнаш», цундела уьш эшор бу, шаьш балале, тIаьххьара зуламаш ду цара деш дерш, боху поэта.

    Боккхачу Даймехкан дерриг халкъаш вовшашца йуххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьатерра мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан.

 ТIом чекхбала ши шо долуш йазйинчу поэми тIехь Сулаев Мохьмада дог тешош гайтира даймехкан халкъаша фашисташна тIехь шеко йоццуш толам боккхург хилар. ТIеман халчу муьрехь мостагI эшориг хиларан ойла адамийн дегнашкахь чIагIйар доккха маьIна долуш гIуллакх дара.

VIII.Рефлекси.

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

IX. Хаарийн мах хадор.

X. ЦIахь кхочушдан дезарг

  

Нохчийн литература -9  класс

 

Урокан цIе: Х. Эдилов. «Суьрте», «Кавказан аьрзу» стихотворенеш 

Iалашо: Эдилов Хасмохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш карлабахар; монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймахке, къоман гӀиллакхашка безам кхоллар.

 

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, къастош йешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, байтан анализ йаран кепаш.

 

Урокана эпиграф:

Курра схьахьоьжу хьо, Кавказан аьрзу,

ТIам тоха, гIаттабе хьайн турпал тIам!

Хьо веца, мохк ларбеш, «Максимца» хьаьрса

МостагIий цоьстуш, цIийн хIоттийнарг Iам!

/Эдилов Х/

Урок дIайахьар

Ӏ.Урокана кечамбар.

II. Ойла тIейерзор.

- Мила ву лакхахь йалийнчу байтан автор?

- ДIадеша могIанаш. Хьан эр дара аш хьанна лерина йу и байт?

- Тахана хьанах лаьцна дуьйцур ду вай?

(Дешархошка шайга билгалйоккхуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

·        Хьехархочун дош

    Поэт, прозаик Эдилов Хасмохьмад вина 1922-чу шеран лахьанан беттан 16-чу дийнахь Нохчийчоьнан Ачхой-Мартан кӀоштарчу ВаларгтIехь ахархочун Эдалан доьзалехь.
   Эдилов Хасмохьмада йуьхьанца цIахь дешна. Йуьртара школа чекхйаьккхинчул тIаьхьа 1936-чу шарахь хьехархойн училищехь а, тIаккха Нохч-ГIалгIайн АССР-н Халкъан дешаран комиссариатехь йиллинчу политпросвет школехь а дешна цо. 1941 – 1944 шерашкахь Эдилов Хасмохьмада белхаш бина Халкъан дешаран комиссариатехь школийн инспектор волуш а, республикански Халкъан кхоллараллин цIийнан инструктор волуш а волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а.

     Эдилов Хасмохьмад йаздан волавелла 1937-чу шарахь, хьехархойн училищехь доьшуш волчу хенахь. Амма шина-кхаа шарахь а шен стихотворенеш зорбане ца йелла цо, уьш ледара хеташ. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбанехь арайаьлла 1939-чу ша­рахь.

    Доккха гIуллакх дина Эдилов Хасмохьмада кхечу къаьмнийн литературин произведенеш нохчийн матте йохуш а. Цо гочйина луларчу къаьмнийн а, оьрсийн поэтийн стихаш. Нохчийн матте йаьккхина М. Ю. Лермонтовн «Измаил-Бей» цIе йолу поэма, дуккха а кхийолу цуьнан стихотворенеш а.
     Эдилов Хасмохьмад кхелхина 1991-чу шеран лахьанан беттан  11-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь.

     Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан йаздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна йара Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а. Уьш йара: “ТIемало –хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”. Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна дуьхьал луьрчу къийсаме хIоьттинчу бIаьхочун дог - ойла, иза эшо болу цуьнан лаам а, доьналла а гайтина автора оцу стихотворенешкахь.

Царах «Суьрте», «Кавказан аьрзу» цӀе йолу стихотворенеш тахана вай шуьца толлур йу.

   Говза йазйина йу «Суьрте» стихотворени. Турпалхочун хьуьнар гойтучу чулацамца йогIуш йу стихотворенин форма. Айаме йу метафораш а, стихан интонации а. Вовшашца хуьйцуш далийна риторически айдарш, риторически хаттарш, риторически тIедерзарш. Цара гIо до бIаьхочун турпалалла гойтуш долу васт кхолла.

(Хьехархочо цкъа ша, цул тIаьхьа дешархошка йеша а  йоьшуьйтуш, стихотворенийн чулацам тӀехь бол бо).

 

Эдилов Х. «Суьрте»

Къона йуьхь, горга йуьхь хьан паргIат хьоьжу.

Ламанан майрачу аьрзун ши бIаьрг.

«Цо вийна исс бIе ткъа фашист…» – ас доьшу –

Къонаха, стогаллех ца оьшуш хьаьрк!

 

Курра схьахьоьжу хьо, Кавказан аьрзу,

ТIам тоха, гIаттабе хьайн турпал тIам!

Хьо веца, мохк ларбеш, «Максимца» хьаьрса

МостагIий цоьстуш, цIийн хIоттийнарг Iам!

 

«Кара вола… гуо лаьцна…» – мостагI цавашар

Дохадеш, жоп делларг, хIиттабеш кIур:

«Мас йоцу тIам бу сан – тешаме мажар,

Болатан мIараш йу сан – терса тур»!

 

Хьо вуй и нохчийн кIант – со хьайха хьоьгург,

ТIаьхьешка вийцийта даьккхинарг сий?

Турпалчу халкъашна майралла хьоьхург,

Дийнаниг, пхенашкахь ца кхехкаш цIий?!

 

·        Хаттаршца доьзна къамелдар

 – Хьанах лаьцна йу хIара стихотворени?

 – ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

 – Муха гайтина автора бӀаьхочун сурт?

 – Дийца, муха кхета шу хӀокху могӀанех:

Турпалчу халкъашна майралла хьоьхург,

Дийнаниг, пхенашкахь ца кхехкаш цIий?!

·        Дешнаш тӀехь болх

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам. Эдилов Х. « КАВКАЗАН АЬРЗУ»

 


Iемина куьйгаш ду

Иттанийн метта,

Дехчана майра дог –

Нохчочун кийрахь,

Цкъа а тIех туьлий техь?

Цо даш тIедетта,

Эшначу мостагIчо

Сауьйзй цIийлахь.

«Максимца» кIелонехь

Хиллачохь аьрзу,

Толаме мостагIчо

Ца даьхна дог а.

Кхиинчохь тешамен

Пулемет тIейерзон,

Ханпаша йухнехьа

Ца ваьлла ког а.

«Максиман» «дош» хеззе,

ХIоъ кхочче веънарг,

Ведча а ваьллий ткъа,

Iожаллех хьалха?

Кавказ, хьаш аьрзу йу

Уьш къиза хьекхнарг,

Кхехкачу тIемашкахь

Висча а хьалха.

 

«ЦIарах со вогийла,

Йухаъ ца волуш», -

Болатан ойла йу

Кавказан аьрзун.

Тарлой цIе, Ханпаша,

Дешица кхолуш,

Ца йазйан, ца йешан

Кхуоллалца бIаьрса.

 

Сан нохчийн, гIалгIайн халкъ!

ХIай мехкан халкъаш!

Йиш йуй-техь вицвалан

Ханпаша вайна?!

Вицлур вац! толамаш

Шен цIийцIа баьхна,

Даймахко санна,

цо Халонаш лайна.

 

 

 

Мокхазах суй санна,

Кавказах ваьлла,

Мохк ларба, лом санна,

Майра и гIаьттир.

Ша винчу халкъана

Дахар дIаделла,

Герзаца Iожаллин

ТIаме дIахIоьттир.

 

Хьо везаш, куьг кховдош,

Даггара сий деш.

Ханпаша, сан стих йу

Турпалчу хьоьга!

Сийначу Донан хи

Хьайн цIийцIа цIийдеш,

Толарна халкъан аз

Хьо хестош дека.

 

Декар ду халкъан аз

Дуьне мел деха,

Декар ду иллеш а,

Хьан хьуьнар дуьйцуш.

Дахарехь, ойланехь

Ца къастош шеха

Халкъо хьан, сийлахьчун,

Дохур ду сурташ.

 

 

 


 

·        Хьехархочун дош

 

      «Кавказан аьрзу», «Суьрте» цIерш йолчу стихотворенешкахь Эдилов Хасмохьмада хIоттийна вайн Даймехкан сийлахьчу кIентан Советски Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин васт. Нурадилов Ханпашас шен къона дахар дIаделла Даймохк ларбеш. Ханпашина дукха безара ша кхиийна Даймохк. Шен лаамехь фронте вахана волу Нурадилов чIогIа летара мостагIех, цаьрга болчу цабезамех дуьзнера цуьнан майра дог. Луьрачу тIамехь цхьа эзар гергга фашист вожийра турпалчу пулеметчика. Поэта исбаьхьаллин васт хIоттош билгалдоккху къоначу тIемалочун бIаьхаллин хьуьнарш, Даймехкан а, халкъан а дуьхьа цо шен дахар дIадалар. Нурадилов Ханпаша шен са кхоош а, Iожаллех кхоьруш а вац. Иза Даймахкана орцахваьлла, хьашт хиллачохь Iожалла тIе эца кийча ву.

VII. ЖамIдаран хаттарш.

     – Муьлха произведенеш Iамий вай тахана?

     – ХIун ойла кхоллайели шун уьш йешча?

VIII.Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна Iеми…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 IX. Хаарийн мах хадор.

(Шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а билгал а дохуш, дешархоша шаьш хадабо шайн хаарийн мах)

 

X. ЦIахь кхочушдан дезарг

1. Х. Эдилов. «Суьрте», «Кавказан аьрзу» стихотворенеш къастош йеша.

2. Царах цхьаъ дагахь Iамо

 

 

Нохчийн литература -9  класс

 

Урокан цIе: Х. Эдилов. «ТIемало – хьуна»  стихотворени

Iалашо: Эдилов Хасмохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъах болу хаамаш карлабахар; монологически къамел кхиор, керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран хаарш, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймахке безам кхоллар.

 

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: учебникца болх бар, къастош йешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, байтан анализ йаран кепаш.

Урокана эпиграф: «Ша винчу халкъана дахар дIаделла,

                                      герзаца Iожаллин тIаме дIахIоьттира»

/Эдилов Х/

Урок дIайахьар

Ӏ.Урокана кечамбар.

II. Ойла тIейерзор.

- Мила ву лакхахь далийнчу могIанийн автор?

- ДIадеша могIанаш. Хьан эр дара муьлхачу байта йукъара ду уьш? («Кавказан аьрзу»)

- Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду вай?

(Дешархошка шайга билгалйоккхуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

·        Хьехархочун дош

     Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелча, Нохчийчоьнан йаздархоша арахийцира “Фашисташна дуьхьал стихаш” цIе йолу книга. Оцу книги тIехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна йара Эдилов Хасмохьмадан масех стихотворени а: “ТIемало –хьоьга!”, “БIаьрзе стаг”, “Кавказан аьрзу”, “Суьрте”. Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна дуьхьал луьрачу къийсаме хIоьттинчу бIаьхочун дог-ойла, иза эшо болу цуьнан лаам а, доьналла а гайтина автора оцу стихотворенешкахь.     

    Исбаьхьаллин басаршца кхоьллина шен мохк йист йоцуш дукха безаш, иза ларбеш инзаре майралла гойтуш волчу тIемалочун васт. Шен дахар а, са а дIадала кийча ву иза фашисташна тIехь толам баккхарехьа къийсам латтош, Даймохк царах паргIатбаккха.Тахана вай шуьца толлур йу «ТIемало – хьуна» стихотворени.                                                                                                               (Хьехархочо цкъа ша, цул тIаьхьа дешархошка йеша а йоьшуьйтуш, стихотворенийн чулацам тӀехь болх бо).

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.     Эдилов Х.  «ТIЕМАЛО – ХЬУНА!»

 


Лийр воцуш, хьо тхоьца,

Хьох даккхийдерца

Хьан ларам чекхбаккха

Дехчина дегнаш.

Бекхаман ойланаш

Малхбузе керча,

Бекхам беш, отур бу

Махка ун деънарш.

 

Лазадели дог, саццал,

Хьан валар хезча,

Иччархо-бекхамхо,

Халкъан кIант Махьмуд!

Ца кхехкаш соцулда

Дог, хьох ца лезча,

Хьо верна бекхам бан

КIанта ца бахь къурд.

 

Хьо воьжна… Бекхамна

Ирйинчу церга

Уьш цеста хIиттинчийн

МогIарш хир деха.

Ца лаьа, вийнехь а

Ахь ши бIе гергга,

Ца лаьа вахийта

Хьо церан меха.

 

 

Кхоьручу ойланна

Дуьне сов деза,

Амма и вицво, цо

Хьаббешшехь бIаьргаш.

 

 

Майраниг! Хьо вожарх,

Ша доцу деса

Хьан вахар дехар ду,

Сийлаллехь къегаш.

 

 


·        Хаттаршца доьзна къамелдар

 – Хьанах лаьцна йу хIара стихотворени?

 – ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

 – Муха гайтина автора бӀаьхочун сурт?

 – Дийца, муха кхета шу хӀокху могӀанех:

Майраниг! Хьо вожарх,

Ша доцу деса

Хьан вахар дехар ду,

Сийлаллехь къегаш.

- Муха хийти шуна хӀара байт?

 - Байтан маьӀна хьан достур дара?

VII. ЖамIдаран хаттарш.

     – Стенах лаьцна дийци вай тахана?

     – ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

VIII.Рефлекси.

Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна Iеми…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 IX. Хаарийн мах хадор.

(Шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а билгал а дохуш, дешархоша шаьш хадабо шайн хаарийн мах)

 

X. ЦIахь кхочушдан дезарг

1. ПРОЕКТ. Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин мехалла

2. «ТIемало – хьуна» стихотворени къастош йеша, луучо дагахь Iамо.

 

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

 

Урокан цIе: Гадаев М. «Даймехкан лоьмашка», «ДоттагIашка» стихотворенеш

Iалашо: поэтан дахарх, кхоллараллех лаьцна болу хаамаш шорбар; Даймехкан лирикех кхетам балар;тӀамо йахьаш йолу къизалла а,цо ден зуламаш а довзийтар, маршонехьа,сийлахь Даймохк ларбарехьа йахь йолчу кӀенташка поэта бен кхайкхам бовзийтар, поэтически текст талла хаар кхиор; Даймахке, нохчийн литературе безам кхоллар.

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух кхета, вовшашца а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла , къамел дIадахьа, Даймехкан лирикин башхаллаш йовза, поэтически текстана анализ йан.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамел дар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

 

Урок дIайахьар

I.Урокана кечамбар.

II.Ойла тIейерзор.

«ТIом тIамо бен бухатоьхна бац». Кица.

Бераш, д1адеша таханлерачу урокана вай далийна кица.

Хьан достур дара аш цуьнан маьӀна?

Стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна вай тахана урокехь?

 (Дешархошка билгалйоккхуьйту урокан цIе а, цуьнан Iалашонаш а, декхарш а).

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

– Стенах лаьцна дийцира вай дӀайаханчу урокехь?

– Мила ву Эдилов Хасмохьмад? Цуьнан муьлха произведенеш йевзи вайна?

 – «ТIемало – хьуна» стихотворенехь муха гайтина поэта бӀаьхочун васт?

(Хьехархочо мах хадорца толлу дешархоша цӀахь кхочушбина болх)

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

          Хьехархочун дош.

          – Тахана вай дуьйцур ду Гадаев Мохьмад- Салахьах а, цуьнан «Даймехкан лоьмашка», «ДоттагIашка» цIе йолчу стихотворенех а лаьцна.

           Гадаев Мохьмад-Салахь вина 1909-чу шарахь ГIуран-беттан 10-чу дийнахь Нажи-Юьртан к1оштара Чуьрч-Ирзе йуьртахь.
Чуьрч-Ирзехь чекхйоккху цо ворх1шеран ишкол. Цул т1аьхьа доьшу Ростов-г1алахь рабфакехь. 1930-чу шерашкахь Нохчийчохь историн а, меттан а, литературин а Iилман-талламан институтехь болхбан а волало иза. XX-чу б1ешеран 30-чу шерашкахь йевзира Гадаев Мохьмад-Салахьан ц1е нохчийн литературехь. Х1етахь дуьйна поэтан, прозаикан, гочдархочун сийлахь г1уллакх кхочушдеш схьавеара иза. 1940-чу шарахь арайелира цуьнан стихийн хьалхара гулар. Оцу гуларехь зорбане йевллачарна йуккъехь йара «Йисите», «Бэлин йиш», «Испанхойн нана», кхийолу стихаш, «Тоьпан тата» поэма. Оццу шерашкахь йазйира Гадаев Мохьмад-Салахьа «Буьйсанан бере», «Ши стаг» поэмаш, «Нус», «Акхаралла» повесташ. Дукха къахьоьгу цо оьрсийн тоьллачу йаздархойн произведенеш нохчийн матте гочйеш а.
Оьмаро шена йеллачу 63 шеран хенах 30 шо гергга хан набахтишкаххьий, ссылкеххьий йаккха дезна цуьнан. Оцу бахьаненна йеххачу хенахь цуьнан произведенеш йешархошна ца йевзаш лаьттира. Бакъду, цуьнан тоьлла байташ: «Даймахке сатийсар», «Дай баьхна латта», «Рег1ара поп», «Ц1ен Берд», «Дарта», иштта кхийерш а, куьйга йазйеш, къайлах кар-кара луш, лелаш йара поэзи йезачарна йуккъехь. Гадаев Мохьмад-Салахьан кхолларалла нохчийн литературин шерашца шен мехалла йовр йоцу хазна йу. Мохьмад-Салахьан кхалхар хилла 1972-чу шарахь.

 

·        Видеофильм «Гадаев Мохьмад-Салахьах дош»

(Цкъа хьалха хьехархочо ша йешарца стихотворенийн чулацам бовзуьйту, цул тIаьхьа дешархоша йоьшу Гадаев М-С «Даймехкан лоьмашка», «ДоттагIашка» стихотворенеш)

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 

Гадаев М.-С. «Мехкан лоьмашка»


Собаре Даймехкан
Догмайра кIентий!
Маршалла ду шуьга
Малхбузе ара!

ХIун де вай?..
Йели-кх и
Йеххачу хенахь
Германин фашизмо
Кечйина «хара».

Деха садиттира вай
Харц дов ца дезаш, –
Собаре хилла верг,
Дарвелча, тоьла.
Дарло шу!
Дарло шу!
Даймехкан лоьмаш!
Iанайе йовссарш тIе
Болатан оьла.

ТIом буха
ТIамой бен
Тоьхна бац цкъа-а —
Топ,
Озий лаг дулуш,
ГIорттайай тоха!
Хиндарий цIахь Iийнехь,
Iахьара баьхча?
Iен тигац.
ТIегIерта.
Цундела – тоха!
ЦIий Iений? —
Iенийта
МостагIчун докъ тIе!
Вужий хьо —
ТIевожа
Веллехь а
Цунна!
ДIагайта шен меттиг
Дозанан шу тIехь
Доллучу дуьненахь
Каш лоьхучунна!

 


·        Хаттаршца доьзна къамелдар

– Муха хийти шуна «Мехкан лоьмашка» стихотворени?

ХӀун кхайкхам бо поэта бӀаьхошка?

– И стихотворени йешча хӀун ойла кхоллайели шун? Муьлха могӀанаш ду шун дагах кхеттарш?

«Мехкан лоьмашка» аьлла стихотворенина тиллина цӀе йогӀуш хетий шуна? Аш хӀун цӀе туьллур йара?

Гадаев М.-С.  «ДоттагIашка»

 


ДIахьовсал шу,

Сан доттагIий,

ТIамна стигла

Кхехкаш йу;

Ойлайелаш,

Сан йижарий,

Iаьржа латта

Лелхаш ду.

Хийла мерза,

Безна безам,

БIаьргаш белхош,

Шелбелла;

Хийла ирсе

Къежна йаххьаш,

Къежар дайна,

ГIелйелла.

Нана йелхо,

Бераш чехо,

Боьха мостагI

ТIелетта;

Йиша тийжо,

Йезар Iийжо,

Сийна даш цо

ТIедетта.

 

Хийла бахам

Багийна цо,

ГIийла бераш

Лелхийна;

Хийла бохам

Кховдийна цо,

Хийла дада

Велхийна цо.

 

ЛадогIа, хIай,

Нохчо нана!

Орцахваккха

Кечве воI!

ГIо дан гIатта,

Хьомсар йиша, –

Лаьмнийн лаьттан

Майра йоI!

 

 

Дерриг хьуьнар,

Берриг ницкъаш

ТIамна гIоьнна

Хоьцур вай;

Дайшна безам

Нийса бекхам

МостагIчунах

Оьцур вай.

 

Сийлахь Даймохк

Кхойкху вайга –

Бекхам дагца

ГIовтталаш;

Маршонехьа

Майра летта

Дай аш дагахь

Кхабалаш.

 

Майра кIентий

Буьрса леташ,

Вай цIахь паргIат

Iийриг дац;

Вешан дайшна,

Даймахкана

ЙуьхьIаьржам вай

Бийриг бац.

 

 

ГIовтта, наной!

ГIовтта, йижрий!

Майра кIентий

Леташ бу;

Вай шайн долуш

Шайна гIо деш,

Лаьмнел дегнаш

Хеташ бу.


 

· Хаттаршца доьзна къамелдар

          – Муха хийти шуна «ДоттагIашка» стихотворенин чулацам?

            – Маьрша дехаш хиллачу адамашна тӀамо дохьург хӀун ду?

            – Нохчийчоьнан нене, йише хӀун кхайкхамаш бо поэта. ДӀадеша и могӀанаш.

           – Муха кхета шу хӀокху могӀанех:

         …Майра кIентий леташ бу;

          Вай шайн долуш, шайна гIо деш,

           Лаьмнел дегнаш хеташ бу.

         – Сийлахь Даймохк, а, вешан сийлахь дай а йуьхьӀаьржа ца хӀитто дан дезарг хӀун ду?

И стихотворени йешча, авторан синхамийн, деган мерзийн декар муха гучудолу? Цуьнан мостагӀашка болу цабезам къаьсттина муьлхачу дешнаша гойту?

IV. Стихотворенин исбаьхьаллин башхаллаш къастор

– Муьлхачу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсашца кхоьллина поэта нохчийн бӀаьхочун васт? Схьакаро хьовса вай уьш «ДоттагIашка» стихотворенехь?

– Белхан тетрадаш тIе схьайазде текстера метафораш а, эпитеташ а.

VII. Урокан жамI.

– Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

– Даймехкан лириках лаьцна хIун хии шуна керла?

– Оьрсийн меттан литературин урокашкахь оцу темина Iамийна цхьа а стихотворени дагайогIий шуна?

Хьехархочун комметнтари.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тIом болчу хенахь арайийлинчу тоьллачу стихотворенех йара вай тахана шуьца теллина йолу Гадаев Мохьмад -Салахьан «Даймехкан лоьмашка», «ДоттагIашка» стихотворенеш. Оцу шен стихотворенешкахь, йешархочун дагах кхетачу кепара, къегина гойту цо Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна цабезамца дуьхьалхIоьттинчу бIаьхочун дог- ойла а, иза эшо болу цуьнан болатан лаам а, доьналла а.

    Исбаьхьаллин басаршца говза кхоьллина шен мохк йист йоцуш дукха безаш, иза ларбеш инзаре майралла гойтуш волчу тIемалочун васт.

Вайн хIинцалера ветеранаш хIетахьлера кегийрхой бу, тIам тIе а бахана, цIа баьхкина болу. Вайн декхар ду церан сий-лерам бар.

VIII.Рефлекси.

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

 

IX. Хаарийн мах хадор.

X. ЦIахь кхочушдан дезарг

 

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

 

Урокан ц1е: Сулаев Абун Мохьмадан «Сох муха эр дара адам?» стихотворени

1алашонаш: дешархошна стихотворенин идейх кхета гIодар, къастош йеша а, текстана анализ йан а хаар шардар; йешнарг йийцаре йан а, талла а хууш волу йешархо кхиор; поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонех лаьцна йолу ойланаш йовзийтар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

 

Хьехаран кепаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

 

Эпиграф: «Адаман кийрахь  къинхетаме дог дацахь, иза акхаройх къаьсташ хир дац…» /Магомадова Р. А./

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

 

II.Ойла тIейерзор.  Хьехархочо къастош дIадоьшу эпиграфна далийна могIанаш

- Бераш, муха кхета шу оцу дешнех? ХIун йу боху адам экханах схьакъасториг?

-Шун кхетамехь, муха хила деза къинхетаме дог?

-  Оцу хаттарна жоп лохур ду вай таханалерачу  урокехь.

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а).    

III. Дешархойн  хаарш  жигардахар.

 1. Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

 2. ЦIахь кхочушбан муьлха болх беллера шуна?

 3.Мила ву Сулаев Мохьмад?

 4.Цуьнан муьлха произведенеш йевза шуна?

5. ДагайогIий шуна цуьнан цхьа а стихотворени? Дагахь хьанна хаьа?

(Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху  кхиамаш а, кхачамбацарш а).

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Сулаев  Мохьмадан «Сох муха эр дара адам?» стихотворени къастош йешар

Текст цкъа дуьххьара хьехархочо йоьшу, тIаккха дешархошка йоьшуьйту.

 

Сулаев Мохьмад «СОХ МУХА ЭР ДАРА АДАМ»

 


Доьлхучохь бер дитна –
Сайн хьаште дIахьадахь,
Йуьртан хьашт кIелдитна –
Сайн гIуллакх хьалха дахь,
Неханиг тIаьхьатитта
Ас дагчохь бахь сацам,
Сох муха эр дара адам.

 

ГIамаран аренгахь
Латтанаш лелхачохь,
Хи доцуш, туй багахь
Лекъна, мотт бестачохь,
Накъостах лачкъабахь
ТIаьххьара хин тIадам,
Сох муха эр дара адам.

 

Къелло, йиш йохийна,
БIаьрзе суо идаварх,
Мохо тхов бохийна,
ДогIнехь суо висарх,
Мисканиг тевина,
Ца хьастахь, беш тидам,
Сох муха эр дара адам.

 

Лулахойн цIа даьгча,
Сан кийра ца багахь,
Нехан мохк бегийча,
Сан дог ца дегадахь,
Ца хеташ бен дагахь
ТIеэцахь и хаам,
Сох муха эр дара адам.

 

Соьра гIо оьшучохь
ДIахьаббеш бIаьргаш,
Соь орцах кхойкхучохь
ДIакъовлуш сайн лергаш,
Со Iахь сайн тоьли чохь,
Сайх айса беш тоам,
Сох муха эр дара адам.

Цхьана денна соь йехна
ДоттагIчо нуьйр йаьхьнехь,
Амма, хиэ дIабаьхьна,
Дин байна и виснехь,
ХIетте, нуьйр йухайезна,
Ас цуьнга бахь къадам,
Сох муха эр дара адам.

 

Сайн цхьа пIелг лазийча,
ГIайгIане со вожахь,
Кхечуьнан гIогI дойча,
Лере а ца охьахь,
КIант вийна да гича,
Ца хилахь бан кадам,
Сох муха эр дара адам.

 

Шина вешин барт боьхча,
Суна вас ца хилахь,
ЙоIана дас тоьхча,
Сан дог ца Iовжадахь,
Ткъа, бертахь уьш гича,
Ца хилахь синхьаам,
Сох муха эр дара адам.

 

Халла схьакарийна,
Сай эххар гахь хьуьн чохь,
Амма шен кIорнина
Цо накха луччохь,
Хьарам топ хьажийна,
Ас цунна бахь цатам,
Сох муха эр дара адам.

 

Халкъо сайх тешийна
Беркат ас ца лардахь,
Сайн пайда эшийна,
Ас и ца дебадахь,
Халкъачух, даггара
Ца хилахь сан чидам,
Сох муха эр дара адам.


 

Дешнаш т1ехь болх: нуьйр, къадам, синхьаам, тоьла.

Билгалдаьхначу дешнийн маьIна досту.

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

а) Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар

    -Муха хийти шуна стихотворени? ХIунда тиллина цунна «Сох муха эр дара 

      адам?» аьлла ц1е?

     -Муьлхачу амалшна тIе тидам бахийтина автора? Йовзийта адамийн амалан дика а, вон а агIонаш.

     -ЙоIана дас тоьхча новкъа хIунда догIу лирически турпалхочунна?

-Кху стихотворени тIера муьлха могIанаш къаьсттина хазахийтира шуна?

б) Практически болх.

Стихотворенина анализ йаран план хIоттор. Ритмико-метрически башхаллашна харакатеристика йалар. Меттан исбаьхьаллин агIонгахьара мехала меттан исбаьхьаллин-суртхIотторан гирсаш билгалбахар

(поэтически лексика, тропаш и д. кх.)

Лирически стихотворенина анализ йаран план йовзийта шайна:

1. Стихотворенино поэтан кхоллараллехь дIалоцу меттиг (историко-биографически комментари).

2. Стихотворенин жанрови башхаллаш.

3. Тема.

4. Композиционни башхалла.

5. Лирически турпалхочун васт.

6. Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени.

7. Текстан лексически дIахIоттам.

8. Синтаксисан поэтически башхаллаш (риторически хаттарш, айдарш, инверсеш).

9. Исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш.

10. Стихотворенин барам. Стихан мукъаме хилар.

11. Рифман башхаллаш.

12. Стихотворенина тиллинчу цIеран маьIна.

(Плана йукъара шайна оьшу пункташ а харжий, стихотворенина анализ йе).

VI. ЖамIдаран хаттарш

Iун ойланаш кхоллайолуьйту стихотворенино? ХIун сурт хIутту шуна хьалха и йешча?

- Муха кхета шу хIокху могIанех:

Лулахойн цIа даьгча,
Сан кийра ца багахь,
Нехан мохк бегийча,
Сан дог ца дегадахь,
Ца хеташ бен дагахь
ТIеэцахь и хаам,
Сох муха эр дара адам.

 

АДАМ бохучудашна синквейн хIотто хьовса вай?

Адам

Дика, тешаме

Ларво, сийдо, хьоьху

Дахарехь мехала меттиг д1алоцу

Накъост

VII. Рефлекси.

-Хьанах лаьцна дийци вай тахана?

-Керланиг хIун хии шуна?

-Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна Iеми…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

VIII. Хаарийн мах хадор.

 

IXIахь кхочушдан дезарг. (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашка     

дIасадекъа мегар ду тIедахкарш)

 ПРОЕКТ

1.Реферат йазйе хIокху темина: «Адамаллин мехалла»

2. Стихотворени къастош йеша хаар шарде, луучо  дагахь Iамайе.

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан ц1е: Сулаев Абун Мохьмадан «ДоIа» стихотворени

1алашонаш: дешархошна стихотворенин идейх кхета гIодар, къастош йеша а, текстана анализ йан а хаар шардар; йешнарг йийцаре йан а, талла а хууш волу йешархо кхиор; поэтан лирикехь дуьненах, эхартах, стеган вахаран Iалашонех лаьцна йолу ойланаш йовзуьйтуш, кхетош-кхиоран болх дIабахьар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, Iама беза шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

 

Хьехаран кепаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

 

 

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгалвоккхуш, журнал тIехь болх бар.

II.Ойла тIейерзор.

…Дикачу ойланех
Бузалахь сан корта,
Уьш толош, аьтто а
Ахь белахь сан шорта,
Адам Хьайн серлоне
Дуьгучу цу новкъахь
Оьшучохь хьайн гӀоьнча,
Доьху, сох Ахь велахь!..
                                  / Сулаев М./

 

- Бераш, хьан эр дара хIун ала мегар ду оцу дешнех?

- Хьаьнга деш ду лирически турпалхочо дехар?

- Дикане сатуьйсуш, доIа хьаьнга до вай?

- Тахана стенах лаьцна дуьйцур ду аьлла хета шуна вай?

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а).    

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

- Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

- Мила ву Сулаев Мохьмад?

 - Цуьнан муьлха произведенеш йевза шуна?

- «Сох муха эр дара адам?» стихотворенехь адамийн амалан муьлха синмехаллаш билгалйоху вайна поэта?

 (Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а).

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Хьехархочун дош.

   Сулаев Мохьмадан масех стихотворени йу «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохучу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.  

      Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

 

·        Сулаев Мохьмадан «ДоIа» стихотворени къастош йешар

Текст цкъа дуьххьара хьехархочо йоьшу, тIаккха дешархошка йоьшуьйту.

Сулаев Мохьмад «ДоIа»


2. Йо, Дела! Бакъ воцчохь
Бакъ ву а моьттуш,
Харцлуьйш а хуьлу стаг,
Тола а гӀерташ,
Цундела, йо Дела,
Ас доьху Хьоьга,
Нийсонца бакъдолчух
Со кхетавелахь,
Ткъа кхета ца лучохь

Со сацавелахь!
Бакъдериг къастадан
БӀаьргийн нур лолахь,
Харцдериг эшадан
Куьйга тур лолахь!

Уьш вовшахлетачохь,
Харцдерг а эшош,
Сан кайалийталахь,
Толамах тешош.
(I942 – 26 октябрь, Итон-Кхаьлла)

 


 

7.Йо, Дела! Цхьа шеко
Сан дагах лиэта:
Ӏожаллах цакхерар –
Цакхерар Хьох хиэта!
Ӏожаллах тӀехкхерар –
Цатешар Хьох хета!
Нисвехьа нийсачу
Барамехь, Дела:

Ийманехь чӀагӀваллалц
Ӏожаллах ларвай,
Ӏожалла тӀекхаччалц
Стогаллехь чӀагӀвай,
Кхачаве Ахь тӀаккха
Хьайн дикчу кхиэле.

(1965 – 3 август)

 


 

 

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

а) Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар

    -Муха хийти шуна стихотворени? ХIунда тиллина цунна «ДоIа» ц1е?

     -Хьаьнга до вай даима а доIа, дехар? Мила ву вай дехначунна жоп луш, Къинхетамениг?

-Кху стихотворени тIера муьлха могIанаш къаьсттина хазахийтира шуна?

Iе нийса тиллина аьлла хетий шуна? Йуй хIара доIанан кепехь йазйина?

б) Практически болх.

Стихотворенина анализ йаран план хIоттор. Ритмико-метрически башхаллашна харакатеристика йалар. Меттан исбаьхьаллин агIонгахьара мехала меттан исбаьхьаллин-суртхIотторан гирсаш билгалбахар

(поэтически лексика, тропаш и д. кх.)

Лирически стихотворенина анализ йаран план йовзийта шайна:

1. Стихотворенино поэтан кхоллараллехь дIалоцу меттиг (историко-биографически комментари).

2. Стихотворенин жанрови башхаллаш.

3. Тема.

4. Композиционни башхалла.

5. Лирически турпалхочун васт.

6. Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени.

7. Текстан лексически дIахIоттам.

8. Синтаксисан поэтически башхаллаш (риторически хаттарш, айдарш, инверсеш).

9. Исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш.

10. Стихотворенин барам. Стихан мукъаме хилар.

11. Рифман башхаллаш.

12. Стихотворенина тиллинчу цIеран маьIна.

 

Плана йукъара шайна оьшу пункташ а харжий, стихотворенина анализ йе.

VI. ЖамIдаран хаттарш

- ХIун ойланаш кхоллайолуьйту стихотворенино?

- Муха кхета шу хIокху могIанех:

Бакъдериг къастадан
БӀаьргийн нур лолахь,
Харцдериг эшадан
Куьйга тур лолахь!

Уьш вовшахлетачохь,
Харцдерг а эшош,
Сан кайалийталахь,
Толамах тешош.
- Дахаран новкъахь стенах ларвар доьху лирически турпалхочо?

- Хьанах лаьцна дийци вай тахана?

- Керланиг хIун хии шуна?

- Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна Iеми…

Суна хии…

Суна хазахийти…

Со ца кхийти…

VII. Хаарийн мах хадор.

VIIIIахь кхочушдан дезарг.(Дешархойн хааршка хьаьжжина,тобанашка    

дIасадекъа мегар ду тIедахкарш)

 

 

 

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Р. Супаев. «Вайнехан халкъан иллеш» (стихотворени)

 Iалашо: Р. Супаевн дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзийтар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Къоман иллийн хазаллах йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, махке, къоман  гIиллакхашка  безам  кхоллар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Халкъан иллеша сан ойла хуьйцу,

                                    Йохьах а ца бухуш баьхнарш буьйцуш,

                                    Дахар, Даймохк беза Iамаво,

                                     Хазахетар дахьа, вас дIахьо. /Супаев Р/

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок.

- ДIайеша байт. Мила ву цуьнан автор?

- Адамийн дахарехь халкъан иллеша хIун тIеIаткъам бо боху лирически турпалхочо?

- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

Хьехархочун дош

         -Нийса боху. Тахана вай Супаев Русланан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна дуьйцур ду, иштта йийцаре йийр йу цуьнан «Вайнехан халкъан иллеш» цIе йолу стихотворени.

    Супаев  Iелин Руслан вайн къоман поэт а, драматург а ву. Вина иза 1947-чу шеран гӀуран беттан 2-чу дийнахь, Казахстанехь. Йаздан воллавелла ша школехь доьшуш волуш. Цуьнан произведенеш дуьххьара зорбане йевлла ткъолгӀачу бӀешеран 70-шерашкахь. Супаевн «Кхолламан сизаш» (1971шо) ц1е йолчу дуьххьарлерачу гуларо шена т1е тидам бахийтира поэзи йезархойн. Цу т1ехь стихаш хилла ца 1аш, поэмин дакъа а дара. Цул т1аьхьа цуьнан арайевлира гуларш: «Цхьаьнакхетарийн, къастарийн илли» (1985 шо), «Вайнехан т1улгаш» (1991шо), «Хаьржинарш» (1993 шо).

    Супаевн стихашкахь хаалора цунна х1ара дахар шатайпанчу б1аьргашца гуш хилар. Х1ор дийнахь нислучу хиламашкахь поэто лоьхура, цунна кара а дора к1орггера маь1наш. Цуьнан говзалла йара таханлера дахар мацах цкъа хиллачу вайн дайн хиллачуьнца дустар, шираллера схьаэца дезарг билгал а доккхуш. Нохчийн къоман дахарера уггаре маь1не дерш (символаш) билгалйохура Супаев Руслана шен поэзехь: лаьмнийн т1улгаш, шовданан тулг1еш, даймехкан сискаллий, хий, халкъан иллеш, пхьалг1а, пхьар. Супаев Русланан цхьа говзар йац дуьххьал д1а йаздархьама йазйина, цо даггара дуьйцура шена 1аьткъинарг, лазаме, синъайаме дерг.

 

-Бераш, хьан эр дара аш, муьлха произведени Iамор йу вай тахана?

- ХIун йу элира вай цуьнан цIе?

-ХIун болх дIахьур бу вай тахана урокехь?

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь? (Берийн жоьпаш)

- Мила ву Сулаев Мохьмад? Цуьнан муьлха произведенеш Iамийна вай?

- Шуна уггар хазахеттарг муьлханиг йара?

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Супаев Р. «Вайнехан халкъан иллеш» стихотворени къастош йешар.

 Цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту.


Супаев Руслан «Вайнехан халкъан иллеш»


       Соьца иллеш гуттар а деха,

       Суна сан даг чохь Iалаш а деш:

Нохчийн халкъан шира ойла, лехам,

Мацах цо шен дагца лайна дерш.

Халкъан иллеша сан ойла хуьйцу,

Йохьах а ца бухуш баьхнарш буьйцуш,

Дахар, Даймохк беза Iамаво,

Хазахетар дахьа, вас дIахьо.

 

Со цу иллеша Iамийна деза

Лаьмнийн тIулгаш, шовда, бецаш, йис,

Берда тIехь хIор шарахь гIотту зезаг,

Нийсо, бакъо, доттагIалла, ирс.

 

Со цу иллеша Iамийна йовза

Шерийн амалш, ваха сих а веш,

ГIаргIулеша, бIаьста шаьш цIайоьрзуш, Йа гурахь дIайоьлхуш, делхош дерш.

 

Сайца мел ду дайн и сийлахь иллеш,

Шайх Даймехкан безаман аз хилла,

Суна цхьа а хало хала йац,

Цара некъах со туьлуьйтур вац.

 

Халкъан шира безам Iалашбина

Церан могIанаш сайн могIанца

Суна, вехаш, тIедуза ца хиънехь,

Сан къинхьегам эрна бовш буйца.

 

Амма, хаьа, эрна со ца ваьхна,

Муьлххачу а ламанхочо цкъа,

Нохчийн безаман бакъ хIайкал санна, Даг тIе йиллинехь сан книгех цхьаъ.


 

 

Дешнаш тIехь болх: вас, йис.

Лакхахь далийначу дешнийн лексически маьIна даста.  Царах пайда а оьцуш, предложенеш хIиттайе.

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Супаев Р. «Вайнехан халкъан иллеш” стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

- Стен дIахьо боху лирически турпалхочо шен ойла? ДIадеша и могIанаш.

– Исбаьхьаллин муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайдаэцна поэта хIокху стихотворенехь?

- Стен туьлуьйтур вац боху ша лирически турпалхочо некъах? ДIадеша и могIанаш.

- Сайца мел ду дайн и сийлахь иллеш,

  Шайх Даймехкан безаман аз хилла,

  Суна цхьа а хало хала йац,

  Цара некъах со туьлуьйтур вац. - Муха кхета шу хIокху могIанех?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- Нийса тиллина аьлла хетий шуна стихотворенина и цIе? ХIунда? Аш хIун цIе туьллур йара?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила ву Супаев Руслан?

- ХIун гойту поэта шен «Вайнехан халкъан иллеш” стихотворенехь? (Берийн жоьпаш)

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. Супаев Русланан дахар а, кхолларалла а (проект)

2. «Вайнехан халкъан иллеш” стихотворени къастош йеша, шайн дагах кхетта могIанаш дагахь Iамо.

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Супаев Р. «Буьйса йу беттасе» (стихотворени)

 Iалашо: Супаев Русланан  дахаран а, кхоллараллин а некъ карлабаккхар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Даймехкан Ӏаламах  йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, махке, Даймехкан Ӏаламе  безам  кхоллар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Буьйса йу беттасе. Лепа

                                   ЦIокъберган цIоканах и.

                                   ГIийлачу татанца леда

                                   ТIулга тIе шовданан хи.

                                                                                /Супаев Р/

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок.

- ДIайеша байт. Мила ву цуьнан автор?

- ХӀун сурт хьалха хӀутту вайна и могӀанаш дешча?

- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

- ХIун болх дIахьур бу вай тахана урокехь?

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

Хьехархочун дош

 - Нийса боху. Тахана вай Супаев Русланан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна Ӏамийнарг карла а доккхуш, «Буьйса йу беттасе» стихотворени йийцаре йийр йу.

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь? (Берийн жоьпаш)

- Мила ву Супаев Руслан?

- Муха хийти шуна Супаев Р. «Вайнехан халкъан иллеш”?

- ХIун гойту поэта шен «Вайнехан халкъан иллеш” стихотворенехь?

- Супаев Руслан лаккхара говзалла йолуш хилар стен билгалдоккху цуьнан поэзехь? (Шираллера схьаэца дезарг билгал а доккхуш, таханлера дахар мацах цкъа хиллачу вайн дайн хиллачуьнца дустаро).

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Супаев Р. « Буьйса йу беттасе » стихотворени къастош йешар.

 Цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту.


Супаев Руслан «Буьйса йу беттасе»

Буьйса йу беттасе. Лепа

ЦIокъберган цIоканах и.

ГIийлачу татанца леда

ТIулга тIе шовданан хи.

 

ДIадийши и лаьмнаш сийна,

БIешерийн хьаннаш дIатийн.

КIайн марха, берда тIехь Iийна,

ДIайахна, кхечарах ийн.

 

Сирачу сено, лерг дуьйгIуш,

Мокхазар кур хьоькху шен.

Лаьтта и тийна ладуьйгIуш,

Сатуьйсуш схьайаре сте.

 

ЦIеххьана олхазар гIотту,

Ластабеш Iаьржа ши тIам.

Йуха а, шен ловзар хIоттош,

Меттахъхьов баьццара лам.

 

Дешнаш тIехь болх: цIокъберг, мокхазар кур, леда.

Лакхахь далийначу дешнийн лексически маьIна даста.  Царах пайда а оьцуш, предложенеш хIиттайе.

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Супаев Р. «Буьйса йу беттасе” стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

– Исбаьхьаллин муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайдаэцна поэта хIокху стихотворенехь?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- Нийса тиллина аьлла хетий шуна стихотворенина и цIе? ХIунда? Аш хIун цIе туьллур йара?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила ву Супаев Руслан?

- ХIун гойту поэта шен «Буьйса йу беттасе” стихотворенехь? (Берийн жоьпаш)

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Буьйса йу беттасе” стихотворени къастош йеша, дагахь Iамо.

2. ПРОЕКТ. Стихотворенин чулацамца догӀуш сурт дилла

 

 

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Талхадов Хь. «Шийла дарц цIевзинчохь» (стихотворени)

 Iалашо: Талхадов Хьамзатан кхоллараллин  некъ бовзийтар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Шен къомах  йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, Даймахке, къоман гIиллакхашка безам  кхоллар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор.

Хьехархочун дош

 - Тахана вай Талхадов Хьамзатан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна а дуьйцуш,« Шийла дарц цIевзинчохь » стихотворени йийцаре йийр йу.

      Талхадов Хьамзат (1951–2010 шш.) кIорггера похIма долуш поэт вара. Авторан поэзин говзарш зорбане йийлина «Орга», «Вайнах», «Нана», «СтелаIад» журналийн агIонаш тIехь. Дала комаьршша похIма делла вара Хьамзат. Цуьнан дуьххьарлера поэзин гулар «Дагца къамел» 2011-чу шарахь, поэт бакъдуьнена вирзина нийсса шо даьлча, арайелира. Нохчийн литературехь шатайпана исбаьхьаллин кIорге йолуш, говза мотт болуш йу автора вайна йитина поэзи – цхьа атта йешалуш, амма кIорггерчу маьIнехь.

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь? (Берийн жоьпаш)

- Мила ву Супаев Руслан?

- Муха хийти шуна Супаев Русланан стихотворенеш?

- ХIун гойту поэта шен «Вайнехан халкъан иллеш” стихотворенехь?

«Буьйса йу беттасе” стихотворенехь Даймехкан исбаьхьчу Iаламан сурт муха гайтина поэта?

- Супаев Руслан лаккхара говзалла йолуш хилар стен билгалдоккху элира вай? (Шираллера схьаэца дезарг билгал а доккхуш, таханлера дахар мацах цкъа хиллачу вайн дайн хиллачуьнца дустаро).

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Талхадов Хь. «Шийла дарц цIевзинчохь» стихотворени къастош йешар.

 Цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту.


Талхадов Хьамзат «Шийла дарц цIевзинчохь»

 

Шийла дарц цIевзинчохь,

Гила борз левзинчохь,

Адамийн лар йоцчохь,

Рицкъанан цуьрг доцчохь

Хьо витча йамартчо,

Денвели хьо, нохчо.

 

Аьрзонан бен боцчохь,

Мокхазан бIов йоцчохь,

IиндагIна поп боцчохь,

Хьогамна хи доцчохь

Хьо витча тоьллачо,

Денвели хьо, нохчо.

 

Хьайн ненан мотт боцчохь,

Пондаран зов доцчохь,

Пхьоьханан гуо боцчохь,

Назманан аз доцчохь,

Кхоьссинехь тоьллачо,

Лийр вара хьо, нохчо.

 

Дешнаш тIехь болх: йамартхо, пхьоьхана

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Талхадов Хь. «Шийла дарц цIевзинчохь» стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

– Исбаьхьаллин муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайдаэцна поэта хIокху стихотворенехь?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- Муха кхета шу хIокху могIанех:

Хьайн ненан мотт боцчохь,

Пондаран зов доцчохь,

Пхьоьханан гуо боцчохь,

Назманан аз доцчохь,

Кхоьссинехь тоьллачо,

Лийр вара хьо, нохчо.

- ТIехIоьттина йолу муьлхха а хало ловш чекхволучу нохчочуьнга лалур доцург хIун ду боху лирически турпалхочо?

-Вайн къоман муьлха синмехаллаш билгалйовлу вайна стихотворенехь?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила ву Талхадов Хьамзат?

- Муьлха стихотворени йийцаре йи вай тахана?

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Шийла дарц цIевзинчохь» стихотворени дагахь Iамо.

2. ПРОЕКТ. Талхадов Хьамзатан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна хаам.

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Талхадов Хь. «Сайн ненан маттахь ас йазйо» (стихотворени)

 Iалашо: Талхадов Хьамзатан кхоллараллин  некъ карлабаккхар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Шен къомах,ненан маттах  йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, Даймахке, ненан матте безам  кхоллар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Цу маттахь ас кадам оьцу,

                                   Захало цу маттахь дуьйцу.

                                   Сан ненан мотт бу и оьзда –

                                   Йиш йац и бахамах хийца.

/Талхадов Хь. /

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор.

Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок.

- ДIайеша байт. Мила ву цуьнан автор?

- Хьан достур дара аш цуьнан маьIна? Цхьана а бахамах хийца йиш йоцург хIун йу боху поэта?

- Стенах лаьцна дуьйцур ду, хIун болх дIахьур бу вай тахана урокехь?

(Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

Хьехархочун дош

 - Нийса боху. Тахана вай Талхадов Хьамзатан дахарх а, кхоллараллах а лаьцна Iамийнарг карла а доккхуш, ненан маттах лаьцна йолу «Сайн ненан маттахь ас йазйо» стихотворени йийцаре йийр йу.

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

- Мила ву Талхадов Хьамзат?

- Муха хийти шуна Талхадов Хь. «Шийла дарц цIевзинчохь» стихотворени?

– Исбаьхьаллин суртхIотторан муьлхачу гIирсех пайдаэцна поэта оцу стихотворенехь?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу и стихотворени?

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Талхадов Хь. «Сайн ненан маттахь ас йазйо» стихотворени къастош йешар.

 Цкъа хьехархочо ша, цул тIаьхьа дешархошка йоьшуьйту.


Талхадов Хьамзат «НЕНАН МОТТ»

 

Сайн ненан маттахь ас йазйо

Сайн xIopa Iуьйренан назма.

Сан дахар цу матто хаздо, –

Хир йац-кха цул йоккха хазна.

 

Цу маттахь со Деле воьлху,

ТIом боцу тийналла йоьхуш.

Вела а цу маттахь воьлу,

Кхера а цу маттахь кхоьру.

 

Кху лаьттахь со цуьнца веха, –

Йу иза сан ирсан момсар.

Безамах цо во со Iexa,

Ницкъ а ло къайленаш йовза.

 

Цу маттахь ас кадам оьцу,

Захало цу маттахь дуьйцу.

Сан ненан мотт бу и оьзда –

Йиш йац и бахамах хийца.

 

Цу маттахь ас оьмар йехна,

Вахана со цуьнца кога,

ДоттагIий ас цуьнца лехна,

Ца буьйцуш и цкъа а шога.

 

Хьаша а ас цуьнца вохво,

Кхерч лато суй цуьнгахь лоьху.

Схьаэца кхечуьнан бохам

Дахарехь цо суна хьоьху.

 

Ненан мотт, хьо ду сан дахар,

Хьан лазам сайн лазам лору.

Хьо бицбеш гулбина бахам

Хир бац-кха къоман ирс кхолуш.

 

Дешнаш тIехь болх: оьмар, шога, кхерч.

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

- Муха хийти шуна Талхадов Хьамзатан «Сайн ненан маттахь ас йазйо» стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

-Муха кхета шу хIокху могIанех:

Хьаша а ас цуьнца вохво,

Кхерч лато суй цуьнгахь лоьху.

Схьаэца кхечуьнан бохам

Дахарехь цо суна хьоьху.

– Исбаьхьаллин муьлхачу суртхIотторан гIирсех пайдаэцна поэта хIокху стихотворенехь?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- Стеган дахарехь муьлха меттиг дIалоцу ненан матто?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила ву Талхадов Хьамзат?

- Муьлха стихотворени йийцаре йи вай тахана?

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Ненан мотт» стихотворени къастош йеша, дагахь Iамо.

2. ПРОЕКТ. Талхадов Хьамзатан кхоллараллах а лаьцна реферат.

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Гайтукаева Бана «Зама» стихотворени

 Iалашо: Гайтукаева Банин кхоллараллин  некъ бовзийтар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Шен къомах,ненан маттах  йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, Даймахке, ненан матте безам  кхоллар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Со йинчу дийнахь…

                                Марчонан йуьхьигаш

                               Тега д1адолало 1алам.

                               Со йинчу дийнахь

                               Делха д1адолало тезетахь дахар.

                               Со а йоьлху цуьнца

                               Со йинчу дийнахь.

                                                                             /Гайтукаева Бана/

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

 

II.Ойла тIейерзор.

Хьехархочун дош

 - Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха г1ум йу. Х1етте а цхьатера г1амаран ши мисхал карор йац, иштта дог1анан т1адам а, лайн чимаш а. Дала иштта кхоьллина-кх х1ара дуьне.

Адамаш а ду цхьатера доцуш, иштта тайп-тайпана.  Амма, стигларчу седаршлахь шакепара къегинчу седанах терра, шайн амалшца, леларца, деган ц1еналлица къаьстина адамаш а нисло. Царах йара вайн тахана шуна йовзийта лерина йолу поэтесса Гайтукаева Бана а.

Къонахчун амал, нохчалла шегахь йолу нохчийн йо1-поэтесса йара Бана. Цуьнан стихашкахь х1ора а дош, даш санна деза, синхаамах дуьзна хилла ца 1аш, шен мукъамехь алсамо узам болуш дара. Чиллан-беттан 23 –чу дийнахь йина де дара Банин. Амма цкъа а шен накъосташца и де даздина йо1 йацара и. Йа шен бакъо а ца хетара цунна. Хууш ма-хиллира, дийнна халкъана бохам беана и де долу дела.

Х1ара вайн урок д1айолош, оцу денна лерина цо йазйинчу «Со йинчу дийнахь» ц1е йолчу байтан цхьадолу мог1анаш довзийта лаьа суна:

Со йинчу дийнахь…

Марчонан йуьхьигаш

Тега д1адолало 1алам.

Со йинчу дийнахь

Делха д1адолало тезетахь дахар.

Со а йоьлху цуьнца

Со йинчу дийнахь…

/Гайтукаева Бана/

- ХIокху могIанашкахь хаалуш бу-кх Банин шен халкъах болу лазам. Цуьнан даге лалуш бац 1944-шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь вайн халкъе беана бала.

- Бераш, хьан эр дара аш, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

 (Дешархоша йовзуьйту урокан цIе а, Iалашонаш а)

- Нийса боху. Тахана вай Гайтукаева Банин дахарх а, кхоллараллах а лаьцна дуьйцур ду. Йийцаре йийр йу цуьнан «Зама» цIе йолу байт.

 

III. Дешархойн хаарш жигардахар. ЦIахь бина болх таллар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

-Стенах олу эпитет? Довзийта шаьш далийна масалш.

- Стенах олу символ?

- Нохчийн къоман дахарера уггаре маьIне дерш (символаш) хьан билгалдохур дара? 

- Супаев Руслана шен поэзехь муьлха символш билгалйоху элира вай? (лаьмнийн тIулгаш, шовданан тулг1еш, даймехкан сискаллий, хий, халкъан иллеш, пхьалгIа, пхьар).

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Гайтукаева Бана «Зама» стихотворени къастош йешар.

Зама

Зама! Ма сихйелла йоьду хьо
Ла ца дугIуш сан дехаре,
Сан лозучу сил а хьалхайаьлла,
Сан Iийжачу дагна тIоьхула йаьлла,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Ма сихйелла йоьду хьо,
Хьайн тулгIешлахь со
Ма йигахьа со анайистан дозане.

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

     КIезиг хан йехна йеана хилла кху дуьненчу Гайтукаева Бана.  Иза йина 1959 шарахь ВаларгтIехь. Циггахь дIайахана цуьнан бералла. Дешна Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан Хьехархойн Институтехь. Газетийн, журналийн агIонаш тIехь зорбане йийла йуьйлайелла цуьнан байташ дуьххьара дуьйна йезаш тIеийцира халкъо. Шен мохк а, халкъ а доггах дезаш хилла хилар гойту цуьнан байташа. 1994-чу шеран бекарг-беттан 18-чу дийнахь цамгаро хеназа дIакъастий иза вайх.

- Муха хийти шуна Гайтукаева Банин «Зама» стихотворени?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила йу Гайтукаева Бана?

- Муьлха стихотворени йийцаре йи вай тахана?

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Зама» стихотворени дагахь Iамо.

2. ПРОЕКТ. Гайтукаева Банин дахаран а, кхоллараллин а некъ.

 

 

Нохчийн литература -9 класс

 

Урокан цIе: Гайтукаева Б. «Хьан цIийнах йара- кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара».

Iалашо: Гайтукаева Банин кхоллараллин  некъ карлабаккхар; монологически къамел кхиор,  керланиг довзаран хьашто хилар. Ойла йаран  хаарш, дустар, жамI дар, маьIнийн дерзораш тIехь болх бар. Шен къомах, Даймахках йолу  поэтан  ойланаш йовзийтар, тIебогIучу бохамна сагатдар а, Даймохк ларбан лаар а гайтар.

Кхочушдан  лору  жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух  кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан,  вовшашца  а, хьехархочуьнца а  къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза ,  царех пайдаэца.

Хьехаран некъаш: къастош йешар, хаттаршца доьзна къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Гайтаман гIирс: презентаци, йаздархочун сурт, йозанан у, интерактивни у.

Урокана эпиграф: Лозучу сан дагах деттало

                                цхьа шийла узарш,

                                Саде1ар лахдина лаьтта со.

                                ладоьг1уш тийна,

                               Сел доккха х1ара дуьне

                               сайн дагна т1ехьа д1алачкъош,

                               Ас Деле до1а до

                               хьан синан маршонна т1ера.

 

                                                             /Гайтукаева Бана/

 

Урок дIайахьар

 

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

II.Ойла тIейерзор.

Хьехархочун дош

     Тахана урок йолош эпиграфна далийна могIанаш Гайтукаева Банин «Шийла узарш» цIе йолчу байта йукъара ду. И байт йазйинчул т1аьхьа цхьана-шина баттахь а ца йехира Бана. Ц1еххьана кхетта цамгар бахьана а долуш, Делан 1ожалло д1айаьхьира вайна йукъара 35 шарахь бен йаха ца кхиина йолу къона поэтесса, шена дукхабезачу махках, халкъах х1ун хуьлу цахааран шийла хаттар шен сица, дагца а долуш, долийнначохь дахаран илли а дуьсуш.

Тахана вай йийцаре йийр йу цуьнан керла байт. 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь хIоьттина Iаьржа бода дагах чекхбаьлла ца хиллехьара, йазлур дацара вай хIинца талла билгалйинчу «Хьан цIийнах йара- кха со...» ц1е йолчу цуьнан байтан мог1анаш.

III. Дешархойн хаарш жигардахар.

-Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

-Мила йу Гайтукаева Бана?

- Цуьнан муьлха байт Iамийна вай?

(Хьехархочо толлу цIера болх. Бовзуьйту церан кхиамаш, кхачамбацаршна тIе тидам бохуьйту)

- Бераш, хьан эр дара аш, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

- Нийса боху. Тахана вай йуха а Гайтукаева Банин кхоллараллах лаьцна дуьйцур ду. Йийцаре йийр йу цуьнан «Хьан цIийнах йара- кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара» цIе йолу байт.

IV.  Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.

Гайтукаева Бана  «Хьан цIийнах йара- кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара»

стихотворени къастош йешар.

 

Хьан цӀийнах йара со, Нохчийчоь, хьан цӀийнах йара,
Нахана дӀайийца ворхӀе а ден цIе а хилла.
Хьан цӀарца йаьхна со, Нохчийчоь, хьан цӀарца йаьхна,
Хьешана хӀоттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан йуьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий а санна,
Къа доцчу сан сина теш хӀотта Терк а ду дийна…
Хьайбахахь йагийна, да вийна мостагӀа санна,
Сайн кхерчах йохийна, цхьа мискъал бехк боцуш бийца.
Безам а сан хилла дуьненал лекха со хӀотто,
И тешо са оьзда кӀентий а сан новкъахь хилла,
Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хилла-кх: со ларйан къонахий хилла.
Ткъа тахана со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь, йоьхна.
ХӀара дуьне Ӏададал мохь-цӀогӀа сайн кийрахь къуьйлуш.
Йахь йолчу сан сица хьагӀ лаьцна йилбазан мохо,
Доккхачу дуьнен чохь йаржийна сан деган аьхкаш…
Хьан къина йилхина, бӀаьргаш а дӀабевлла лекъна,
Нохчийчоь, со йисна хуьлучух ца кхеташ тахна,
Йилбазо чӀабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна,
Орцаха йалахьа! Сан сих-м хьаьрчиний лаьхьа!
Гой хьуна: къийгаша го бина дӀалаьцна стигла!
Царна а ма гома хилла-кх сан гӀаргӀулийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бӀаьвнийн кхерчахь,
Ас лоьху… Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллохь…

V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

 Стихотворенин хьокъехь иза талларан кепара къамелдар.

    Бана нохчийн йоI йара. Нохчийн халкъан кхетамо кхоьллина йишин сийлахь васт. Къемата дийнахь вешин къинойн мохь шега дIаоьцуйерг йиша хир йу аьлла ду. Ишттачарех йара Бана: «Со йала хьан къинна…» олучарех. Шен декхарш, йоь1ан, йишин декхарш къонахчун декхарел а лахара а ца хеташ, уьш кхочушдар шен дахаран некъ а лоруш, шен са а, дог а ца кхоош, и кхоо дезий ца хууш йаьхнера Бана.

Нохчийн мотт буьйцуш верг милла а вара Банин гергара, цундела хир ду Банех дика дош олуш болу нах тайп-тайпана хилар, шайн-шайн амалшца, амма Бана массарна а цхьаъ хилла, шен йоккхучу цхьана ц1арца.

- Муха хийти шуна Гайтукаева Банин «Хьан цIийнах йара- кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара» стихотворени?

- Муьлхачу дог-ойланца, синхIоттамца йазйина йу стихотворени?

Муха кхета шу хIокху могIанех:

Ткъа тахана со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь, йоьхна.
ХӀара дуьне Ӏададал мохь-цӀогӀа сайн кийрахь къуьйлуш.
Йахь йолчу сан сица хьагӀ лаьцна йилбазан мохо,
Доккхачу дуьнен чохь йаржийна сан деган аьхкаш…

- ХIун ойла кхоллайели шун и йешча?

VI. ЖамIдаран хаттарш

-Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Мила йу Гайтукаева Бана?

- Муьлха стихотворени йийцаре йи вай тахана?

VII. Рефлекси.

Суна хии…..

Суна хазахийти….

Со ца кхийти….

VIII. Хаарийн мах хадор.

IX.  ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

I. «Хьан цIийнах йара- кха со, Нохчийчоь, хьан цIийнах йара»

стихотворени къастош йеша.

2. ПРОЕКТ. «Нохчийчоь селхана а, тахана а... » - сочинени

 

 

Нохчийн литература – 5 класс

 

Урокан цIе: М.Ю. Лермонтов. «Валерик» (кийсак)

Iалашонаш: «Гоч» бохучу дешан маьIна дастар; нохчийн, оьрсийн гоьваьллачу   йаздархочун кхоллараллин некъ бовзийтар, цуьнан байташ тIехь болх барца исбаьхьаллин маттах кхетор, дешархошна стихотворенин идейх кхета гIодар, къастош йеша а, анализ йан а хаар шардар.

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа, Iама беза шен кхиамаш а, кхачамбацарш а довза, царех пайдаэца.

Хьехаран кепаш: къастош йешар, хаттарш хIитторца къамелдар, хьехархочун комментареш, текстана анализ йаран кепаш.

Урокана эпиграф: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех      

                                   цхьаъ бу, нагахь   кхоччуш   дика иза хууш хьо   велахь».

/Л.Н.Толстой/

 

Урок дIайахьар

I.Урокана кечамбар.

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, урокехь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар.

II.        Ойла тIейерзор.

-Бераш, хIара урок йолош, вайна массарна а вевзаш волчу оьрсийн йаздархочо Л.Н.Толстойс вайн маттах лаьцна аьлла дешнаш довзийта лаьа суна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь   кхоччуш   дика иза хууш хьо   велахь».

Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ хилар довзуьйтуш, кхечу къаьмнийн произведенеш вайн   матте гочйаран маьIна дуьйцур ду вай.

   Гочдар - иза чIогIа мехала гIуллакх ду. Дуьненан къаьмнийн   уггаре а бевзаш болчу йаздархойн произведенеш    нохчийн матте йохучарна, церан   беркате   тIеIаткъам хуьлу, говзаллин    къайленаш   йевза, цул сов, вайн меттан дешнийн барам   шорло, дуккха а керла дешнаш кхолладаларий, тIеэцарий бахьна долуш.

Кхечу   къаьмнийн   йаздархойн произведенеш вайн матте йахаран болх дIадаханчу бIешеран 30-чу шерашкахь болийна. Оцу   шерашкахь   оьрсийн гIарабевллачу йаздархойн   дийнна книгаш   арахецна   нохчийн маттахь.

-Оьрсийн литературин урокехь дийциний аш М.Ю.Лермонтовн кхоллараллах лаьцна?

-Цуьнан муьлха произведенеш йевза шуна?

- Цкъа хIинца аш цIахь бина болх толлур бу вай, цул тIаьхьа билгалдоккхур ду вай ваьш тахана урокехь дан дезарг.

III. ЦIера болх талларца дешархойн хаарш жигардахар.

I.Карладаккхарна хаттарш

- Стенах лаьцна дийцира вай дIайаханчу урокехь?

- Муьлха произведени Iамийра вай тIаьххьара? Мила ву цуьнан автор?

- ЦIахь кхочушбан хIун болх беллера шуна? Оьрсийн муьлхачу поэтан биографи Iамайе аьллера шуьга?

- Цунна лерина жима кхоллараллин болх кхочушбийр бу вай.

- Хьан эр дара аш, хьанах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? (Берийн жоьпаш)

(Дешархошка шайга урокан Iалашонаш а, декхарш а бигалдохуьйту)

- Нийса боху. Тахана вай карлабоккхур бу оьрсийн йаздархочун М.Ю.Лермонтовн кхоллараллин некъ.

Иштта толлур йу вайн къоман поэта Сулаев Мохьмада нохчийн матте гочйина цуьнан «Валерик» стихотворени

2. Кхоллараллин болх

Боцца хаам баларца чекхдоккхуьйту чалтаран шолгIа дакъа

Мила ву Лермонтов М.Ю.?

 

Дахаран шераш

 

Цуьнан произведенийн цIераш

 

(Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а).

3. Хьехархочун дош.

ДIадаханчу 20-чу бIешеран 30-чу шерашкахь оьрсийн   маттехула дозанал   арахьарчу йаздархойн произведенеш а йаьхна нохчийн матте.  Къаьсттина билгалдаккха деза оьрсийн гIараваьлла   волчу классикан М.Ю.Лермонтовн произведенеш   шайн тидам   тIебохуьйтуш   схьайаьхкина хилар.               

Гочдаран   белхаш дуккха а йаздархоша бина. Царах цхьаберш хIорш бу: Н. Музаев, I.Мамакаев,   Исаева М, Гадаев М-С, Сулейманов А, Сулаев М, Арсанукаев Ш, Абдулаев Л., Хатуев А-Хь, Цуруев Ш иштта дI.кх.

Ткъа тахана М. Ю. Лермонтовн «Валерик» стихотворенина тIебохуьйтур бу вай вешан коьрта тидам.

 

IV. Керлачу хаарийн дуьххьара дIалацар.


Цкъа – иза ГихтIа уллохь дара –

Хьуьнхах чекхдовлуш дара тхо;

ЦIе йаьлла йогуш тIоьхла йара

Стиглан сийна-сийна нартол.

ТIом хир бу, аьлла, тхоьга дара.

Йара Ичкерин лаьмнашкара

Гуллуш кхайкхамца вежарийн

Нохчийчу тоба къонахийн.

Къедара къагош шира хьаннаш

Хаамийн кIарраш массанхьа,

Цкъа ирх бIогIамех гIуьттуш, цкъа

ДIаса а баьржаш, мархаш санна;

Хьаннаш а сиха денйели;

Кхайкхаран акха мохь бели

Йуьззина церан четарш сийна.

Ворданаш арайовларца

Доладелира гIуллакх дIа;

Арьергардо курпалш дIайоьху;

Кондаршлара тоьпаш схьайоху,

Ког лоцуш, текхадо адмаш,

Кхойкхуш бу чIогIа дарбанчаш;

ДIо аьррухьара, хоти тIера,

Курпалш тIе кхоссайели гIера;

ХIоьънийн къора тобана тIе

Iанайо. Хьалхахь тийна хета

Дерриг а. Коьллашна йуккъехь

ДогIура хи. Тхо уллогIерта.

Масех граната кхуссу дIа;

Йухаъ дIадоьлху; тийна Iа;

Хетало дуьхьлонан ханнашна

ТIоьхула топ къегича санна;

ТIаккха ши куй а къедаш го;

Дерриг бецаша дIахьулдо.

И буьрса дистцахилар, гарехь,

Кхин дукха дах а ца дели,

Цу тамашечу хьоьжуш Iарехь

Цхьа дог тохаделла ца Iий.

Кхоссар… хьовсу: Iохкуш моггIара.

ХIун оьшу? Кхузара полкаш

Зийна ша халкъ ду. «Цхьамзанаш,

Бертахь!» – тхуна тIехьа хезира,

Кхехка дуьйлира кийрахь цIий!

Берриг а эпсарш хьалхахь ги…

Дуьхалонашна тIе хаьхки дIа

Оьхьаэккха ца кхиъначо…

«Ура!» – дIатий… «Шаьлтанаш йита,

Хенашца!» – байъар долало.

Сахьтан цхьамзанан гонна,

Бахбелира тIом. Акхарой санна,

Луьра лийти, чучча а гIуш,

Декъаша татол дIадуькъира.

Кхехвди, хи эца лууш, тIе

(Тевно а, тIамо а кIадвира

Со). Амма йаьржира тулгIе

Йара цхьа мела, йара цIен.

 

***

Хин йистехь, цу ножан IиндагIехь,

Чекхдевлча могIарх дуьхьлонийн,

Лаьттара го. Вара салти

Голаш тIе воьжна. Кхоьлина гIеххьа

Хетара йуьхь-сибташ церан,

Чан тIехь гун бIаьргнегIарш тIера

БIаьрхиш чоэшна тIе оьгура,

Диттах букъ тоьхна Iуьллура

Капитан. Иза леш вара;

Цуьнан некха тIехь халла гора

Ши чов; лешара тIадмаш цIийн.

Амма садоьIуш вара и.

БIаьрхьежар кхерсташ дара кхерош,

Меллаша луьйш, бохура цо…

«Вежарий, лаьмнашка дIатекхош

Ву. Инарлина йина чов…

Ца хеза…». Узарш деха до.

Амма кIез-кIезиг луш гIелвелла

ДIатийра, Деле са дIаделла;

Тоьпаш тIе тевжина гондIа

Лаьттара мекхашхой къоьжаниш…

Меллаша боьлхуш… Цул тIаьхьа

Цуьнан бIаьхаллин бухдиснарш,

Ларлуш тIейиллина плащ,

ДIадаьхьира. Синхьийзман вон хьоьгуш,

Со Iийра царна тIаьхьа хьоьжуш.

Ткъа цIераш доттагIийн, накъостийн

Уллохь йахарх а, синош дохуш,

Даг чохь сагатдар ца карий

Йа дагахьбаллам меттахболуш.

Дерриг дIатийнера; декъий

ДIагулдинера гу беш; цIийн

КIеж йара тIулгашна тIе Iенаш,

Садукъме Iаь а гIуьттуш тIера

Дерриг хIо дуьзна. Инарла

Вотана тIехь хиъна Iара

Бохьучу хамашка дугIуш ла.

Дахкарлахь йолуш санна, гора

Лулара хьун молхин кIуьрлахь.

ДIо нийсайоцчу рогIехь лаьмнаш,

Амма даим кура лаьтташ,

Дахделла дара. Казбек-лам

Шен ирчу бохьца къегалора.

Къайлаха сагатдарца йора

Ас ойла: «Декъаза адам.

Цунна хIун лаьа? Стигал цIена,

Массарна меттиг дукха йу,

Амма саццаза, даим эрна

ТIом беш цхьаъ иза – хIунда ву?»

Галуба со йукъахваьккхира

Белшах куьг а тоьхна. Вара

Иза сан доттагI. Хаьттира

Ас: «Кху меттиган цIе хIун йаьккхина?»

«Валарг йу, – жоп цо дели, –

Ткъа шун маттахь Iожаллин хи

Хир йу хIокху ахкан цIе. Йелла

Ширчу адмаша, хетарехь». –

«Ткъа маса тахна уьш леташ хилла?» –

«ВорхI эзар воццуш, дийцарехь» –

«Хьанна хаьа?» – «Аша вагар ца вина,

ХIунда?» – «ХIаъ! Царна де хIара

Дицлур дац!» – цхьамма элира.

Нохчо, ца вешаш, дIахьаьжира,

Корта ластабеш мекара.

 

***

Амма кIордорна кхеравелла,

Беламе ду ловзаршкахь хьан

ТIеман акха сагатдарш тхан;

Хьекъал хьийзо хьо ца марзйелла

Халчу чаккхенан ойланехь;

Къона лаьттачу хьан йуьхь тIехь

ГIайгIанан, синхьийзаман ларш суна

Карор йац. Тамаш хета суна,

Iожалла гинехь уллора хьуна.

Дала ма лойла иза ган,

Кхин баланаш бу ойла йан.

Дика дац-ткъа, синош дIаделла

Вай некъ чекхбаккхар баланан?

Гуш цкъа сама ца волу гIан,

Сатуьйсуш сиха самавала?

 

***

ХIинца хьо марша Iойла: сан

Цхьалха долчу дийцарх хьан

КIадда боцу самукъадалахь,

Ирсе хи рву со. Ца нислахь?

Гечде суна, меллаша ала:

И тамаше стаг вара, ахь!

1840 шо

 

«Валарг» йукъара автора ша дIадаьхна могIанаш:

 

***

Нохчийчоь гIаьтти йерриге:

Вайн ши эзар вац верриге.

Хастам бу Далла, ворданаш схьа

Коьллаш йуккъера йовлуш го,

МагIарехь кхийсар; долало

Арьегардехь а кIез-кIезиг дIа;

ХIан, кхин а йовха… Мохь! Го цхьаъ

ХIинцале текхош ву. .. ТIаьхьа –

Кхиберш… дуккха а… тоьпаш кхоьхьу,

Мохь бетташ лоьху дарбанчаш!

Уьш гIорасиз бу – гIодар доьху:

«Кхуза схьа сихха курпалаш,

Чаччамаш»… йуккъехула тийна

Хоти тIехь тоба йаьржира,

Хьаннаша сийна го а бина;

КIур буьйлу. ТIехбуьйлу, зуз-дина,

ХIоьънаш тIехула. Хьалхахь Iенаш

Хи, боьра, – церан йистошкахь

ЖIолам, ханнаш кхузахь, цигахь,

Амма цхьа са дац. Коьллийн генаш

Чуччадахна ду. Улло тхо

Доьлху. БархI курпал хьажайо

Дитташ тIе. Iалашо а йоцуш

Гранаташ боьра йаха Iоьхуш,

Лелха лилхи… Ца хеза жоп.

Тхо уллохьа… ХIун ду баккъал!

ХIан, хийти къегаш санна топ,

ХIан, цхьаъа-м веди аьтту агIорхьа…

Схьакъедда, мостагI веи къайла.

Йухаъ хьалха тхо дахара,

Къастаран кхоссар царна йина –

ЦIеххьана ворхI бIе тоьпара

ТIеман цIе тIехьаьрсира тхуна

Лелха дуьйли агIонашкахь.

Хьалхахь а, кхузахь а, цигахь

МагIарш дуьззина оьгу лаьтта…

Хьозарчий санна, дойу тхо…

ШолгIа, кхоалгIа батальон

Цхьамзанашца майра лаьтта…

 

***

ХIетахь тIом кхихкинччохь уггара

Батарейхь со дIатевжира

Кхетам, ницкъ боцуш; хIоьттина вара,

Амма хIоъ боьхуш хезира

Курпалчо. Бустам хиллера

Битина, эшахь а аьлла.

Нохчий кхузза тIе, марха санна,

Леттера даьхна шайн тарраш;

Эгна дуьхьало йеш берш берриш.

ЛадугIу ас бен-башха доцуш;

Дара садукълуш, наб а йогIуш.

 

 


 


V. Кхетарх дуьххьарлера таллам.

Хаттаршца доьзна къамелдар (стихотворенин анализ)

- Муха хийти шуна хIара стихотворени?

-Лирически турпалхочун муьлха синхаам гучуболу вайна хIара йешча?

- Муьлхачу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсех пайдаэцна поэта шен стихотворенехь?

- Шайна ца девзаш дешнаш карийн шуна?         

·        Дешнаш тIехь болх бар

 

Курпал – йоккха-топ (шира).

Арьергарг – эскаран могIаршкахь тIаьххьара богIурш.

Граната – кхузахь йоккхачу тоьпан хIоъ.

Хенаш –кхузахь тоьпийн баххаш.



VI. Физминот.


VII. Iамийнарг тIечIагIдар.

М.Ю.Лермонтовн «Валерик» стихотворени оьрсийн а, нохчийн а маттахь йешарца йийцаре йар.

VIII.ЖамIдаран хаттарш


- Стенах лаьцна дийци вай тахана?

- Буй вайн мотт Л. Н.Толстойс ма-аллара исбаьхьа а, хьалдолуш а?

- Муьлхачу маттахь йешча хилира шун дагна хьаам?

I. Рефлекси.

-Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна хии...

Суна хазахийти...

Со ца кхийти…

IX.Хаарийн мах хадор.

X.  ЦIахь кхочушдан дезарг.

I.М. Лермонтов «Валерик» шера йеша.

2. Шайна хазахетта кийсак дагахь Iамо

 

 

 


 

 

 

 

 


 

Скачано с www.znanio.ru

Автор Гагаева Таус Мухаддиевна

Автор Гагаева Таус Мухаддиевна

Нийса боху. Тахана вай Мамакаев

Нийса боху. Тахана вай Мамакаев

Оцу кхайкхамца йу тахана вай шуьца йийцаре йан билгалйаьхна йолу

Оцу кхайкхамца йу тахана вай шуьца йийцаре йан билгалйаьхна йолу

ТIАМНА КА ЙОЛИЙЛА (Даймехкан тIом болчохь)

ТIАМНА КА ЙОЛИЙЛА (Даймехкан тIом болчохь)

V . Кхетарх дуьххьарлера таллам

V . Кхетарх дуьххьарлера таллам

Суна хазахийти…. Со ца кхийти…

Суна хазахийти…. Со ца кхийти…

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар

Маршалла хаттар, урокана оьшу гIирс кечбар, класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал тIехь болх бар

ХIинца вай шуьца Ӏаьрби Мамакаевн «Турпалчу танкистан доьзал» очеркан чулацам тIехь болх дIахьур бу … (Соьцуш йешаран технологех пайда а оьцуш, дешархошца болх дIахьо)

ХIинца вай шуьца Ӏаьрби Мамакаевн «Турпалчу танкистан доьзал» очеркан чулацам тIехь болх дIахьур бу … (Соьцуш йешаран технологех пайда а оьцуш, дешархошца болх дIахьо)

Iаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа,

Iаллехь болх бан, вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел дIадахьа,

Мохьмад Мамакаевн «И йоьлхуш йац», «КIиллочунна» байташ йешар

Мохьмад Мамакаевн «И йоьлхуш йац», «КIиллочунна» байташ йешар

Хьоьга дIавистхилар эхь кхайкхадеш!

Хьоьга дIавистхилар эхь кхайкхадеш!

Байтан маьӀна хьан достур дара? -

Байтан маьӀна хьан достур дара? -

Даймахкехьа тӀам тӀехь Ша хӀоттийнарг бу!

Даймахкехьа тӀам тӀехь Ша хӀоттийнарг бу!

МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу бIаьхочун лаам а, доьналла а муха гойту поэта хӀокху могӀанашкахь? (нуьцкъала)

МостагIчунна дуьхьал лаьтташ волчу бIаьхочун лаам а, доьналла а муха гойту поэта хӀокху могӀанашкахь? (нуьцкъала)

Боккхачу Даймехкан дерриг халкъаш вовшашца йуххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьатерра мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан

Боккхачу Даймехкан дерриг халкъаш вовшашца йуххера доттагIалла, вошалла долуш хиларо а, уьш цхьатерра мостагIчунна дуьхьал довларо а тоьшалла дора фашизм хIаллакйийриг хиларан

Тахана хьанах лаьцна дуьйцур ду вай? (Дешархошка шайга билгалйоккхуьйту урокан цIе а,

Тахана хьанах лаьцна дуьйцур ду вай? (Дешархошка шайга билгалйоккхуьйту урокан цIе а,

Iедерзарш. Цара гIо до бIаьхочун турпалалла гойтуш долу васт кхолла

Iедерзарш. Цара гIо до бIаьхочун турпалалла гойтуш долу васт кхолла

Максимца» кIелонехь Хиллачохь аьрзу,

Максимца» кIелонехь Хиллачохь аьрзу,

Даймохк. Шен лаамехь фронте вахана волу

Даймохк. Шен лаамехь фронте вахана волу

Iожаллин тIаме дIахIоьттира» /Эдилов

Iожаллин тIаме дIахIоьттира» /Эдилов

Уьш цеста х I иттинчийн Мог

Уьш цеста х I иттинчийн Мог

Нохчийн литература -9 класс

Нохчийн литература -9 класс

Тахана вай дуьйцур ду Гадаев

Тахана вай дуьйцур ду Гадаев

Дарло шу! Даймехкан лоьмаш!

Дарло шу! Даймехкан лоьмаш!

Хийла ирсе Къежна йаххьаш,

Хийла ирсе Къежна йаххьаш,

Йуьхь I аьржам вай Бийриг бац

Йуьхь I аьржам вай Бийриг бац

Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна цабезамца дуьхьалхIоьттинчу бIаьхочун дог- ойла а, иза эшо болу цуьнан болатан лаам а, доьналла а

Даймахка тIом бахьаш веанчу мостагIчунна цабезамца дуьхьалхIоьттинчу бIаьхочун дог- ойла а, иза эшо болу цуьнан болатан лаам а, доьналла а

Бераш, муха кхета шу оцу дешнех?

Бераш, муха кхета шу оцу дешнех?

Сайн цхьа пIелг лазийча, ГIайгIане со вожахь,

Сайн цхьа пIелг лазийча, ГIайгIане со вожахь,

Синтаксисан поэтически башхаллаш (риторически хаттарш, айдарш, инверсеш)

Синтаксисан поэтически башхаллаш (риторически хаттарш, айдарш, инверсеш)

Урокан ц1е: Сулаев Абун Мохьмадан «До

Урокан ц1е: Сулаев Абун Мохьмадан «До

Сох муха эр дара адам?» стихотворенехь адамийн амалан муьлха синмехаллаш билгалйоху вайна поэта? (Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а)

Сох муха эр дара адам?» стихотворенехь адамийн амалан муьлха синмехаллаш билгалйоху вайна поэта? (Хьехархочо толлу дешархойн кхоллараллин белхаш, билгалбоху кхиамаш а, кхачамбацарш а)

Муха хийти шуна стихотворени? Х

Муха хийти шуна стихотворени? Х

Суна Iеми… Суна хии… Суна хазахийти…

Суна Iеми… Суна хии… Суна хазахийти…

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

Соьца иллеш гуттар а деха,

Соьца иллеш гуттар а деха,

Мила ву Супаев Руслан? - ХIун гойту поэта шен «

Мила ву Супаев Руслан? - ХIун гойту поэта шен «

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

Йуха а, шен ловзар хIоттош,

Йуха а, шен ловзар хIоттош,

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца…

Кхочушдан лору жамIаш: дешархошна хаа деза къастош йеша, шаьш йешначух кхета, хиндолчу гIуллакхан прогноз йан; шайн белхан план хIотто, цу планан рогIаллехь болх бан, вовшашца…

Шийла дарц цIевзинчохь, Гила борз левзинчохь,

Шийла дарц цIевзинчохь, Гила борз левзинчохь,

Стенах лаьцна дийци вай тахана? -

Стенах лаьцна дийци вай тахана? -

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

II .Ойла тIейерзор. Эпиграфна йалийнчу байтан маьIна дастийтарца йолайо урок

Захало цу маттахь дуьйцу. Сан ненан мотт бу и оьзда –

Захало цу маттахь дуьйцу. Сан ненан мотт бу и оьзда –

Суна хазахийти…. Со ца кхийти…

Суна хазахийти…. Со ца кхийти…

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха г1ум йу

Х1окху дуьнен т1ехь мел дукха г1ум йу

Супаев Руслана шен поэзехь муьлха символш билгалйоху элира вай? (лаьмнийн тIулгаш, шовданан тулг1еш, даймехкан сискаллий, хий, халкъан иллеш, пхьалгIа, пхьар)

Супаев Руслана шен поэзехь муьлха символш билгалйоху элира вай? (лаьмнийн тIулгаш, шовданан тулг1еш, даймехкан сискаллий, хий, халкъан иллеш, пхьалгIа, пхьар)

IX . ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

IX . ЦIахь кхочушдан дезарг (Дешархойн хааршка хьаьжжина, тобанашкахь кхочушбойту болх)

Хьехархочун дош Тахана урок йолош эпиграфна далийна мог

Хьехархочун дош Тахана урок йолош эпиграфна далийна мог

И тешо са оьзда кӀентий а сан новкъахь хилла,

И тешо са оьзда кӀентий а сан новкъахь хилла,
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
13.12.2023