1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларх кхетам балар, цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалйар хаийтар, дукхаллин терахьо шортта х1уманан билгалйар хаийтар;
кхетам - кхиоран: ненан матте болу безам к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш.
Берашна хуур ду цхьаллин а, дукхаллин а терахьера
ц1ердешнаш вовшех къасто, церан чаккхенаш билгалйаха.
Берашна 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха, цунах
пайдаэца.
Догдаийтаран мур.
Х1етал - металш:
1. Стенцца кхехкийча а бехцалург?
2. Массо а меттехь оьшуш йолу х1ума?
3. Куьйгаш дац, когаш бац, амма ша хи чохь хуьлу?
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ера болх таллар.
Ц1ена йазйар.
Чайта1 ченалла керчаш го,
Чано иза чехайо.
- Муьлха элп йаздийр ду вай тахана? (Ч)
Ч ч Ч ч Ч ч Ч ч Ч ч Ч ч Ч ч Ч ч
Тобанашкахь болх бар.
Харжаман диктант.
Дешархо, дешархой, г1абакх, г1абакхаш, олхазар,
олхазарш, хьостам, хьостамаш, салаз, салазаш, текх,
текхаш, мохк, мехкаш.
1 – ра тобо – д1айазде цхьаллин терахьера ц1ердешнаш.
2- г1а тоба – д1айазде дукхаллин терахьера ц1ердешнаш.
Муьлха дешнаш йаздина хьалхарчу тобано? Х1ун билгалйо
цара? (Цхьа х1ума)
Шолг1ачу? Х1ун билгалйо цара? (Дукха х1уманаш)
Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?
Д1айеша урокан ц1е.
Керла коьчал хьехар.
Цхьаллин терахьехь долчу ц1ердашо - цхьа х1ума, дукхаллин
терахьехь долчо шиъ а, цул сов а х1уманаш билгалйо.
Дукхаллин терахьерчу ц1ердешнийн – й, - ш, - аш чаккхенаш
хуьлу. Масала: дешархо – й, олхазар – ш, мехк – аш.
2. Х1уманаш билгалйен дешнаш тобанашка декъар.
Кхочушдо шардар № 236, аг1о 116.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо шардар № 237, аг1о 116.
2. Х1ара дешнаш дукхаллин терахье даха:
борз - …
зингат - …
цхьогал - …
сурт - …
хи - …
седа - …
Нийса дуй талла:
борз – берзалой;
зингат – зингатий;
цхьогал – цхьогалш;
сурт – суьрташ;
хи – хиш;
седа – седарчий.
Керла коьчал кхин д1а а хьехар.
1. Кхочушдо шардар № 240, аг1о 118.
- Суьрташка а хьажий д1адеша дешнаш.
куьзганаш куьзганаш
шекар шекар
кхор кхораш
шура шура
- Дешнашка а, суьрташка а хьажий, шайна
хетарг ала.
- Массо а ц1ердош хийцалой терахьашца?
Дагахь латтаде:
Цхьадолчу ц1ердешнийн дукхаллин терахь ца хуьлу, цхьадолчу ц1ердешнийн цхьаллин терахь ца хуьлу.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
- Д1адеша ц1ердешнаш:
Моз, кхораш, йоькаш, х1аваъ, чай, шекар, т1о,
таьлсаш, ирс, шура, к1алд.
- Х1окху рогаллехь схьайазде ц1ердешнаш:
а) терахьашца хийцалуш долу ц1ердешнаш;
б) цхьаллин терахьехь бен ца хуьлу ц1ердешнаш;
в) дукхаллин терахьехь бен ца хуьлу ц1ердешнаш.
Жам1 дар:
Х1окху урокехь вайна хии х1ун
башхалла йу цхьаллин терахьерчу
дукхаллин терахьерчу а
ц1ердешнашна йуккъехь? Девзи
цхьаллин терахьехь бен ца хуьлу
ц1ердешнаш а, дукхаллин
терахьехь бен ца хуьлу
ц1ердешнаш а.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.