Статья "Ненан мотт"
Оценка 5

Статья "Ненан мотт"

Оценка 5
docx
28.09.2023
Статья "Ненан мотт"
Ненан мотт.docx

Ненан мотт – мах боцу беркат

 25.04.2014

https://vesti095.ru/wp-content/uploads/2014/04/Ramzan_Kadyrov__8246.jpegНохчийн мотт! Сан ненан мотт! Азаллера дуьйна Нана-Дег1аста х1аллакьян г1ерташ, чуг1иртинчу 1аьржачу ницкъашна юьхьдуьхьал лаьтташ, вайн оьздачу дайша ларбина, тахнене схьакхачийна мотт. «Дуьне даа веънарг хийла хьо!»-олуш, ловца баккхарца, хьан дуьнен чу валар декъалдина мотт. Аганан г1ожца хьан нанас хьуна, тайна мукъамаш хазийтина мотт. «Нана» – аьлла, хьуо винчу хьайн нене дуьххьара хьо кхайкхина мотт. Дуьненан мехха йолу ден аьхналла хьуна йовзийтина мотт. Х1ун хир ду цул деза, доккха, хьоме. Хастам хиларо Аллах1-Дала кхечу къаьмнех къастош, вайна дина исбаьхьа совг1ат ду иза. Дуьне довза луучунна, мах боцу беркат ду нохчийн мотт. Шен синхаамаш д1абовзийта луучунна говза г1ирс бу иза. Мостаг1чунна дуьхьала х1уттуш, хьан дог-ойла ч1аг1ъен шатлакхан илли ду иза. Доттаг1че вистхуьлуш марзонан дог1а ду иза. Езаре безам ахьа балхош, хьан деган зевне илли хуьлий бека нохчийн мотт. Къаьхьачу г1айг1ано дог 1овдахь, тийжачу мукъаме боьрзий, хьоьгара лазамаш-баланаш д1аоьцуш, къоьжачу лаьмнех схьадолучу шийлачу шовданах тарло иза. Нохчийн меттан бос керчачу хазаллех цецвийлина оьрсийн сийлахь — воккха яздархо Лев Николаевич Толстой. Дуьненан ни1матех цхьаъ нохчийн мотт лийринчех ву Петр Карлович Услар. Вайнахах к1езиг бац нохчийн меттан йозанан хьаьрмахь шайн беркатечу хьаьркийн лараш йитинарш. Шелара Соип-Молла, Досов Къеда, Хасанов Янг1улби, иштта кхиберш а. Советан 1едало йоза-дешарна массарна цхьабосса даьстинчу хоршах пайдаоьцуш, нохчийн мотт 1илманан бухца бузуш, 1амо а, кхио а лууш, къахьегначарех бу: Чентиева Марем, Дешериев Юнус, Джамалханов Зайнди, иштта дуккха кхиберш а.

1аламат боккха иэшам бо нохчийн маттана 1944-чу шеран 23-чу февралехь вайнах лаамаза махках бахаро. Кхойтта шарахь, парг1отанах, махках, маттах, Даймахках хьегош, 1азапехь даллийна нохчийн къам, къинхетамза шайн ворх1е дайн оьздачу г1иллакхийн орамех хадош. Амма сталински хьадалчийн ницкъ ца кхаьчна вайн дайшка-наношка нохчийн мотт д1атасийта. Цара йо1-б1аьрг санна ларйина халкъан бартан кхолларалла. Иза боккха Делан къинхетам бу, йозанехь зорбане бийлина 1илманан белхаш 1едалан векалша багийна, чим бина, х1аллакбина д1абаьхна хилча-м муххале а. 1957-чу шарахь вайнах ц1аберзарца юхаденйира Нохч-Г1алг1айн Республикин историн, литературин, меттан талламан институт. Нохчийн меттан беркатечу хьаьттахь къахьоьгучу 1илманчийн керла ц1ерш евзира халкъана, махкана: Мациев Ахьмад, Эльмурзаев Сераьжди, Чокаев Кати, Вагапов Якъуб, Эсхаджиев Якъуб, Тимаев Ваха, иштта дуккха а кхиберш а. Нохчийн маттана хаддаза г1аролехь лаьттинчарех бу къоман сийлахь яздархой: Бадуев Са1ид, Мамакаев Мохьмад, Мамакаев 1аьрби, Хамидов 1абдулла, Айдамиров Абузар, Окуев Шима…

Оцу сийлахьчу адамийн говзарш ондда г1ортор ю нохчийн мотт бовзарехь а, иза кхиорехь а. Нохчийн маттах уггаре а луьрачу заманахь хастаме дош аьллачарех ву халкъан поэт Арсанукаев Шайхи а. «Йистйоцу х1орд санна, бу хьуна шорта, ша безаш волчунна вайн нохчийн мотт», – элира Шайхис вайна массарна евзачу шен байташкахь, ненан мотт акха тесна хутал санна д1атесна, кхечу маттах пайдаэца цхьаберш буьйлабелча. Дукхах болчарна и дешнаш сих кхийтира, т1аккха дагахь а 1амийра.

Бакъду вешан махках а, маттах а чомахь марзо эца дитина дац вай. Кхин х1умма ца хилча а, ХХ-ХХ1-г1ий б1ешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина бохамаш тоьар бара. Боккха иэшам бира цу бохамаша маьршачу адамашна, церан декъазчу синошна, нохчийн маттана, махкана. Амма Делан къинхетам боккха бу! Цу балех вай хьалхадехи нохчийн оьздачу кхерчара схьаваьллачу къонахчо, 1азапо г1елдина къам шен букъ т1ехьа лоцуш, иза майра г1аьттира Нохчийчуьра т1еман алу д1аяккха, халкъ парг1атдаккха, ненан меттан доь ца дайта, вай ирсе дахийта. Къам цу зовкхе кхачийта шен дахар д1аделира Ахьмад-Хьаьжас. Ямартчу мостаг1аша и ирча зулам диначу дийнахь моьттура, ерриге а Нохчийчоь юха а бодано хьошур ю. Делахь а, доза доцуш хиллера Хастам хиларо Аллах1-Дала нохчийн къомах бина комаьрша къинхетам. Шен турпалчу ден карара йоьжна г1азотан байракх кхин а лакха хьалаойъуш, г1аьттира Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан. Рамзанах схьадаьлла беркат ду х1ора шарахь 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де къомо даздеш, билгалдаккхар. Шен мотт, мохк, къам дезар ду иза. Ненан меттан бух боцу маь1на довзар а ду. Нохчийн меттан сий-пусар дар а ду. Нохчийн махкахь вахалур вац, нохчийн маттах къаьстина. Хене-м вериг хир ву, сутарчу сино дуьненан даьхнина т1аьхьаидош. Ткъа иза вахар ма дац, дуьнен чохь хан яккхар ду. Нохчийн мотт хууш ву иза, олу вайнаха, къонахчун лаккхара мах хадош. Доза доцу адамалла, комаьршалла стагехь ю бохург ду иза. Нохчийн мотт хууш волу стаг цкъа а вухур вац г1иллакхах, оьздангаллех, собарх. Дахаран къилба Нохчолла хир ю цуьнан. Маьршачу синан х1айкал Даймохк хир бу. Нохчийн матто доьналлех вузу къонах. Дуьне духуш а, юхур йоцчу йохьах а вузу. Нохчийн маттахь хьаьстина хьо дуьххьара нанас. Цу маттахь кхетош-кхиоран къамел дас дина. Нохчийн маттахь кхойкху хьо, бохамо 1овжийча, вай кхоьллинчу Веза-Воккхачу Деле. Цу маттахь эр ду, бармин генаш лацале, дуьненахь йоккхучу хенахь ахь ала дитинехь, бевза-безачара хьох олу т1аьххьара дош. Нохчийн г1араваьлла вевзачу цхьана поэта аьлла, «Со цецволу вина де даздечарех. Со хаъал хилчхьана, суо лен волу де даздан кечлуш ву!». Нохчийн меттан сий деш хьо ваьхнехь, дуьненахь а, эхартахь а хьан сий хир ду! Хьо винчу ненан маттана пе бетташ хьо ваьхнехь, хьан декъаза СА беркъа хир ду, т1етовжа тешаме г1ортор а йоцуш. Нохчийн мотт – иза вайн маьрша синош марзонах 1або кхача бу. Нохчийн мотт – иза гергарлонаш ч1аг1ден болатан з1е ю. Нохчийн мотт – хьайн къоман г1иллакхийн гурашкахь хьо латто онда г1ирс бу. Нохчийн мотт – вайн дайша азаллера тахнене схьакхачийна экама ни1мат ду. Тахана вай декхарийлахь ду иза 1алашбан, цуьнан башхачу шатайпаллина г1ароле х1итта, т1аьхьарчу т1аьхьенна, басах а, чомах а ца талхош, иза д1акховдо. Цунах кхета Дала хьекъал а, доьналла лойла вайна.


 

Скачано с www.znanio.ru

Ненан мотт – мах боцу беркат 25

Ненан мотт – мах боцу беркат 25

Бакъду вешан махках а, маттах а чомахь марзо эца дитина дац вай

Бакъду вешан махках а, маттах а чомахь марзо эца дитина дац вай
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
28.09.2023