Статья: Нохчийн мотт
Оценка 4.6

Статья: Нохчийн мотт

Оценка 4.6
docx
25.02.2024
Статья: Нохчийн мотт
user_file_550b0b2705f76.docx

 

 

 

 «Нохчийн меттан а, нохчийн меттан литературин а урокашкахь керла технологеш юкъаялор»

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 


Хьехархо

 

 

 

 

 

 

«Ненан мотт»- язло сан ц1ийца,

Ненан мотт бека сан сица.

Сан бакъо ю и бийца,

Сан бакъо ю цунах дийца,

Амма яц бакъо и хийца!

                                                                                                                     

/ Кусумов С. /

 

Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шийлачу дийнахь кхеттачу малхо дохдо дуьне санна, дог дохдо ненан маттахь аьллачу дашо. Мел дийцича а дийцина ца валлал дукха довха дешнаш ду  ненан маттах ала.

Т1екхуьу къона т1аьхье дайн ламасташца, къоман г1иллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна т1ехьажийна бу ненан мотт хьоьхучу хьехархойн болх. Х1инцлерачу ненан меттан урокашкахь хьехархочун коьрта ши декхар ду аьлла , хета суна: ненан матте дешархойн  безам кхоллар; биллина ненан мотт цаьрга бийцитар. Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна 1аш дац. Цуьнан марзонца, и безаш кхиина волу дешархо, дешна ваьлчул т1аьхьа и бийца хууш а, лууш а хилийта оьшу и. И бийца хууш  а, лууш а хилча бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур бац, бехар а бац.

Ткъа т1аьхьарчу хенахь ненан маттаца шовкъ йолчу берийн мог1анаш нилхдовлуш лаьтта .Де дийне мел дели а хаало нохчийн мотт г1еллуш, и эшна бог1уш хилар. Цхьаболчара и бакъдеш т1е а ца  лоцу, уггаре хьалха хьехархоша а т1ехь.

- Х1ун дан деза? - хаттар х1утту. Шеко йоцуш, доккха жоьпалла ду вайна, нохчийн метан хьехархошна,  т1ехь.

Нохчийн Республикан Дешаран Минисерствос т1е а эцна ч1аг1йина йолу керлачу программаша вайна, хьехархошна т1е декхар дуьллу школехь ненан мотт а, ненан меттан литература хьехаран г1уллакхаш кхин а тодан а, лакхарчу т1ег1ан т1е  даха а.

Лакхахь мел дийцинарг кхочушдан вай таро хир вай вешан хьехаран методика хийцича,  цу юккъе керла технологеш ялийча.

Дешаран керла технологийн тайпанаш :кхиош-1аморан, могушалла ларъяран, информационно-коммуникационни, 1оттабаккхаман-диалогин, дешаран проектированин,  интерактивни технологеш и. кх. д1.

            Нохчийн меттан хьехархошна  царех пайдаэца  хало ду, х1унда аьлча т1ехьажа цхьана а тайпана г1ирс бац, интернет чохь а нохчийн маттахь хаамаш к1еззиг бу. Делахь массо а хьехархо лехамехь хила веза, массо а аг1ор керлачунна т1екхиа г1орта веза.

1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гайтар. Масала: Хьехархочо жима дийцар деша доладо дешархошна, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аша муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан авторш. И тайпа болх д1абахь мегар ду дешархой шина тобане бекъна , х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхь хьехархочо дерриге а дийцар д1адоьшу.

Проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, оцу шина  некъах пайда эцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолг1а- дешархоша шаьш я хьехархочун г1оьнца бакъдо, т1еч1аг1деш цхьаьний бакъдо.

Керланиг иштта хьехар гуттар а ца нисло, х1унда аьлча цкъацкъа 1амошдерг кхета хала хуьлу, цхьадерг бакъдан ца оьшуш меттиг а нисло. Масала литературан урокашкахь х1ора дешархочун шен хьежам хуьлу проиведенин чулацаме а, цуьнан турпалхошка. Кхузахь ялор вай Мамакаев Мохьмадан «Сийлаха» поэма, цуьнан чулацам бевзичул т1аьхьа дукхахьолахь дешархой шина тобане бекъало. Цхьаболчарна Ибрах1им нийса хета, ткъа вукхарна и бехке хета йо1 кхалхарна цундела цара и къобал ца до. Кху тайпа хьал х1оьттича урок  дешархой шина тобане бекъа а бекъна, д1аяьхьча бакъахь хир ду аьлла хетта суна, хьалххе цаьрга д1а а хаийтина хинйолчу урокан ц1е а, чулацам а. Цара шайна 1алашонах лаьцна хаамаш вовшахтухур бу. Иштта вайга кхузахь гучуболу кейс-технологин д1ах1оттаман:

1 т1иэг1а – 1алашо йовзийтар;

2 т1иэг1а -  1алашонах хаамаш вовшахтохар;

3 т1иэг1а  -    хьесапдар.

             Кейс –технологин методаш дукхахьолахь хаарш совдахарна т1ехьажийна йоцуш, дешархойн ладог1аран, дийцаран корматалла айъаран т1е тидам бахийтина ю. Ишттачу урокашкахь таро хуьлу хьехархочун дешархойн  мотт бийцаран говзалла  лакхаяккха.

            1ама билгалдаьккхинарг,х1ораннан тароне хьаьжжина, къастийна хила деза (Технология разноуровневого обучения).

         Масала, 5-7 классашкахь, суна уггаре а кхачо йолуш карийнарг – х1ора дешархочунна шена цуьнан тароне хьаьжжина т1едиллар долу кехетех пайдаэцар.

         Хьехархочунна хаа деза , дешаран ледарло еш волчу дешархочунна тидам т1ебоьду, цуьнан кхочуш бан  ницкъ кхочур болу болх каро. Ледарволчун мах хадо сихвала ца веза, хьехархо къаьсттина тидам т1ебахайта беза царна, х1унда аьлча дийриг сихха кхочушдан ницкъ цакхачаро царна эхь хоьтуьйта, уьш шайна хуург схьаала ца х1уьтту.

Нохчийн мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна, х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографический, пунктуационний, къамелан хаамаш караберзоран г1о деш хиларна а, шозлаг1а делахь, 1амош йолу грамматически материалаш дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.

         Хаарш талларан технологех ю тестови технологи. Цуьнан коьрта 1алашо ю, дешархойн хаарш толлуш, х1ораннан ша-шеца беш болу болх кхин д1а а тобар.Тестировани д1аяхьаро ч1ог1а г1о до дешархошнан 1амийнарг т1еч1аг1деш а, хьалха 1амийначунна талам беш а, керла тема йовзуьйтуш а. Дукхахьолахь тесташца болх бечу хенахь гучудовлу дешархойн хааршкахь долу кхачамбацарш. Тесташ шайн чулацаме хьаьжжина тайп-тайпана хуьлу: нийсаниг харжар, бакъонца ца дог1ург д1адаккхар, хьайгара жоп т1едуза деза хила и д1. кх. Цундела дешархошна 1амо деза шайна хьалха дуьллучу т1едилларх кхета. Тестови технологис 1амийначу программийн дакъош талла аьтто кхуллу. Кху тайпа болх д1абахьа мегар ду ц1ахь бина болх толлучу  муьрехь, я керла материал 1амийна бевлча цуьнах дешархой кхета а кхетта, иза т1еч1аг1динчул т1аьхьа, иштта хьалха 1амийначунна таллам беш а. Тесташ т1ехь болх компьютер т1ехь д1абахьаро таро ло вайна хьехархочуьн болх мелла а аттача баккха а, ткъа дешархочунна шен г1алаташ, кхачамбацарш гучудаха. Ткъа вайн заманахь, дукхахболчу дешархойн ц1ахь компьютерш ю, дешархочунна ц1ахь болх бан тесташ делча, цо ша пхиъ даккхалца юха-юха кхочуш  бо шен белла болх , ткъа и цуьнан хааршкахь лар йоцуш ца дуьсу, цхьана дийнахь ца хилахь а, хаддаза, терго еш  и тайпа белхаш бича, дешаран  хьелаш лакхадовлу.

         Критически ойлаяр кхиоран технологех ( технология развития критического мышления) ю синквейн.

         Синквейн – французски дош, вайн маттахь – пхеа мог1анах лаьтта байт.

         Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп.

 Стенна оьшу синквейн:

1.Дешнийн т1аьхьало хьалаюзу.

2.Боцца чулацам схьабийцарна кечам.

3.Коьртаниг каро 1амаво.

4.Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло.

5.Массера а кхочушхуьлу.

Сиквейн язъяран бакъонаш:

Хьалхара мог1а – цхьа дош – байтан ц1е, дукхахьолахь ц1ердош.

Шолг1а мог1а – ши дош ( билгалдош я причасти) чуламах язъяр.

Кхоалг1а мог1а – кхо дош ( хандош). Дар я хилар чулацамна т1ехьажийна.

Боьалг1а мог1а – диъ дош, предложени. Чулалацаме болу хьежам.

Пхоьалг1а мог1а – цхьа дош – ассоциаци, чулацамехь коьртаниг билгалдаккхар. Дукхахьолахь ц1ердош.

Масала:

1алам

Дийна, исбаьхьа

Воккхавоь, цецвуьйла, лардо

1алам лардан деза вай!

Хазна.

 

         Кхузухь вайна го синквейн язъешволчунна хаа деза къамелан дакъош къасто, предложени х1отто, хьалхарчу дашца маь1ница дог1уш дош дало. Цу дерригено вайна таро ло дешархойн дозуш долу къамел кхио, церан дешнийн х1онс мелла алсам яккха. Ткъа иза вай кхочушдан деза х1ора урокехь, муьлхха а тема 1амош.

Школехь литература хьехаран доккха маь1на ду. Исбаьхьаллин литература ша – тайпа амал йолу 1илма ду. Цо 1аламат боккха т1е1аткъам бо адамийн ойланний, синхаамнийн. Литературан урокашкахь кхиайо дешархошкахь адамалла, къинхетамалла. Дика кечам биначу литературан урокашкахь дахарх лаьцна долу берийн хаарш алсамдовлу, адамийн хуьлуш йолчу юкъаметтигех лаьцна а кхета уьш. Хьехархочо дицдан ца деза кхузаманахьлерачу стагехь кхио беза хьаналчу къинхьегаме безаммий, цул сов иза хила веза бусулбачу динца дуьненнахьежам шен болушший. И дерриге а кхочушдо литераратуран урокашкахь, амма дика хан оьшу бер оьшучу ойланехь нийса дахар довза кхио. Цундела чулацам бовзийтарал сов, произведенина талам бар доккха маь1на долуш г1уллакх лору методикехь. Цу балхо дешархо кхетаво хьанал-хьарам долчух, оьзда долчух, доцчух, г1иллакхе долчух, доцчух, доцца аьлча, иманчу валаво 1амо т1елаьцнарг.

         Литература хьоьхуш суна зеделла вайн дешархойн барта къамел кхиорехь дуккха халонаш хилар. Дешархошна хала хуьлу шайцн дагахь дерг нийса схьаала, шерра къамел дан, шайн ойланехь дерг йозане дерзо. Цундела муьлххачу а гуламашкахь а, школал арахь а – адамашна юкъахь къамелаш дечу меттигашкахь хаало барта къамелехь вайн хила кхачамбацарш. Цундела, суна хетарехь, мехала ду шкоашкахь литературан суьйренаш, диспуташ, горга стоьлаш д1аяхьар. Урокаш ламасталлин йоцчу кепара х1иттийча. Тайп-тайпанчу методашца болх а беш, вайн дешархошна кхин а бег1ийла, кхетаме, эвсаре кепаш юкъаялор ду тахана нохчийн мотт хьоьхуш волчу хьехархочун декхар.

Дала хьунар а, аьтто а, ницкъ а лойла вайна вешан 1алашо кхочушъярехь. 

 

 

 

 


 

Нохчийн меттан а, нохчийн меттан литературин а урокашкахь керла технологеш юкъаялор»

Нохчийн меттан а, нохчийн меттан литературин а урокашкахь керла технологеш юкъаялор»

Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь

Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь

И тайпа болх д1абахь мегар ду дешархой шина тобане бекъна , х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш

И тайпа болх д1абахь мегар ду дешархой шина тобане бекъна , х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш

Нохчийн мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна, х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографический, пунктуационний, къамелан хаамаш караберзоран г1о деш…

Нохчийн мотт 1амош, коьрта тидам т1ебахийта беза 1амор шардеш, ч1аг1деш г1о дечу тайп-тайпанчу шардаршна, х1унда аьлча, цкъа делахь, орфографический, пунктуационний, къамелан хаамаш караберзоран г1о деш…

Коьртаниг каро 1амаво. 4.Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло

Коьртаниг каро 1амаво. 4.Жимчу ханна кхоллархо хила таро ло

Цундела чулацам бовзийтарал сов, произведенина талам бар доккха маь1на долуш г1уллакх лору методикехь

Цундела чулацам бовзийтарал сов, произведенина талам бар доккха маь1на долуш г1уллакх лору методикехь
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
25.02.2024