89-г1а урок
Урокан ц1е: «Мукъаза къора аз (Ф), элп Фф».
1алашо: мукъаза къора аз (Ф) довзийтар, элп Фф довзийтар. Элп Фф дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша 1амор.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни:мукъаза къора аз (Ф) девзар ду берашна, элп Фф девзар ду. Нийса а , кхеташ а элп Фф юкъадог1у дешнаш деша 1емар ду.
2. Метапредметни:
· Регулятивни: берашна 1емар ду учебника т1ехь ялийначу материалах пайда а оьцуш , шайн белхан план х1отто. Планан рог1алла а ларъеш шайн болх д1абахьа а 1емар ду берашна. Берашна хуур ду шайн кхиамаш ган , царех пайдаэца. 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.
· Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала. 1емар ду вовшашца къамеле бовла, ладог1а.
· Познавательни: берашна 1емар ду элп Фф юкъа а х1оттош дешдакъош кхолла , уьш деша. Берашна хуур ду элп Фф оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар. Алсамдер ду дешнаш довзар.1емар ду дехий , доций мукъа аьзнийн тидам бан.
3. Личностни: берашна евзар ю керла говзалла-тегархо. Берийн лаам хир бу шайна оьшу говзал йовза, караерзо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла !
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
· Ловзар : «Х1етал-металш»
Х1етал-метал хаьийла хьуна:
Цкъа б1аьрг а та1абой,
Юьхь-сибат кехат т1е доккхург? (Фотоаппарат)
Тай яхъели, аьхка хьаьрчи? (Шарф)
Галеш чуьра 1енош санна,
Лайн чимаш а кхуьссуш,
Дарц а дохуш хьийза мох,
Ярташ лайнах юьзна.
Бусашело ч1аг1 а луш,
Дийнахь шаш а бешаш,
Де дахделла - и гуш ду,
Хаал шайна х1ун бутт бу? (Февраль)
-Х1ун ю уьш? (Февраль,шарф, фотоаппарат).
-Х1ун ду церан юкъара?
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
3 . Урокан 1алашо йовзийтар.
-Д1аелла учебникан 119-г1а аг1о. Тидамбе вайна 1амо т1едиллинчу г1уллакхан. План х1отта а шайн белхан.
· Суна 1емар ду….
· Суна хуур ду…
· Ас дийр ду….
-Вай тахана 1амор ду элп Фф юкъадог1у дешнаш деша. Вайна 1емар ду предложенеш еша. Дийцар х1оттор ду вай.
4. Мукъаза къора аз (Ф) , мукъаза элп Фф довзийтар.
· Суьрташца болх бар. Дешан юьххьехь , юккъехь аз (Ф) довза 1амор.
-Х1ара х1ун ю? (Фонарь ).
-Ала ФФОНАРЬ . Муьлха аз хеза ФОНАРЬ дешан юьххьехь? (Аз (Ф) хеза).
-Ала ФФ . Аз (Щ) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза ду).
-Х1унда ду и мукъаза? (Аз (Ф) ца лакхало).
-Аз (Ф) зевне ду я къора ду? ( Аз (Ф) къора ду).
-Тидам бе схемин . Х1ун бос бу аз ( Ф) билгалдечу еък1овн? (Сийна)
-Маса дешдакъа ду ФОНАРЬ дешан? (Шиъ ду)
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа ? (ФО).
-Шолг1аниг? (НАРЬ).
-Х1ара х1ун ю? (ШАРФ).
-Маса дешдакъа ду ШАРФ дешан? (Цхьаъ).
-Мича меттехь хеза аз (Ф)? (Дешан чаккхенгахь).
· Элп Фф довзийтар.
-Х1ара зорбанан доккха элп Ф ду , х1ара зорбанан жима элп ф ду. И ши элп цхьатера ду я тайп-тайпана ду?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна девзи мукъаза къора аз (Ф). Мукъаза шалха элп Фф.
· Фф элпах лаьцна байт 1амор.
Фариза ю школе йоьдуш,
Фартук цо ц1ахь йицйна.
Фатима, цуьнга хьоьжуш,йоьлу
— Форма хьайн ахь хийцина?
-Муьлхачу дешнашкахь хеза аз (Ф)?
5. Дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Фф элпаца дешдакъош кхоллар.
-Бераш , вай х1инца 1амор ду дешдакъош деша. Аса хьала ойбу элп Фф , аша аз а ца хадош д1адеша иза. (Хьехархочо д1агойту элп , бераша д1адоьшу.
-Фф.
-Аса цунна улло дуьллу кхин цхьа элп А. (Ф) олуш долуш долу аз а ца хадош д1адеша дешдакъа. (Бераша д1адоьшу)
-ФФАА.
-Д1адеша аса гойтуш долу элп юха.
-ФФ.
-Аса дуьллу цунна улло кхин элп О. (Ф) олуш долуш долу аз а ца хадош ший цхьана д1адеша.
-ФФОО.
-Юха аса дуьллу элп У. Аз ца ходуьйтуш д1адеша.
-ФФУУУ,
-Юха аса дуьллу элп И. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ФФИИ.
-Юха аса дуьллу элп Е. Д1адеша аз а ца ходуьйтуш.
-ФФЕЕ
· Фф элп юкъадог1у дешдакъош дешар.
(Хьехархочо уьн т1е д1ах1иттадо дешдакъош ,бераша д1адоьшу)
ФФАА
ФФУУ ФФЕЕ
ФФОО ФФИИ
(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
(1аматан аг1он т1ера а д1адоьшу бераша дешдакъош)
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешдакъош деша.
6. Дешнаш дешар.
· Уьн т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Д1адеша хьалхарчу б1ог1амалгера дешнаш.Х1ун ю ФАБРИКА? (Х1умнаш тоьгу меттиг ю).
-Маса дешдакъа ду ФУТБОЛ дешан? (Шиъ).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ФУТ).
-Шолг1а?(БОЛ).
-Д1адеша шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш. Муха кхета шу ПАРЗ бохучу дашах?
Маса деш дакъа ду ПАСТА дешан ? (Шиъ ду).
-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ПАС).
-Шолг1а? (ТА).
-Д1адеша кхоалг1ачу б1ог1амалгера дешнаш . Х1ун ю ФЕРМА? (Даьхни кхобу меттиг ).
- Абатан 119-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дешнаш деша.
· Абатан 119-г1а аг1он т1ера д1адоьшу дешнаш.
· Элп Фф оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца хилар хаийтар.
-Муьлхачу дешнашкахь ду элп Фф? (Фабрика, ферма, шарф, кофта).
-Хьан хаьа шуна: нохчийн метан дешнаш дуй уьш? (Берийн жоьпаш).
-Уьш оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш ду. Элп Фф оьрсийн матера т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздо.
· Дехий , доций мукъа аьзнийн тидам бар.
-Д1адеша дош. (Лама)
-Муха кхета шу цунах? (К1иран де ду иза).
-ЛАМА дашехь аз (Э) деха ду я доца ду? (Доца).
6. Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гата хьоькхура.
Когаш бетташ, т1араш детташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь «къакъи» дора.
Цундела ю уьш могуш
Шу а хила лууш.
(Бераша байташйоыду дег1ан меженаш хьееш).
7. Барта къамел кхиор.
· Дийцар х1оттор.
-Мила ю суьрта т1ехь? Ц1е тилла цунна. Стенгахь болх беш ю Фариза? (Фариза фабрикехь болх беш ю).
-Х1ун йо фабрикехь? (Фабрикехь йо кофтанаш, юбканаш).
-Мила ю Фаризин доттаг1? (Фаризин доттаг1 ю Пет1амат).
-Х1ун говзалла ю Фаризин ,Пет1аматан? (Фаризий , Пет1аматтий тегархо ю).
-Тегархо говзалла оьшуш юй?
-Хьанна лаьа тегархо хила?
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Суна 1еми дийцар х1отто.
8. «Фабрикехь» дийцар дешар .
· Массара цхьана ешар.
· Шайн дагахь ешар.
· З1енаца ешар.
-Стенгахь болх беш ю Фариза? (Фариза фабрикехь болх беш ю).
-Х1ун йо фабрикехь? (Фабрикехь йо кофтанаш, шарфаш, кхийолу бедарш).
-Мила ю цуьнца болх беш? (Цуьнца болх беш ю Пет1амат).
-Муха тегархо ю Фаризий, Пет1амттий? (Дика тегархо ю Фаризий , Пет1аматтий).
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
· Тхуна 1еми предложенеш еша.
· Кхоллараллин болх
-Массара а язде элп Фф , дилла цунна дог1у сурт.
9. Жам1 дар.
-Муьлха аз девзира шуна? (Аз (Ф) )
-Аз (Ф) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза)
-Зевне ду я къора ду? (Къора)
-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (Ф) ? (Фф элпаца)
10. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.