Урок № 7
Класс – 10
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Кегийрахойн юкъаметтигаш а, доьзал кхоллар а.
1алашо: берашца эхь – бехках, декхарх лаьцна 1амийнарг т1еч1аг1дар;
кегийрахойн юкъаметтигашкахь лело дезачу г1иллакхийн
оьздангаллин барам бовзийтар;
доьзал кхолларх лаьцна кхетам балар; къоман
г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор; уьш г1алатло яларх ларбар.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
« Исбаьхьа шовда».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Шен амалш а, г1иллакхаш а оьций
Нехан х1усаме вуссуш вац,
Ц1еххьана адам йийсаре а лоций
Шена хетарг дуьйцуш дац.
Хьоьга хоттуш х1уммаъ доцуш,
Боккхий хьан не1аран зайл,
Цхьа безам бу-кх баьрчче болуш,
Хьан даг чу ц1е а латайой.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
-«Эхь – бехк» - бохучу дешнийн маь1нех муха кхета шу?
-Декхар – х1ун ю иза? Угаре а коьрта декхар муьлхарг ду?
-Стенах олу эхь? Бехко?
-Х1ун до стагана иэхьо? Бехко?
-Муха хуьлу бехк баккхар?
III. Керла тема: Кегийрахойн юкъаметтигаш а, доьзал кхоллар а. (аг1о
114-124).
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Кегийрахойн юкъаметтигашкахь лело деза г1иллакхаш.
3. Доьзал кхоллар.
4. Кицанаш, аларш, дийцарш.
5. Словарни болх:
Дешнаш т1ехь болх:
Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма – бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а вовшахкхетар ду. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара кхин гергара нах а бу.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Кегийрахойн юкъаметтигашкахь лело дезачу г1иллакхех лаьцна хьан дуьйцур дара аш?
- Стенах олу доьзал?
- Муха кхоллало доьзал?
- Хьаьнгара масал оьцу кегийрахоша шаьш доьзал кхолларехь бечу кечамехь?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: : аг1о 102, 114 – 124, кицанаш, аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.