Урок № 10
Класс – 11
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Керла зама а, оьздангалла а.
1алашо: Кху т1аьххьарчу 10 – 11 шарахь вайн махках хиллачу
хийцамаша, т1емаша къоман оьздангаллина бина т1е1аткъам
берашна йовзийтар; вайнехан г1иллакхаш, оьздангаллин
барамаш дешархошна бовзийтар;
къоман г1иллакхех къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Гумс» газетан вырезкаш.
Урокан некъ.
I. Догдаийтаран мур
Зама – и кхо де ду боху: Дерзалур дац иза юха.
Селхана, тахана, кхана. Тахана – хьан карахь дерг ду.
Селхана даьлла д1адахна, Ткъа кхана хаац, хьо хир вуй.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Мехкан кхело сацам т1еэцар муха хуьлуш хилла?
- Мехкан кхелана, нахана юкъахь з1е латточу стагах х1ун олу?
- Х1ун декхарш кхочушдеш хилла мехкан кхело?
III. Керла тема: Керла зама а, оьздангалла а.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Т1аьхьарчу заманахь гучудевлла вуон г1иллакхаш.
3. И зуламаш вайн махкахь даржаран бахьана (бусалба боцу нах юкъахь алсам хилар;).
4. Дицдина г1иллакхаш ( оьздангаллин мах хадор, к1арлаг1а х1оттор, х1уй кхайкхор).
5. Телевиденехула эхь – бехкан доза доцчу передачаша г1иллакх – оьздангаллина до зен.
6. Т1емаш хиларо къоман оьздангаллина бина т1е1аткъам.
Дешнаш т1ехь болх:
Къарлаг1а х1оттор –
Х1уй кхайкхор –
Хьера кхайкхор –
т1е1аткъам -
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Кху т1аьхьарчу шарахь вайн прессо (телевидени, газеташ) коьртачу декъана
дийцаре деш дерг х1ун ду?
- Муьлхарш ду т1аьхьарчу заманахь гучудевлла вон г1иллакхаш?
- Муьлха г1иллакхаш юкъадаьхча, бег1ийла хир дара аьлла хетта шуна?
- Х1ун вуон г1иллакхаш юкъара д1адаха деза вай?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: аг1о 269-275.
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.