Урок № 6
Класс – 11
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Ненахой, стунцахой лераран г1иллакхаш.
1алашо: берашца арахьара чудеана хийра г1иллакхаш, 1адаташ,
ламасташ
т1еч1аг1дар; берашна ненахой, стунцахой лераран г1иллакхаш довзийтар; вайн къоман оьздангаллин барамаш, цу хьокъехь долу
г1иллакхаш довзуь1туш, г1иллакхе, оьзда т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Г1иллакхийн хазна - ирсан некъаш»,
«Халкъан кицанаш, аларш».
«Исбаьхьа щовда».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Ирс ду-кха къастадахь вон-дика вовшех,
Дуьненан хьийзарехь кура ца волуш,
Гора я1, дахар вайн доца ду, доца,
Д1адоьду, сихаллехь вай вовшех дохуш.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Муьлха г1иллакхаш юкъадаьхна Шемала нохчашлахь?
- Б1аьхочо цигаьрка оза бакъо яккхар муха хилира довзуьйтуш, дийцар
схьадийца.
- Кхин муха юкъадеана нохчашна кхечу къоман г1иллакхаш?
III. Керла тема: Ненахой, стунцахой лераран г1иллакхаш.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Ненахой лераран г1иллакхаш.
3. Стунцахой лераран г1иллакхаш.
4. Халкъан кицанаш, аларш, хьадисаш.
- Ненаххий, лаьттаххий тешнарг г1алат вер вац.
Цхьа стаг веара Элчанна (с) т1е цо элира: «Ас доккха къа дина, дохко а ваьлла, тоба дича г1о хир дуй суна?» Элчанно (с) хаьттира: «Нана еллий хьан?». Оцу стага элира «Елла». Элчано элира:«Хьан ненан йиша еллий?» «Ца елла» - элира стага. «Т1аккха цунна дика хила веза хьо» - элира элчано.
- Ненахой, стунцахой ца лорург стаг вац.
- Бексултанов Мусан «1аламат» ц1е йолчу дийцаран кийсак.
Дешнаш т1ехь болх:
Стунцахой – зудчун гергарнаш (родственники жены);
Тоба дар – ша динчунна дохковадар;
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Ненахой лераран муьлха г1иллакхаш девза шуна?
- Хьан муха хуьлу ненахой лерар? Даладе масалш.
- Муха хила деза стунцахой лерар?
- Бексултанов Мусас муха яздина Муртаза шен еллачу стунненаца лелийна г1иллакх.
- Кхин муьлха стунцахошца лело деза г1иллакхаш девза шуна?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: аг1о: 131-132, кицанаш, хьадисаш.
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.