Урок № 17
Класс – 10
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Оьздангалле хьаьжжина, нехан бекъабалар.
1алашо: берашца стага нахаца лело дезачу г1иллакхах лаьцна хьалха урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар; берашна оьздангалле
хьаьжжина, нехан бекъабалар довзийтар; вайнехан
г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар;
къоман г1иллакхехь къона т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Г1иллакх-оьздангалла»,
газетан вырезкаш.
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,
Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.
Халкъана, махкана лелахь пебетташ,
Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Баккхийчу нахаца муьлха г1иллакхаш лелон деза?
- Кегийчаьрца х1ун г1иллакхаш лелон деза?
- Божарша зударшца муха г1иллакхаш лелон деза?
- Зударша божаршца лело дезачу г1иллакхах х1ун хаьа шуна?
- Дийца, г1иллакх-оьздангалла совъяларца шайна дагахь лаьттина
дийцарш
III. Керла тема: Оьздангалле хьаьжжина, нехан
бекъабалар.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Оьздангалле хьаьжжина, нехан бекъабалар.
3. Оьздангаллин хехо лацар.
4. Мацах хиллачух масал эцар.
Оьздангалле хьаьжжина, нехан бекъабалар:
нах лай
к1ант стаг къонах 1уьт1а харданг божа
Кицанаш, тидамаш, аларш:
- К1ант – ц1ийнан г1ортор ю.
- К1ант велхор тоьлу, и бахьанехь т1аьхьа ша воьлхучул.
- Стаг вовза лаахь, цуьнан доттаг1ий муьлш бу хьажа.
Дешнаш т1ехь болх:
- К1ант – иза юкьараллехь тарвала хьекъал дерг.
- Стаг – низаман хьекъал дерг.
- Къонах - к1орга хьекъал дерг.
- 1уьт1а – духарца, леларца бен воцуш, нахана х1уъу хетча, бала боцуш,
шен дег1ан хьашташ кхочушдеш вехаш вверг.
- Харданг – мелхуо а духарца къаста г1ерташ, маттана шера а волуш,
сутара стаг.
- Божа – гуттар а шен доца хьекъал, шен доца хьал ду моттийта
г1ертарг.
IV . 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Муха хуьлу нах оьздангалле хьаьжжина?
- Дийца церан оьздангаллин барамах лаций.
- К1ант, стаг, къонах муьлхачу декъана юкъабог1уш бу?
- 1уьт1а, харданг, божа – муьлхачу декъана юкъабог1у?
- Хьанах олу вай к1ант? стаг? къонах?
- Хьанах олу вай 1уьт1а? харданг? божа?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: дийцарш, кицанаш, аларш, тидамаш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.