Тема: «Сан хьоме Нохчийчоь» В.Баширов. 4 класс

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 26 .docx

Литературное чтение.

Тема: «Сан хьоме Нохчийчоь» В.Баширов.

 1алашо: В.Башировс язйина стихотворении йовзийтар, нийса а, кхеташ а, чехка а стихотворни тексташ еша 1амор,нохчмйн литературе безам кхоллар.Даймахках дозалла дан 1амор.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

  «Машар.»   дийцар д1адешар.

2.1алашо йовзийтар.

-Вай тахана долор ду дешаран книжкин керла дакъа.Д1аеша цуьнан ц1е.Стенах лаьцна хир ду х1ара дакъа)

-Даймахках,Нохчийчоьнах лаьцна.

-Вай тахана д1айоьшур ю В. Башировс язйина стихотворени«Сан хьоме Нохчийчоь»

4.Керла тема хьехар.

 1.Хьехархочо д1айоьшу стихотворени

 2.Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Стен гойту Нохчийчоьнан хазахилар?

-Х1ун дог ойла кхоллало хьан х1ара стихотворении йоьшуш?

-муха еше еза х1ара стихотворени?

5.Сада1аран миноташ.

6.Т1еч1аг1дар.

 1.Бераша д1айоьшу стихотворени.

2.Къастош еша.

-Муьлха олхазарша хазйина Нохчийчоь?Д1аеша и мети.

-Акхаройх лаьцна х1ун боху авторо?Д1аеша и меттиг.

-Яртех лаьцна х1ун яздина поэто?

-Д1аеша поэта шеен дог- ойла гойту меттиг.

3.Стихотворени кхеташ ешар т1ехь болх.

-Муьлха рифмаш ю стихотворении т1ехь?

-муха беша без хьалхара барх1 мог1а?

-Муха беша беза шолг1аниг?

-муха беша беза т1аьххьара барх1 мог1а?

7.Жам1 дар.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

Ц1ахь:Дагахь 1амо стихотворени «Сан хьоме Нохчийчоь»,аг1о 51.