Урок № 8
Класс – 10
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Синкъерам. Хийисте вахар. Ирахь1ер. Ловзар.
1алашо: Кегийрхойн юкъаметтигах, доьзал кхолларх лаьцна дийцинарг
т1е а ч1аг1деш, къоман г1иллакхехь хилла синкъерам, хийисте
вахар, ирахь1ер муха хилла довзуьйтуш, ловзарш муха хилла
карла а доккхуш, къона
т1аьхье кхиор; уьш г1алатло яларх ларбар а.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
«Исбаьхьа шовда».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Шен амалш а, г1иллакхаш а оьций
Нехан х1усаме вуссуш вац,
Ц1еххьана адам йийсаре а лоций
Шена хетарг дуьйцуш дац.
Хьоьга хоттуш х1уммаъ доцуш,
Боккхий хьан не1аран зайл,
Цхьа безам бу-кх баьрчче болуш,
Хьан даг чу ц1е а латайой.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Кегийрахойн юкъаметтигашкахь лело дезачу г1иллакхех лаьцна хьан дуьйцур дара аш?
- Стенах олу доьзал?
- Муха кхоллало доьзал?
- Хьаьнгара масал оьцу кегийрахоша шаьш доьзал кхолларехь бечу кечамехь?
III. Керла тема: Синкъерам. Хийисте вахар. Ирахь1ер. Ловзар.
(114-124)
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Синкъерам. Кицанаш.
3. Хийисте вахар. Аларш.
4. Ирахь1ер. Кицанаш.
5. Ловзар. Кицанаш, аларш.
6. Словарни болх.
Дешнаш т1ехь болх:
Хийистехь к1ентан а, йоь1ан а цхьанакхетар – сацар доцуш, гуттар а д1аоьхучу ц1еначу хин, чухьаьжча, бухара т1улгаш а гуш, сирлачу хийистехь кхоллало юкъаметтигаш иштта сирла а, ц1ена а хиларе сатийсам бу иза.
Хийистехь, я кхечухьа к1антий, йо1ий вовшашца дечу къамелах – дагардийцар олу.
Цхьацца болчу синкъерамашкахь сакъоьручу йо1ий, к1антий б1аьцанашца, уьшаршца, б1аьргашца «къамел» до вовшашка. Цунах догдахар олу.
Ирахь1ер – к1анта ша т1ехьийза йо1 цхьанхьа - цуьнан лулахой, я цуьнан гергара нах болчу – чу а кхайкхина, цуьнца къамел дар ду.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Мича бахьанина вовшахтухуш хилла синкъерамаш?
- Муха хуьлу синкъерамаш?
- Ирахь1ер муха хуьлуш хилла хьалха заманахь?
- Дуста хьалхалера а, х1инцалера а хьал – нохчийн синкъерамехь а, ловзаргахь а хуьлуш дерг.
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: : аг1о 102, 114 – 124, кицанаш, аларш.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.