Урок № 10
Класс – 10
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Ворх1е да ларар а, царна хьалха долу жоьпалла а.
1алашо: берашца доьзалехь ден, ненан меттигах лаьцна дийцинарг
карладаккхар; дай-нанойн берашца йолу юкъаметтигах лаьцна
дийцинарг т1еч1аг1дар; къоман г1иллакхехь шен ворх1е ден сий
деш къона т1аьхье кхиор; уьш г1алатло яларх ларбар а.
Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»
«Исбаьхьа шовда». «Халкъан кицанаш, аларш»
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Оьздачу ден – ненан ц1арца
Веънехь кху дуьненчу хьо,
Стогалла 1алашъяй ц1ийца,
Хьайн к1анте ахьа д1ало.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
«Исбаьхьа шовда» - т1ера Муса – Пайхамарна уллохь меттиг муха хир
яра – те боху дийцаран чулацам а бовзийтина, и дийцаре а дина, цу
т1ехь жам1 деш, т1еч1аг1дар; да – нана реза ца динарг – ялсамане г1ур
вац.
- «Ненера пурба» - дийцар.
III. Керла тема: Ворх1е да ларар а, царна хьалха долу жоьпалла а.
(81)
Х1ора – стаг шен дена, нана, вешина, йишина хьалха декхар хилла ца 1аш, шен ворх1е дена хьалха а декхар, церан сий лардан дезаш а ву. «Нагахь ахь хьайгара осала, оьзда доцу х1ума далийтахь, ахь хьайн ворх1е ден а ц1е йойу – бохуш кхиош хилла стаг. Стаг а, и веха зама а ша къаьстина яц, и стаг а, и зама а, ца хедош схьайог1у адамийн, хенан з1енан цхьа г1улч ю. Оцу халкъан хьекъало боху, стаг шен ворх1е дена хьалха декхар хилла ца 1аш, жоьпаллехь ву т1ейог1учу варх1 т1аьхьенна хьалха а, х1унда аьлла, тахана кхуьнгара даьлла вуонан, диканан дакъа цуьнан ворх1 т1аьхьенна а кхочу дела. Нагахь цуьнгара дика болх баьллехь, иза ворх1е а т1аьхьенна юьхьк1ам хилла. Нагахь цуьнгара цхьа юьхь1аьржо яьллехь, цунах д1акъаста а ворх1 т1аьхье хийцаяла езаш хилла. Оццул доккха жоьпалла шен белшаш т1ехь а долуш дуьненчу волу стаг ларлуш хилла вуочух, харцонах, нагахь шен кхиъна синкхетам белахь. Шена цхьа чолхе, хала киртиг т1ех1оьттича, стаг юханехьа хьожуш хилла, ишттачу хьолехь шен дайша я махкахь ц1е яхначу къонахаша х1ун дина. Цара динчуьнга хьожжий, некъ карош хилла цунна оцу чолхечу хьолера вала.
Дешнаш т1ехь болх:
Юьхьк1ам –
Осала х1ума –
Г1улч –
Жоьпалла –
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
- Х1ун декхар ду стеган шен ворх1е дена хьалха?
- Т1ейог1учу ворх1 т1аьхьенна хьалха х1ун жоьпалле ву стаг?
- Х1ун деш хилла стага шена цхьа чолхе киртиг т1ех1оьттича?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: дийцарш, кицанаш, аларш, тидамаш.
Аг1о 81-82
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.