9-г1а класс
1-ра урок
1. Нохчийн маттахь предложенин коьрта меже ю:
-: цхьаъ;
-: кхоъ;
+: шиъ;
-: йиъ.
2. Предложенин коьртаза меженаш ю:
+: кхачам, къастам, латтам;
-: юххедиллар, т1едерзар;
-: масдар, причасти, деепричастии;
-: нийса кхачам, лач кхачам, инфинитив.
3. Подлежащи:
-: предложенин коьртаза меже ю;
-: ц1ерниг дожарехь лаьтта предложенин коьрта меже ю;
-: мила? х1ун? бохучу хаттаршна жоп лун коьрта меже ю;
+: предложенехь шех лаьцна дуьйцу коьрта меже ю.
4. Сказуеми:
+: подлежащих лаьцна дуьйцуш йолу подлежащин дар я хилар гойту коьрта меже ю;
-: дар я хилар гойту коьрта меже ю;
-: подлежащин дар я хилар шена т1едоьрзу коьрта меже ю;
-: х1ун до? х1ун дира? бохучу хаттаршна жоп луш йолу коьрта меже ю.
5. Подлежащи хуьлу:
-: цхьанакепара;
+: шинакепара;
-: кхаакепара;
-: деакепара.
6. Грамматически подлежащи:
-: дийриг дожарехь долу подлежащи ду;
+: ц1ерниг дожарехь долу подлежащи ду
-: лург дожарехь долу подлежащи ду
-: меттигниг дожарехь долу подлежащи ду
7. Логически подлежащи:
-: мила? х1ун? хаттаршна жоп луш дерг ду
-: ц1ерниг дожарехь нислучург ду
+: дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь маь1ница нислуш дерг ду
-: лач дожаршна жоп луш дерг ду
2-г1а урок
1. Юьхьан предложении:
-: шена чохь подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцург ю;
+: шена чохь подлежащи а, сказуеми а дерг ю;
-: коьрта а, коьртаза а меженаш шена чохь ерг ю;
-: сказуеми бен, шена чохь коьрта меже йоцург ю.
2. Билгалза-юьхьан предложени:
-: шеца подлежащи доцуш, хила йиш йоцург ю;
-: коьртаза меженаш шена чохь йоцург ю;
+: шена чохь подлежащи а доцуш, сказуемино формица я маь1ница иза билгалдеш ерг ю;
-: юьхь билгал ца еш йолу предложени ю.
3. Юкъара-юьхьан предложени:
-: юьхь билгал ца еш йолу предложени ю;
-: дар кхочушдийриг мила ву къаьсташ доцу предложени ю;
-: шена чохь сказуеми Бен, коьрта меже йоцу предложени ю;
+: шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарлун предложени ю.
4. Юьхьза предложени:
+: подлежащи а доцуш, хила оьшуш а йоцу предложени ю;
-: шена чохь коьртаза меженаш хила йиш йоцу предложени ю;
-: шена чохь сказуеми хила йиш йоцу предложени ю;
-: подлежащи бен, кхин коьрта меже шена чохь йоцу предложени ю.
5. Ц1еран предложени:
-: х1уманан ц1е бен ца йоккху предложени ю;
+: шена чохь подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцу предложени ю;
-: шена чохь подлежащи доцу предложени ю;
-: шена чохь сказуеми доцу предложени ю.
3-г1а урок
1.Предложенин цхьанатайпанара меженаш олу:
+: цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш йолчу меженах;
-: муьлххачу а хаттарна жоп лучу предложенин меженах;
-: муьлххачу хаттарна жоп луш, масех дашах йозуш йолчу меженах;
-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп лучу предлженин меженах.
2. Цхьанатайпанара къастамаш шена чохь болу предложени ю:
-: Д1айижинчу юьртахь маь1-маь11ехь чиркхийн серлонаш гора.
-: Лаьмнашна т1е бижира гуьйренан шийла малх, 1индаг1аш дахделира.
-: Лекхачу ламанехьара схьаевлира дог1анна язъелла мархаш.
+: Арахь лаьтташ ткъевне, 1аьржа буьйса яра.
3. Цхьанатайпанара меженаш шена чохь йолу предложени ю:
-: Д1айижинчу юьртахь маь1-маь11ехь чиркхийн серлонаш гора.
-: Лаьмнашна т1е бижира гуьйренан шийла малх, 1индаг1аш дахделира.
-: Лекхачу ламанехьара схьаевлира дог1анна язъелла мархаш.
+: Хеда, Хьава, Селима хьехархойн институте деша яхара.
4. Муьлхачу предложенешкахь нийса билгалъяьхна коьрта меженаш:
-: Гурахь дитташ т1ера г1аш доьлху мажлой охьа.
+: Соьлжа – г1алара хьаша веанера тхоьга.
-: Асфальтан некъаш дехкина Веданан к1оштахь.
-: Ч1ог1а кор тохарца самаваьккхира к1анта да.
4-г1а урок
1. Чолхе предложени:
-: коьрта меженаш шена чохь ерг ю;
-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;
+: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;
-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.
2. Чолхе предложенеш хуьлу:
+: чолхе-цхьаьнакхетта, чолхе карара, хуттургаш йоцу чолхе;
-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, чолхе-цхьаьнакхетта;
-: чолхе яьржина а, яржаза а, ийна а;
-: шена чохь коьрта меженаш йоцуш.
3. Чолхечу предложенина чуйог1у цхьалхенаш вовшахъхоттало:
-: интонацица, дакъалгашца;
+: эшарца, хуттургашца, хуттурган дешнашца;
-: хаттаршца, хуттургашца;
-: хуттурган дешнашца, интонацица.
4. Чолхе предложени ю
-: Даккхий хилча а, шен бераш бераллера ца довлу.
+: Тоххарехь аьхкенан каникулаш юьйлаелла, амма Яха а, Хадишт а мукъа яц.
-: Екхна еана 1уьйре.
-: Ма хаза къегаш ду ламанца бецан тхи!
5-г1а урок
1. Чолхе-цхьанакхетта предложени-иза
-: коьрта меженаш шена чохь ерг ю;
-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;
+: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;
-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.
2. Чолхе – цхьаьнакхеттачу предложени юкъайог1у предложенеш вовшех къастайо:
+: запятойца;
-: шит1адам билларца;
-: тире йилларца;
-: хуттурган дешнашца.
3. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосу:
-: интонацица, хуттурган дешнашца;
-: маь1ница, интонацица;
+: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургашца;
-: дакъалгашца, интонацица.
4. Пунктуационни г1алат ду предложенехь:
-: Амма иза, шуна ма моьтту, осалчех вац.
-: Доцца аьлча, экзамен дика д1аелира ас.
+: Элбек ахь 1амийний нохчийн меттан урок?
-: Доцца аьлча а, кхетар ю со.
6-г1а урок
1. Чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкахь цхьалхенаш вовшахтосу:
-: интонацица, хуттурган дешнашца;
-: маь1ница, интонацица;
+: дозаран, дуьхьалара, къасторан хуттургашца;
-: дакъалгашца, интонацица.
2. Къасторан хуттург ю х1окху предложенехь
-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.
-: Сан нана бедарш тоьгуш ю.
+: Я хьо вола тхуна т1е, я тхо д1адог1у.
-: Дикачу стагана х1умма а кхоо эшац.
3. Дуьхьалара хуттург яц х1окху предложенехь
-: Нах охана дина бевлла, ткъа тхо х1инца а дуьйла ца делла.
-: Йо1 могуш юйла хиира цунна, делахь а сапарг1ат яцара нана.
-: Йочане денош лаьттара арахь, амма шийла-м яцара.
+: Амма цхьана а х1уманах хьо кхера оьшуш дац.
4. Дозаран хуттург ю х1окху предложенехь
-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.
+: Ас цуьнга ала а элира, цо соьга ла адуьйг1ира.
-: Я хьо вола тхуна т1е, я тхо д1адог1у.
-: Дикачу стагана х1умма а кхоо эшац.
7-г1а урок
1. Чолхе- карарчу предложенин коьрта ши билгало ю:
-: шиннал сов предложених лаьтташ хилар, интонаци хилар;
-: карара хуттург, дакъалг хилар;
-: хуттурган дешнаш, коьрта меженаш хилар;
+: карара хуттург я хуттурган дош хилар, сказуеми муьлххачу а цхьана саттамехь хилар.
2. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка:
+: кхачаман, къастаман, латтамийн;
-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна;
-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а;
-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман.
3. Т1етухучу предложенешца хуьлу х1ара хуттургаш:
-:амма, ткъа, бакъду;
+:х1унда аьлча, нагахь санна(нагахь), бохуш, аьлла;
-: я;
-: а.
4. Муьлхачу аларца реза хила мегар ду:
-: т1етуху предложени даима коьртачунна хьалха лаьтта;
+: т1етуху предложени даима коьртачух йозуш хуьлу;
-: хуттургаш а. хуттургийн дешнаш а предложенийн меженаш хуьлий лела;
-: коьртачу предложенехь юкъаметтигаллин дешнаш хуьлу: мила, х1ун, муьлха, маца, х1унда и кхин д1а а.
8-г1а урок
1. Чолхе-карара предложени-иза
-: цхьа предложени вукхунах йозушший, кхетошший ерг ю;
-: цхьалхечу предложенехь долчул алсам дешнаш дерг ю;
-: шина я масех цхьалхечу предложенех лаьтташ ерг ю;
-: маь1ница йозаеллачу предложенех лаьтташ ерг ю.
2. Чолхе-карарчу предложенехь коьртаниг ю:
+: т1етуху предложени шех йозуш а, цо кхетош а ерг;
-: цхьана я масех дашах лаьтташ ерг;
-: шена чохь коьрта меженаш бен йоцург;
-: шеца хуттургаш ерг.
3. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка:
+: кхачаман, къастаман, латтамийн;
-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна;
-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а;
-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман.
4. Д1акъастае коьртачу предложенех т1етухурш, х1итто еззачу сацаран хьаьркаш а х1иттош:
-: Х1ара х1ун зама ю цхьанне а ца хаьара.
-:Хьуна х1ун лаьа хаийтахьа тхоьга.
-:Цу белхан чаккхе муха хир ю хууш цхьа а вацара.
-:Цхьанна а ца хаьара шаьш муьлхачу юьрта кхаьчна.
9-г1а урок
1. Кхачаман т1етухучу предложенийн коьрта башхалла ю:
-: коьртачу предложенера ц1ердош цо билгалдеш хилар;
+: коьртачу предложени чохь долу дешнийн цхьаьнакхетар (хандош я хандешан форма) цо кхетош хилар;
-: муха? муьлха? бохучу хаттаршна цо жоп луш хилар;
-: коьртачу предложенехь дуьйцург цо кхетош хилар.
2.Тетуху предложенеш екъало:
+: кхаа тобане;
-: шина тобане;
-: еа тобане;
-: пхеа тобане.
3. Кхачаман т1етуху предложени хуьлу:
-: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;
+: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.
4. Кхачаман т1етуху предложени ю:
+: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.
-: Дас доцца жоп делира, йо1 шена луъучу деша йохуьйтур ю ша аьлла.
-: Суна хьехарш дора Хадишта.
-: Луьстачу хьуьна юккъехь самукъане дара.
10-г1а урок
1. Къастаман т1етухучу предложенийн коьрта башхалла ю:
-: коьртачу предложенера хандош цо кхетош хилар;
-: коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун кеп цо гойтуш хилар;
+: коьртачу предложенера ц1ердош я цуьнан маь1нехь долу кхин дош цо билгалдар;
-: коьртачу предложенехь дуьйцург цо ч1аг1деш хилар.
2. Къастаман т1етуху предложени хуьлу:
+: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.
3. Къастаман т1етуху предложени ю:
-: 1елина ца хаьара, ша т1еваьлла гу мел лекха бу.
-: Ахь сема ладог1а ас дечу къамеле.
+: Соьга дехарш дора цомгашчо, дарба дан молханаш да бохуш.
-: 1уьйранна хаза деана де т1аьхьо кхоьлира.
4. Т1етуху предложенеш екъало тобанашка
+: кхачаман, къастаман, латтамийн
-: цхьанах1оттаман, шинах1оттаман, ийна
-: хуттургаш йолу а, йоцу а, кхечуьнга йовлу а,ца йовлу а.
-:шинах1оттаман, цхьаьнакхетаран, къастаман
11-г1а урок
1. Латтамийн т1етухучу предложенийн кепаш ю:
-: меттиган, бараман, дуьхьалара, хенан, т1едожоран;
-: хаттаран, шеконан, ч1аг1даран, хьадаран, дийцаран;
-: юстаран, ч1аг1даран, бехкаман, хаттаран, хенана;
+: хенан, даран суьртан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман.
2. Кхачаман т1етуху предложени хуьлу:
-: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;
+: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.
3. Къастаман т1етуху предложени хуьлу:
+: муха? муьлха? х1ун? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: маца? мичахь? муха? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: хьенан? стенан? бохучу хаттаршна жоп луш;
-: ц1ерниг дожаран хаттарна жоп луш.
4. Латтаман т1етуху предложени ю:
-: Соьга дехарш дора цомгашчо, дарба дан молханаш да бохуш.
-: Ас цуьнга ала а элира, цо соьга ла адуьйг1ира.
-: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.
+: 1айшат кест-кеста юьрта йоьду, х1унда аьлча цигахь 1аш цуьнан гергара нах бу.
12-г1а урок
1. Даран суьртан т1етуху предложени-иза
-: коьртачу предложени чохь дуьйцург куьцехь вовшахтоьхна предложени ю;
-: коьртачу предложении чохь долчун сурт гойту предложени ю;
+: коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун сурт, кеп гойтуш йолу предложени ю;
коьртачу предложени чохь долчун дар гойтуш йолу предложени ю.
2. Даран суьртан т1етуху предложени коьртачух д1ахутту хуттургаша:
+:бохуш, аьлла;
-: х1унда, аьлча;
-: делахь, бакъду;
-: амма, ткъа.
3. Латтамийн т1етухучу предложенийн кепаш ю:
-: меттиган, бараман, дуьхьалара, хенан, т1едожоран;
-: хаттаран, шеконан, ч1аг1даран, хьадаран, дийцаран;
-: юстаран, ч1аг1даран, бехкаман, хаттаран, хенана;
+: хенан, даран суьртан, бахьанин, 1алашонан, бехкаман.
4. Даран суьтан т1етуху предложени ю:
-: Хезна суна, хьо тхо долчу хьошалг1а ван дагахь ву бохуш.
-: Дас доцца жоп делира, йо1 шена луъучу деша йохуьйтур ю ша аьлла.
-: Йо1а дуьхьало йина боху, г1ур яц ша цуьнга аьлла.
+: Зарган Шелахь а юьйцура, кхиамаш бохуш, г1араяьлла дика белхало ю бохуш.
13-г1а урок
1.Бахьанин т1етуху предложенино жоп ло хаттаршна:
-:муха? мича кепара? маца?
-:хьаьнга? хьаьнца? стенга?
+:х1унда? х1ун бахьана долуш? мича бахьанина?
-: маца? муьлха? стенна?
2.Бахьанин т1етуху предложенеш коьртачарах д1ахутту хуттургаша:
+:х1унда аьлча, бохуш, аьлла;
-х1етте а, аьлла, бакъду;
-а, я, делахь а;
-амма, х1етте а, цундела.
3.Бахьанин т1етуху предложени ю:
-:Ас дийцира, садовш лома жа1уй болчу со муха кхечира.
+:Мохьмад массарна а вевзара, дечу г1уллакхана каде ву бохуш.
-:Баймарзас, меллаша вахана, божалан не1 д1айиллира.
-:Нагахь санна аш иштта соьца г1иллакх лоцу-кх, шуьца г1иллакх лаца а хуур ду суна.
4.Кху педложенехь т1етухург коьртачунна юккъехь ю:
-:Хезна суна, Кавказ хазачу 1аламан мохк бу бохуш.
-:Т1аккха дийцира цо, и г1алат муха нисдан деза.
-:Ерриге а шен бедарш яшийна аьлла, дагадеара цунна.
+:Тхуна , хьоьга и болх балур бу аьлла, хета.
14-г1а урок
1.1алашонан т1етуху предложени олу коьртачу предложени чохь дуьйцуш долчун
-: сурт, кеп гойтучух;
-:бахьана гойтучух;
+:1алашо гойтучух;
-:меттиг гойтучух.
2.1алашонан т1етуху предложении коьртачух д1ахутту хуттургаша:
-:х1етте а, амма;
-:бакъду, делахь а;
-:х1унда аьлча, цундела;
+:бохуш, аьлла.
3.1алашонан т1етуху предложени ю:
-:Йоза ца хаьа аьлла, со школе д1а ца ийцира-кх деша.
+:Денна уьш болчу лестара нана, к1антах лаьцна хабар дац те бохуш.
-:Йочанан махо идо дарц санна, расхачу дино чехка вадийра и Адин Сурхо.
-:Дархочуьнга х1умма а ца элира лоьро, х1унда аьлча бакъдолчо цатам бан тарлора цунна.
4.Т1етуху предложенеш хуьлу:
-:цхьалхе, чолхе, х1оттаман;
-:дийцаран, айдаран, хаттаран;
+:кхачаман, къастаман, латтаман;
-:юьхьан, юьззина, ц1еран.
15 –г1а урок
1.Бехкаман т1етуху предложени коьртачух д1ахутту хуттургаша:
-:х1етте а, амма;
+:нагахь, нагахь санна;
-:х1унда аьлча, цундела;
-:бохуш, делахь а.
2.Чолхе предложенеш хуьлу:
+:чолхе-карара, чолхе хуттургаш йоцуш, чолхе-цхьаьнакхетта;
-:юьхьан, юьззина, ц1еран;
-:т1етуху, коьрта;
-:дийцаран, хаттаран, айдаран.
3.Бехкаман т1етуху предложени ю:
-:Массо а садолчу х1уманна ирс, доккхадер дохьуш йог1у б1аьсте.
-:1аламо цхьацуьрг къайла ца доккхуш, озабезамаш ца беш, комаьрша схьакхийдадо шеен токхе рицкъа.
+:Нагахь ахьа аьлларг ца до-кх, со хьуна оьг1азг1ур ву.
-:Хазаниг хаза дац, хазделларг хаза ду.
16-г1 урок
1. Хуттургаш йоцу чолхе предложени олу:
-:цхьалхе предложених;
+:хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених;
-:шинах1оттаман яьржинчу предложених;
-:билгалза-юьхьан предложених.
2.Хуттургаш йоцу чолхе предложени ю:
-:Аьхка Баба йолучу юьрта сада1а яхийтира со нанас.
+:Юьрта тхо д1акхочуш серлаяла йолаелира, къаста дуьйладелира дитташ а, ц1енош а.
-:Мохьмад массарна а вевзара, дечу г1уллакхана каде ву бохуш.
-:Арахь ловзучу берийн г1овг1анаш яра хезаш.
3.Суна моьттура 1уьйрре уьш новкъабевлла. Х1окху хуттургаш йоцчу чолхечу предложенера цхьалхе предложени
-:бехкаман маь1нехь ю;
-:бахьанин маь1нехь ю;
+:кхачаман маь1нехь ю;
-:къастаман маь1нехь ю.
4.Чолхе предложенеш хуьлу:
-:дийцаран, хаттаран, айдаран;
-:яьржина, яржаза, шинах1оттаман;
-:бехкаман, бахьанин, 1алашонан;
+:чолхе- цхьаьнакхетта, чолхе- карара, хуттургаш йоцу.
17-г1а урок
1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маь1на
-:цхьана тайпана хуьлу;
-:къастаман, латтаман хуьлу;
+:тайп-тайпана хуьлу;
-:къастаман хуьлу.
2.Хуттургаш йоцу чолхе предложени олу:
-:цхьаьнах1оттаман предложених;
+:хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а доцуш, еккъа цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачу чолхечу предложених;
-:яьржинчу предложених;
-:билгала-юьхьан предложених.
3.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь цхьалхечу предложенешна юккъе запятойца т1адам х1оттабо
+:уьш вовшех к1езиг йозуш а, ч1ог1а яьржина а ,кхачаме маь1на долуш а елахь;
-:церан вовшашца уьйр елахь;
-:уьш яьржина елахь;
-:уьш яржаза елахь.
4.Т1етуху предложенеш хуьлу:
-:цхьалхе, чолхе, х1оттаман;
-:дийцаран, айдаран, хаттаран;
+:кхачаман, къастаман, латтаман;
-:юьхьан, юьззина, ц1еран.
18-г1а урок
1.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхечу предложенийн маь1на
-:цхьана тайпана хуьлу;
-:къастаман, латтаман хуьлу;
+:тайп-тайпана хуьлу;
-:къастаман хуьлу.
2.Сихлой хьо – дерриг а дицлур ду хьуна. Х1окху чолхечу предложенина чуйог1у цхьалхениг
-:хенан маь1нехь ю;
-:нийсачу кхачаман маь1нехь ю;
+:бехкаман маь1нехь ю;
-:1алашонан маь1нехь ю.
3.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхе предложенеш хенан, бехкаман, дуьхьлара, т1аьхьалонан маь1нийн елахь, царна юккъе
-:шит1адам буьллу;
-:запятой юьллу;
+:тире юьллу;
-:запятойца т1адам буьллу.
4.Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешкара цхьалхе предложенеш дукха яьржина а яцахь, церан вовшашца ч1ог1а уьйр елахь , царна юккъе
-:тире юьллу;
+:запятой юьллу;
-:запятойца т1адам буьллу;
-:шит1адам буьллу;
19-г1а урок
1.Ма-дарра къамел олу:
-:шина стага дечу къамелах;
-:хийцинчу формехь далочу къамелах;
+:хийца а ца хуьйцуш, далочу нехан къамелах;
-:барта дечу къамелах.
2.Лач къамел олу:
-:барта дечу къамелах.
+:хийцинчу формехь далочу нехан къамелах;
-:хийца а ца хуьйцуш, далочу нехан къамелах;
-:шина стага дечу къамелах;
3.Авторан дешнаш юьххьехь хилахь, царна т1ехьа, ма-дарра къамелана хьалха
-:тире юьллу;
-:запятой юьллу;
-:запятой, тире юьллу;
+:шит1адам буьллу.
4.Авторан дешнаш ма-дарра къамелана юккъехь нислахь, иза шина а аг1ор
-:кавычкашца къастадо;
+:запятойшций, тирешций къастадо;
-:тирешца къастадо;
-:шит1адамца къастадо.
20-г1а урок
1.Ма-дарра къамел лач къамеле дерзош, шайн яххьаш хуьйцу:
+:яххьийн а, дерзоран а, доладерзоран а ц1ерметдешнаша;
-:гайтаран ц1ерметдешнаша;
-:къастаман ц1ерметдешнаша;
-: къастамза ц1ерметдешнаша.
2.Цитата олу:
-:чолхечу предложенехь т1етухучу предложених;
+:тайп-тайпанчу авторийн сочиненешна т1ера ма-дарра далочу дакъойх;
-:барта дечу къамелах.
-:хийцинчу формехь далочу нехан къамелах;
3. Ма-дарра къамел-иза
-: хийцинчу формехь далош долу нехан къамел ду;
-: цитаташ юкъа а ялош, ден къамел ду;
+: хийццане а ца хуьйцуш, ма-дарра далош долу къамел ду;
-: лач дешнаш шайца долу къамел ду.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.