Урок чеченского языка на тему "Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар" 5 класс
Оценка 4.8

Урок чеченского языка на тему "Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар" 5 класс

Оценка 4.8
docx
21.04.2021
Урок чеченского языка на тему "Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар" 5 класс
Ц1ердош карл..docx

Муниципальное бюджетное  общеобразовательное учреждение «СОШ № 9»

 

 

Йиллина урок

Урокан ц1е:

Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар.

5 класс

 

 

 

Хьехархо:Тахаева Т.З.


Нохчийн мотт-5 класс

Урокан  ц1е: «Ц1ердош карладаккхар».

1алашо: Ц1ердешнийн грамматически билгалонех лаьцна болу хаамаш карлабахар.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: бершна ц1ердешнийн маь1нах кхета,хаттарш довза. Берашна хуур ду предложенехь ц1ердешнаш билгалдаха. Ц1ердешнийн грамматически билгалонаш толлур ю бераша.

2. Метапредметни:

·        Регулятивни: берашна 1емар ду шайн корматалле хьаьжжина цхьаъ ша, тобанашкахь а болх бан. Берашна хуур ду шайн балха т1ехь рог1алла билгалъяккха,дешар кхиамаш дика хир болчу кепара д1дахьа. Вовшашна юккъехь шайн болх д1асабекъа 1емар ду , шеен-шен белхах жоп дала 1емар ду.

·       Коммуникативни: берашна хуур ду шаьш кхетта долу х1ума шайн накъосташна д1адийца  , уьш кхето. Шаьш ца кхеттачух лаьцна хьехархочуьнга хатта.

·      Познавательни: берашна хуур ду ц1ердешнашна хаттарш х1итто, уьш йозанехь билгалдаха. 1емар ду шайн гайтамашца ц1ердешнийн классаш йовза. Хуур ду дешнаш шина а терахьехь талла , чаккхенаш билгалъяха. Ц1ердешнийн дожарш а девзар ду дешархошна.

3. Личностни: берийн тидам  нохчийн метан хаззала ган, цуьнан к1оргалле кхача. Берийн лаам хир бу дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина ,Даймехкан дуьхьа къахьега.

                               Урок  д1аяхьар.

I.                   Ойла т1еерзор (мотивации)

Хьехархочун хьалхара дош.

Де дика хуьлда шун! Шун б1аьра  ма-хьаьжжинехь, шун лепа б1аьргаш гича, керла хаарш довза , керлачу серлоне кхача даьхкина аьлла, хетта суна, шу тахана уроке.

 Слайд 1.    

       Урок-иза малх бу, вайна серло луш болу. Тахана вайна массарна а хазахетар лур ду цо аьлла, тешна ю со.Амма малх цкъацкъа мархаша къайлабоккху. Мархаш-шун кхерам бу, шун халонаш ю, уьш тахана урокехь шуна дуьхьала 1иттаяла тарло. Ткъа вай уьш эшо, царна т1ехь толам баккха  хьовса деза. Цу т1ехь вайна стен г1о дийр ду аьлла, хетта шуна?

      Суна ч1ог1а лаьа, урок чекхйолуш, шун и массо кхерам д1а а баьлла, сатийсам кхочушхуьлийла. Мархаша вайн малх къайла ца боккхийла а.

       Ткъа шуьгара сунна дезарг: тидаме хилар, жигаралла, тайна бертахь болх бар, беркате цхьаьна къахьегар.

 

II.                Актуализаци яр(Карладаккхар)

1.Ц1ера болх таллар

Ш.294  таллар(схьалаха текст  юкъара ц1ердешнаш).

    1.Тобанашкахь болх.

Класс шина тобане йоькъу, царна ц1ерш тохку: Барт, Иман

Шина тобанна  х1етал-метал даладо:

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Х1уманаш ,адам билгалдо,

Мила? Х1ун ю? хаттарш до.

Ойлаей хьо дийций вала,

Кхъамелан вай муьлх  дахка

Ду со ,чехка алий вала ?

Муьлха къамелан дакъа ду и? (Ц1ердош).

-Ц1ердешан х1ун билгалонаш ю цу байт т1ехь ялийнарш? (Х1уманаш, адам билгалдо, мила? х1ун? хаттарш ду).

 -Х1ун 1амор ю вай тахана?

Дагадаийтий вай ваьшна цу къамелан декъах хууш дерг.

Х1ора зезаган патар чу ц1ердешан шайна евзаш йолу морфологически билгало  д1а язъе.

Слайд. Кластер х1оттор.

 

4. Керла тема хьехар.

Т1едиллар: Ц1ердешнаш схьалаха, билгалдаккха терахь

·        Хезий шуна: чов хилча, диттан аз

·        Вайн берийн делхарх тера дека,

·        Хи долу кевстигах а, хилча вас,

·        И, беран б1аьрхи санна, лепа.

 

·           Ма летадейша цагечлун къинош.

·        Ма хилийша дитташца хьере:

·          Дитташца дехаш ду, ма боху, синош

·        Хеназа деллачу берийн

 

Ø 1 тоба .Дукхаллин терахье даха х1ара ц1ердешнаш, орамийн тидам бе.

дош -                                                    нана –

болх –                                                  б1аьсте -

лам –                                                    коч -

не1 -                                                     седа –

 

Ø 2 тоба   -предложенеш х1иттае (3 предл.)

Ловзар «Диъ тускар» Хасстоьмаш,стоьмаш т1орказ чу д1анисбе  легарехь. Дешнаш тускаршна.  картол,наьрс,хорсам,ж1онк,копаста,кхоьш,бурак,хох,бурч,1аж,хьач,кхор,балл,хьайба.б1ар,шаптал,г1абакх,туьрк.

Совнаха дош караде:

1 тоба

1)Дохк ,х1аваъ, деша,хьекъал

2)шахьар, стогалла, ц1ерпошт,лаха

2 тоба:

}  1)сихалла,ала, даар,хьехар; 2)сингаттам,х1ордахо.дийца,кхетам;

Уьн т1е д1аяздо.

5. Сада1аран миноташ.

Олхазарш

Диттийн гаьннаш лестадеш,

Ловзуш лела олхазарш - Ц1ир-ц1ир-ц1ир! (Ч1ог1а)(Олхазарша санна, куьйгаша лестош,бераш уьду, хьехархочунна т1аьхьа байташ а олуш)

Дийнахь сарралц уьш дийки,

Голашт1е охьаховшу, куьйгаш беснеш к1ел а дохкуш, наб кхета.)

Бераш дийша ца дити:- Ц1ир-ц1ир-ц1ир. (Чог1а)

Буьйса юьйли уьш д1атий,

Массарна а набкхийти: -Ц1ир-ц1ир-ц1ир! (Халла хезаш).

 

           Чекхдаха кицанаш
Т1адамийн метта чаккхенаш а язъеш ,хьаладуза кицанаш,дожарш билгалдаха.

 

}  Сер..  ца бина  х1оз,г1ожах балур бац.

}  Ц1ар.. бегаш ма бе, хи.  ма теша

}  Дикачу пхьид.  шен 1ам хестабо.

}  Сихал.. –сонталла, собар-кхетам.

}  Доттаг1 коьрте хьожу , мостаг1 когаш.. хьожу.

}  Шен нен..сий лардечо –Даймехк.. сий а лардийр ду.

Къамел кхиор.(Синквейн х1оттор).

}  1 тоба                                                                         2 тоба

           Дош                                                                           Даймохк

}  Хаза,оьзда,к1оршаме                                    Мерза,хьоме,беза

}  Велаво,велхаво                                               

}  Меттан 1илманан дакъа ду

}  Ц1ердош                   

Шун х1ораннан а шайн-шайн стих-ни кхоллаелла. Иштачу стих-х «синквейн» олу. Дуьххьара иштта стих-ни  язйинарш французаш бу, цунах цара синквейн олу.

7. Жам1 дар.

8.  Рефлекси яр.

      Урок д1айолалуш  вай дийцира шун кхерамах а, халонех а лаьцна. Уьн т1ехь д1алатийна малх бу. Нагахь шайн кхерам биснехь, х1ора тобанера цхьаццамма  цу малхана т1е марха  латайо, ткъа  шаьш халонаш эшийнехь, шайн кхерам д1абаьллехь, вайн малх серлабоккху аш шайн стоьлаш т1ера з1аьнаршца. Тахана а, массо дийнахь а лепийла шуна вайн дашо малх!                      Дела реза хуьлда шуна! 

9.Дешархоша шаьш шайн мах хадор.

·        Ц1ахь бан болх балар. «Аьхке» жима дийцар язде.

·        Бакъонаш карлаяха.

 


 

Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение «СОШ № 9»

Муниципальное бюджетное общеобразовательное учреждение «СОШ № 9»

Нохчийн мотт-5 класс Урокан ц1е: «Ц1ердош карладаккхар»

Нохчийн мотт-5 класс Урокан ц1е: «Ц1ердош карладаккхар»

Мархаш-шун кхерам бу, шун халонаш ю, уьш тахана урокехь шуна дуьхьала 1иттаяла тарло

Мархаш-шун кхерам бу, шун халонаш ю, уьш тахана урокехь шуна дуьхьала 1иттаяла тарло

Вайн берийн делхарх тера дека, ·

Вайн берийн делхарх тера дека, ·

Дийнахь сарралц уьш дийки ,

Дийнахь сарралц уьш дийки ,

Урок чеченского языка на тему "Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар" 5 класс

Урок чеченского языка на тему "Ц1ердош карладаккхар,т1еч1аг1дар" 5 класс
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.04.2021